15. АЛЬ-ХЬИДЖР

1.

Алиф-лам-ра. Уьш жайнан а‚ билгалчу КъурIанан а аяташ ду.

2.

Цатешнарш хила мега шаьш бусулбанаш хила лууш.

3.

Бита уьш /хIума/ яа а‚ зовкх хьега а, /дахаре/ догдахаро юкъахбоху уьш /иманах/‚
тIаьхьа хуур ду царна.

4.

Цхьа а юрт хIаллак ца йина Оха цуьнан /хIаллак ян/ хьалха тоьхна билгала хан
йолуш бен.

5.

Цхьа а уммат шена /тоьхначу/ хенал хьалха дер ма дац‚ тIаьхьа дуьсур а ма дац.

6.

Цара элира: “ХIай, хьайга кхерам тасар доссош хилларг! Хьо жинийх ву!

7.

Маликаш хIунда ца даладо ахьа тхуна‚ хьуо бакълуьйчарех хиллехь?”

8.

Маликаш ца доссадо Оха бакъдолчуьнца бен‚ тIаккха уьш /Iазапах/ тIехьатеттинарш
хир бацара.

9.

Оха боссийна и хьехам (КъурIан). Оха и Iалашбийр а бу.

10.

Хьол хьалха а бахийтина Оха хьалхалерачийн тобанашкахь /элчанаш/.

11.

Цхьа а элча ца веъна цаьрга,  уьш иза сийсазвеш хуьлуш бен.

12.

Иштта дуьллу Оха къинош дечийн дегнашка /иза/.

13.

Цунах ца теша уьш. Иштта дIадахна хьалхалерачийн Iадат а.

14.

Оха царна стиглара неI еллехьара‚ уьш буьсуш цу чухула хьала бовлуш,

15.

Цара эр ма дара: “Тхан бIаьрса дахийна‚ тхо шайна бозбуанчалла дина нах ду”.

16.

Стиглахь гIаланаш йина Оха, уьш хазйина Оха хьоьжучарна.

17.

Массо тIулгашца эккхош долчу шайтIанах и лар а йина Оха.

18.

Ша къайлах ладугIуш доцучух – цуьнан тIехьа болу билгала болу седа.

19.

Латта а даржийна Оха‚ цу чу лаьмнаш а кхиссина‚ цу чохь далийтина Оха хIора
барам болчу хIуманах.

20.

Оха цу чохь бахам хилийтина шуна а‚ аша шайна рицкъа луш ца хиллачарна а
/аккхарой, олхазарш,../.

21.

Цхьа а хIума яц Тхан гергахь шен хазна йоцуш‚ Оха и охьайоуьйту хууш болчу
барамца.

22.

Оха дахийтина беркате мехаш‚ стиглара хи доссийна Оха – и малийна Оха шуна – шу
дац и /дIадиллина/ латтош.

23.

Баккъалла а, Оха дендолуьйту‚ Оха долуьйту‚ Тхо ду верасаш.

24.

Шух хьалхабевлларш а хиъна Тхуна, тIаьхьа буьсурш а хиъна.

25.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ву-кх уьш гулбийр болуш.  Баккъалла а, Иза
хьукаме верг а‚ хууш верг а ву.

26.

Оха адам кхоьллира бекъачу, ша нисбина хиллачу поппарх.

27.

Жинаш кхоьллира Оха хьалха тов хьийзочу цIарах.

28.

Хьан Кхиош-кхобучо маликашка аьллера: “Со воллу адам кхолла бекъачу, ша нисбина
хиллачу поппарх.

29.

Аса и нисдича‚ Сан сих цу чу са диллича – шу цунна суждане дегалаш”.

30.

Маликаша массара сужд дира.

31.

Иблис доцург – и дуьхьалделира сужд дечаьрца хила.

32.

Цо (Дала) элира: “Хьуна хIун ду сужд дечаьрца ца хила?”

33.

Цо (иблисо) элира: “Со хир дац сужд деш адамна‚ Ахьа ша кхоьллина долчу бекъачу,
ша нисбина хиллачу поппарх”.

34.

Цо (Дала) элира: “Арадала цу чуьра! Хьо тIулгаш бетташ эккхориг ду.

35.

Хьуна тIехь неIалт ду бекхаман де кхаччалц”.

36.

Цо (иблисо) элира: “Сан Кхиош-кхобург‚ тIаьхьататта со уьш юха денбийр болчу
дийне”.

37.

Цо (Дала) элира: “Баккъалла а, хьо тIаьхьатеттинчарех ду.

38.

Хууш йолчу хенан де тIекхаччалц”.

39.

Цо элира: “Сан Кхиош-кхобург‚ Ахьа со тилорна‚ аса хаздийр ма ду царна лаьттахь‚
аса тилор ма бу уьш берриге а

40.

Царех Хьан сов цIена леш боцурш”.

41.

Цо (Дала) элира: “ХIара бу Суна тIе некъ‚ша нийса болу.

42.

Сан леш – царна тIехь бакъо яц хьан, тилабеллачарех хьайна тIаьхьахIиттинчарна
тIехь бен.

43.

Баккъалла а, жоьжахати ю-кх царна массарна ваIда йина йолу меттиг.

44.

Цуьнан ворхI неI ю‚ хIора неIарна царех декъна дакъа ду /къинош динарш чу баха/.

45.

Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш – бошмашкахь а‚ шовданашкахь а хир бу”.

46.

“Чу гIо царна саламца‚ кхерам боцуш!”

47.

Церан дегнашкахь йолу гIело дIаяьккхира Оха‚ вежарий хилла‚ маьнганашна тIехь
вовшийн дуьхь-дуьхьал бирзина /хир бу уьш/.

48.

Уьш схьалоцур бац цу чохь халоно‚ уьш цу чуьра арабохур бац.

49.

Дийца сан лешка: “Баккъалла а, Со гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

50.

Сан Iазап – иза лазош долу Iазап ду”.

51.

Дийца царна ИбрахIиман хьешах:

52.

И волчу баьхкира уьш‚ элира: “Маршалла”. Цо /ИбрахIима/ элира: “Баккъалла а, тхо
шух кхоьруш ду”.

53.

Цара элира: “Ма кхера. Оха хьуна кхаъ боккху хьекъалечу кIантаца”.

54.

Цо элира: “Аша суна кхаъ баьккхина, со къаналло схьалаьцча? Стенца кхаъ боккху
аша?”

55.

Цара элира: “Бакъдолчуьнца кхаъ баьккхина Оха хьуна‚ догдиллинчарех ма
хилалахь”.

56.

Цо элира: “Шен Кхиош-кхобучун къинхетамах дог дуьллур ма дац тилабеллачара бен”

57.

Элира (ИбрахIима): “ХIун ду шун гIуллакх‚ хIай дахкийтинарш?”

58.

Цара элира: “Тхо дахкийтина къинош дечу нахана тIе.

59.

ЛутIан доьзал боцург – уьш берриге Оха хьалхабохур болуш бу.

60.

Цхьа цуьнан зуда йоцург. Оха кхиэл йина: и бухаюьсучарех ю”.

61.

И бахкийтинарш ЛутIан доьзална тIе баьхкича,

62.

Цо (ЛутIас) элира: “Шу ца девза нах ду-кх”.

63.

Цара элира: “ХIаъ‚ тхо хьо волчу даьхкина, уьш шеца шеко еш хиллачуьнца”.

64.

Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца – баккъалла а, тхо бакъдерш ма ду.

65.

ДIагIуо хьайн доьзалца буьйсанан цхьана декъехь‚ церан тIехьахула
гIуо‚ цхьа а юха ма хьоьжийла шух‚ шайга омра динчу дIагIуо”.

66.

И гIуллакх цунна довзийтира Оха: хIокхеран тIаьхье хадор йолуш ю Iуьйранга
бовларца.

67.

ГIалин нах баьхкира баккхийбеш.

68.

Цо (ЛутIас) элира: “ХIорш сан хьеший бу‚ со сийсаз ма велаш.

69.

Делах кхералаш‚ со юьхьIаьржа ма хIоттавелаш”.

70.

Цара элира: “Оха ца сацавира хьо массо Iаламах”.

71.

Цо элира: “Кхузахь сан мехкарий бу‚ шу /боьханиг/ ца деш ца Iахь”.

72.

Хьан дахарора /хIай пайхамар/‚ баккъалла а, уьш шайн бахарчохь дIа-схьа уьдуш
бу.

73.

Малх кхеташ цIогIано схьалийцира уьш.

74.

Цуьнан лакхенах лохе хилийтира Оха‚ царна тIе бекъачу поппаран тIулгаш
делхийтира Оха.

75.

Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду, ойла еш хьоьжучарна.

76.

Баккъалла а, и ма ю бисинчу новкъахь.

77.

Баккъалла а, цу чохь делил ма ду муъма нахана.

78.

Айкатан дай ма хилира зуламхой.

79.

Цаьргара бекхам ийцира Оха‚ баккъалла а, и шиъ билгалчу меттигехь ма ю.

80.

Хьижран дайша а харц ма бира элчанаш.

81.

Оха Тхан аяташ делира цаьрга‚ уьш царех дIабоьрзуш хилира.

82.

Уьш хилла, кхерам а боцуш, лаьмнех цIенош тоьстуш.

83.

Маьхьаро схьалецира уьш Iуьйренга бовлуш.

84.

Цара карош хиллачо уьш хьалха ца бехира.

85.

Оха ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ царна юккъехь дерг а бакъдолчуьнца бен.
Сахьт догIур долуш ду‚ хазачу агIор дIаверза хьо.

86.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ву хууш волу тIеттIа кхоллархо.

87.

Оха делира хьоьга юх-юха олучарех ворхI /аят/ а‚ деза долу КъурIан а.

88.

Хьайн бIаьргаш ма кховдабе Оха царех шайна шеца бахам беллачу марошка-зударшка‚
царна тIаьхьа сагат а ма де‚ хьан тIам тоха муъма нахана.

89.

Ахьа ала: “Баккъалла а, со билггала волу кхерамча ву”.

90.

Оха /Iазап/ доссоре терра /дин/ доькъучарна.

91.

Ишттанаш бу уьш шаьш Дешарх (КъурIанах) дакъош дина болу.

92.

Хьан Кхиош-кхобучу Делора, Оха хаттанне а хоттур ма ду цаьрга массаьрга а.

93.

Цара деш хиллачух.

94.

Гучохь дIакхайкха хьайга омра диначуьнца‚ /Делаца/ накъост лоцучарех дIаверза.

95.

Баккъалла а, Оха паргIатваьккхира хьо цабешачарех‚

96.

Шаьш Делаца кхин дела хуьлуьйтуш болчу. ТIаьхьа хуур ду царна.

97.

Тхо хууш ду хьо дог гатлуш хилар цара дуьйцучуьнца.

98.

Тасбахь де хьан Кхиош-кхобучунна хастамца‚ сужд дечарех хила.

99.

Хьан Кхиош-кхобучунна Iибадат де хьайга бакъдерг даллалц (хьо валлалц).