14. ИБРАХIИМ

1.

Алиф-лам-ра. Жайна ду /хIара/‚ Оха ша хьоьга доссийна долу, хьоьга нах бодашкара
серлонга арабахийтархьама – шайн Кхиош-кхобучун пурбанца ша веза волчуьнан‚ ша
хастаме волчуьнан некъа тIе‚

2.

Делан /новкъа/‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шена долчу. Бала бу-кх
цатешачарна чIогIачу Iазапах.

3.

Ишттаниш бу уьш шайна дуьненан дахар эхартал сов дезаш‚ Делан некъах /нах/
дIатоьттуш, и гамбан гIерташ, – уьш генарчу тиларчохь ма бу.

4.

Оха ца ваийтина цхьа а элча цуьнан нехан маттахь бен цуьнга царна
билгалдаккхийтархьама. Шена луург тилавала вуьту Дала‚ Шена луург нийсачу новкъа
вуьллу. И веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

5.

Оха Муса вахийтира Тхан аяташца: “Арадаккха хьан къам бодашкара серлонга‚
дагадаийта царна Делан /ниIмат шайн дукхахилла/ денош”‚- аьлла. Баккъалла а, цу
чохь делилаш ду хIор собаре волчунна а‚ баркалла олуш волчунна а.

6.

Мусас аьллера шен къоме: “Аша дагадаийта шайна хилла Делан ниIмат! Цо
кIелхьарадехира шу ФирIавнан доьзалах‚ боьха Iазап шуна тIехь хIоттош болчу‚ шун
кIентий бойуш‚ шун зударий дийна буьтуш. Цу чохь шун Кхиош-кхобучуьнгара доккха
зер ду шуна”.

7.

Шун Кхиош-кхобучо дIакхайкхира: “Шу баркалле хилча‚ Аса совдохур ду шу
/ниIматашкахь/‚ аша керстаналла дича Сан Iазап чIогIа ду!”

8.

Мусас элира: “Керстаналла дахь аша а‚  массо лаьттахь мел волчо а, – баккъалла
а, и Дела хьал долуш а ву (хIумма оьшуш вац)‚ хастаме а ву”.

9.

Шуьга ца кхаьчна шул хьалха хиллачеран – Нухьан къоман‚ Iадийн‚ Самудийн а
хабар‚ царел тIаьхьа хиллачеран а /хабар/? Далла а бен ца хаьа уьш. Цаьрга
баьхкира шайн элчанаш билгалонашца – шайн куьйгаш шайн багенашка дохуьйтура
цара‚ элира: “Оха керстаналла дина шу шеца даийтинчунна‚ тхо чIогIачу шеконехь
ду аша тхо шена тIекхойкхучух”.

10.

Церан элчанаша элира: “Ткъа Делехь шеко ю‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу? Цо
кхойкху шу шун къинош Ша гечдаре‚ тоьхначу ханна шу тIехьататтаре”. Цара элира:
“Шу ма дац тхо санна адамаш бен‚ шуна лаьа тхо дIататта тхан дай шена Iибадат
деш хиллачух‚ даладе тхуна билгала делил”.

11.

Церан элчанаш цаьрга элира: “Тхо-м шу санна адамаш дара‚ делахь а Дала Шен лех
Шена луучунна ниIмат ло. Шуна цхьа а делил даладойла ца хилла тхан Делан
пурбанца а бен‚ Далла тIетевжийла муъма нах.

12.

Тхо хIунда ца тевжа Далла тIе – Цо тхо нис ма дина тхан некъашна тIе‚ оха
собардийр ма ду аша тхуна йинчу халонашкахь‚ шаьш тевжаш берш Далла
тIетевжийла!”

13.

Цатешачара элира шайн элчанашка: “Оха арадохур ду шу тхан лаьттара /махкара/ я
шу тхан дине доьрзур ду”. Церга церан Кхиош-кхобучо вехьица хаийтира: “Банне а
хIаллакбийр бу Оха зуламхой‚

14.

Оха шу даха ховшор ду лаьттахь царел тIаьхьа‚ иза ду Суна хьалха ша хIоттарх
кхоьруш волчунна‚ Сан таIзарх кхоьруш волчунна”.

15.

Цара толам бийхира – ийшира массо вухахьара Iазапхо.

16.

Цуьнан тIехьахула жоьжахати ю‚ ноткъан хих малор ду цунна.

17.

Цо къурд бийр бу оцунах‚ герга вац и худа – массо меттигера цунна тIе валар
догIу‚ и лан ца ло‚ цуьнан тIехьахула луьра Iазап ду.

18.

Шайн Кхиош-кхобучух цатешначеран масал ду: церан Iамалш чимах тера ю, буьрсачу
дийнахь шеца мох чIагIбелла болчу. Шаьш тардинчу хIуманна тIехь ницкъ болуш бац
уьш. Иза ду-кх генара тилар!

19.

Хьуна ца гина Дала стигланаш а‚ латта а кхоьллина хилар хьакъ-бакъ? Шена лаахь
Цо шу дIа а дахийтина, керла халкъ далор ду.

20.

И Далла дезза (хала хIума) дац.

21.

Далла гучабовлур бу берриге /къематдийнахь/. Ледара хиллачара эр кура
хиллачаьрга: “Тхо хилира /дуьненахь/ шуна тIаьхьахIуттуш. Шуна яккхалой тхуна
тIера Делан Iазапах хIумма а?” Цара эр: “Дала тхо нисдинехьара – оха шу а
нисдина хир дара. Тхуна цхьатерра ду тхо синтем байна хьийзича а‚ я тхо собар
деш Iийча а – тхуна кIелхьарадовлар дац”.

22.

ШайтIано эр ду /къематдийнахь/ гIуллакх кхочуш хилча: “Баккъалла а, Дала йинера
шуьца бакъ ваIда‚ аса а ваIда йинера шуьца – аса тешнабехк бина шуна. Шуна тIехь
цхьа а хьаькамалла ма дацара сан, аса шуьга кхайкхар бен – аша суна жоп делира.
Суна бехкаш ма баха – шайна бехкаш баха. Сан шуна дан гIо а дац‚ шун суна дан
гIо а дац. Аса керстаналла дина аша со хьалха накъост лаьцна хиларна”. Баккъалла
а, зуламхошна лазош долу Iазап ду.

23.

Тешаш хилларш а‚ дика Iамалш йинарш а чубоьхкина хир бу /ялсаманин/ бошмашка‚
шайн бухахула татолаш лелаш йолчу‚ шаьш гуттар цу чохь лаьтташ шайн Делан
пурбанца. Церан маршалла цу чохь “Салам” ду.

24.

Хьуна ца гина‚ муха масал далийна Дала хазачу дашах – и хазачу диттах тера ду:
цуьнан орам чIогIа бу‚ цуьнан га стиглахь ду.

25.

Шен даар ло цо массо хенахь шен Кхиош-кхобучун пурбанца. Дала масалш даладо
нахана – цара ойла йийр яцара-те!

26.

Боьхачу дешан масал – боьхачу диттах тера ду‚ ша схьадаьккхина долчу /орамашца/
лаьтта тIера – чIагIо яц цуьнан.

27.

Дала чIагIбо иман диллинарш чIогIачу дашца дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Дала
тилабала буьту зуламхой. Дала Шена луъург до.

28.

Хьуна ца гина шаьш Делан ниIмат керстаналлах хийцинарш‚ шайн халкъ
хIаллакьхиллачу цIа чу охьа ма биссий цара

29.

Жоьжахатин чу – цу чохь бегар бу уьш. Ма вон чIагIо ю-кх!

30.

Далла накъостий хилийтира цара – Цуьнан новкъах /нах/ тилорхьама. Ахьа ала:
“Зовкх хьега шайна – шун дIадахар цIерга ду”.

31.

Ахьа ала Сан иман диллинчу лешка: ламаз хIоттадойла цара‚ Оха шайна деллачу
рицкъанх харж йойла /Делан новкъах/ къайлах а‚ гуш а шена чохь йохка-эцар а‚
доттагIалла а доцу /къемат/ де дале хьалха.

32.

Дела ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а. Цо доссийна стиглара хи‚ цуьнца
стоьмех шуна рицкъа даьккхина Цо. Шуна муьтIахь дина Цо кема, и лелархьама
хIорда чохь Цуьнан омрица‚ шуна муьтIахь дина Цо хиш.

33.

Цо муьтIахь бина шуна малх а‚ бутт а‚ – и шиъ ца соццуш болх беш болуш. Цо
муьтIахь дина шуна буьйса а‚ де а.

34.

Массо аша шех дехначух шуна делла Цо. Делан ниIматаш аша дагардахь – дагардалур
дац уьш шуна. Баккъалла а, адам зуламе а ма ду‚ баркалла олуш а ма дац.

35.

ИбрахIима ма аьллера: “Со Кхиош-кхобушверг‚ Ахьа хилийталахь хIара мохк кхерам
боцуш‚ со а‚ сан кIентий а гена бахалахь жIарашна Iибадат дарх.

36.

Со Кхиош-кхобушверг‚ цара тила ма бина нахах дукхахберш. Суна тIаьхьахIоьттинарг
– соьх ву‚ суна Iеса хилларг, – баккъалла а, Хьо гечдеш верг а‚ къинхетаме верг
а ву-кх.

37.

Тхан Кхиош-кхобург! Аса даха хаий сан зуьрет ялта доцчу боьрахь Хьан сийлахь
долчу цIийнан уллохь. Тхан Кхиош-кхобург! Ламаз хIоттадойла цара‚ нехан дегнаш
цергахьа шовкъ йолуш хилийталахь‚ стоьмех рицкъа лолахь царна – цара баркалла
ала мегара.

38.

Тхан Кхиош-кхобург! Хьо хууш ву-кх оха къайладоккхург а‚ оха дIахьедориг а.
Делах къайлаер яц хIумма лаьттахь а‚ стиглахь а.

39.

Далла бу хастам‚ суна воккхаллехь ИсмаIил а‚ Исхьакъ а веллачу! Баккъалла а, сан
Кхиош-кхобург доIа хезаш верг ву-кх.

40.

Сан Кхиош-кхобург‚ соьх хилийталахь ламаз хIоттадийриг‚ сан зуьретах а
/хилийталахь дика Iамалш ерш берш/. Тхан Кхиош-кхобург‚ сан доIа  къобалделахь.

41.

Тхан Кхиош-кхобург‚ гечделахь суна а‚ сан дена-нанна а‚ муъма нахана а хьесап
хIуттур долчу дийнахь”.

42.

Хьуна ма мотталахь Дела гIовпал ву зуламхоша дечух. Цо тIаьхьатоттуш бу уьш шена
чохь бIаьргаш ирх кхетта хир болчу /къемат/ дийне.

43.

Сиха гIур бу уьш шайн кортош айбина‚ шайн бIаьрахьажар духадоьрзур дац цаьрга‚
церан дегнаш хIаваъ хир ду.

44.

Ахьа кхерам таса нахана шайга Iазап догIур долчу дийнаца‚ тIаккха шаьш зулам
диначара эр ду: “Тхан Кхиош-кхобург‚ тIаьхьататтахь тхо гергарчу ханна – Хьан
кхайкхамна жоп лур дара оха‚ элчанашна а тIаьхьахIуьттур дара тхо”. Ткъа шу
дацара хьалха дуйнаш бууш шайна дIатилар дац, бохуш?

45.

Шу охьахевшира шайна зуламаш диначерийн гIишлошкахь‚ шуна гучуделира‚ хIун дина
Оха царна‚ шуна масалш далийра Оха.

46.

Шайн мекарло йира цара‚ Далла гергахь ю церан мекарло‚ церан мекарло хиллехь ша
лаьмнаш дIадохуьйтуш.

47.

Хьуна цкъа а ма мотталахь‚ Дела Шен элчанашца йолу ваIда йохор йолуш ву, алий.
Баккъалла а, Дела веза верг а ву‚ бекхам Шен берг а ву.

48.

Оцу дийнахь латта хийцор ду кхечу лаьттаца‚ стигланаш а /хийцор ю кхечаьрца/ –
уьш цхьаъ волчу‚ нуьцкъала волчу Далла хьалха дIахIуттур бу.

49.

Хьуна гур бу оцу дийнахь къинош динарш буржулашца /зIенашца/ бихкина.

50.

Церан бедарш силамах /хир ю/‚ церан яххьаш цIеро дIалоцур ю

51.

Дала бекхам балархьама хIора сина ша карийначуьнца. Баккъалла а, Дела хьесап
дарца сиханиг ву.

52.

ХIара хаам бу нахана‚ цуьнца царна кхерам тасархьама а‚ царна хаархьама а Иза
хилар цхьа Дела‚ хьекъалдерш кхетархьама а.