13. АР-РАIД

1.

Алиф-лам-мим-ра. ХIорш жайнан аяташ ду. Хьоьга хьан Кхиош-кхобучуьнгара
доссинарг – бакъдерг ду‚ делахь а дукхахболу нах ца теша.

2.

Дела ву ша стигланаш аййинарг шуна гуш бIогIам а боцуш‚ тIаккха ша дIанисвелла И
Iарша тIехь‚ малх а‚ бутт а муьтIахь бина Цо – массо а дIа-схьаоьху тоьхна
ханна. ГIуллакхна урхалла до Цо‚ аяташ билгалдоху – шу шайн Кхиош-кхобучуьнца
цхьаьнакхетарх теша мегар-кха.

3.

Иза ву латта даржийнарг‚ цунна тIехь лаьмнаш а‚ хиш а хилийтинарг‚ массо стоьмах
цунна /лаьтта/ тIехь Цо хилийтина ши тайпа‚ буьйсане де хьулдойту Цо. Баккъалла
а, цу чохь делилаш ду ойла ечу нахана.

4.

Лаьттахь ул-уллохь дакъой ду‚ кемсийн бошмаш ю‚ ялта ду‚ хурманаш ю цхьана
ораман а‚ цхьана ораман йоцурш а‚ цхьа хи ду тухуш царех‚ царех цхьаерш вукхарел
язйина Оха яарехь. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду-кх хьекъал долчу нахана.

5.

Хьо цецвалахь‚ цецвоккхуш ду церан дешнаш: “Тхоьх латта хилча керлачу кхолларна
чохь хир ду тхо‚ (юха а денлур ду тхо)?” Уьш бу шайн Кхиош-кхобучунна керсталла
динарш‚ церан логийх буржулш ду‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ цу чохь уьш
гуттар лаьттар бу.

6.

Хьо сихвеш ву цара вочуьнца дикачул хьалха. Царал хьалха а дIадахна масале
таIзарш. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург Шегахь гечдар долуш ву нахана церан
зуламна тIехь. Баккъалла а‚ хьан Кхиош-кхобург чIогIаниг а ву бекхамца.

7.

Цатешачара олу: “Шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа делил доссинехьара цуьнга!” Хьо
дIахоуьйтург ву. ХIора халкъана баьчча ву.

8.

Далла хаьа хIор стен (сева хIуманано) /кийрахь/ хьош дерг‚ беран цIийнан
тIераэшар а‚ тIекхетар а‚ массо хIума Цуьнан гергахь барамца ду.

9.

Къайлах дерг а‚ гучохь дерг а хууш верг а‚ воккха верг а‚ лакхаваьлларг а ву
Иза.

10.

/Цу Далла/ цхьанийсса ву шух дош къайладаьккхинарг а‚ и гучохь дитинарг а‚ ша
буьйсанна хьуллеш верг а‚ дийнахь дIа-схьа уьдуш верг а.

11.

Цунна (адамна) шен хьалхахула а‚ шен тIехьахула а шеца цхьаьна леларш ду‚ шаьш и
Iалашвеш Делан омрица. Баккъалла а, Дала нахана хIумма а ца хийцадо, цара шаьш
шайна хийцадаллац. Далла нахана вониг лиъча, цунна бухатохам бац‚ И воцург
урхалча ма вац царна.

12.

И ву шуна кхерамца а‚ догдахарца а ткъес гойтуьйтуш верг‚ Цо кхиайо еза марха.

13.

Стигал къовкъаро а, Цунна хастам барца‚ маликаша а, Цунах кхерарца, тасбахь до‚
стелахаьштигаш дохуьйту Цо‚ уьш Шена луучунна тIетуху, уьш Делехьа къуьйсуш
болуш‚ Иза – ницкъанан чIогIаниг ву.

14.

Цуьнга ду бакъдолчун кхайкхар. И воцчуьнга кхойкхуш берш – цхьана а хIуманца
царна жоп лур дац цара‚ уьш тера бу хичахула шайн куьйгаш даржийначух, иза шен
бага дахийта. Ткъа и ца гIо цига. Цатешачеран доIа ма дац тиларчохь бен.

15.

Далла сужд деш ву стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг лууш-ца лууш а‚ церан
IиндагIаш а /ду Цунна сужд деш/ Iуьйранна а‚ суьйранна а.

16.

Ала: “Мила ву стигалийн а‚ лаьттан а Эла?” Ала: “Дела ву”. Ала: “Ткъа, Иза а
вуьтий, верасаш лоцу аша‚ шайн догIмашна пайда а‚ я зен шайн долахь боцу?” Ала:
“Нислой, ткъа, бIаьрзениг а‚ бIаьрсадерг а‚ я нислой, ткъа, боданаш а‚ нур а?” Я
Далла царах накъостий хилийтина‚ цара кхоьллина Цо кхуллуш санна? Кхоллар
тарделла царна? Ахьа ала: “Массо а хIуманан кхоллархо ву Дела. И ша цхьа верг а‚
ницкъберг а ву”.

17.

Цо доссийна стиглара хи – тулгIенаш Iоврашца ихира шайн барамехь‚ Iовро яьхьира
аййелла чопа‚ цара цIергахь хазаллаш я кхин хIуманаш лоьхуш ягаечух а, чопа ю
цунах терра. Иштта даладо Дала бакъдолчун а‚ харцдолчун а масал. Чопа эрна
дIагIо‚ ткъа нахана пайда беш дерг лаьттахь дуьсу. Иштта даладо Дала масалш.

18.

Шен Кхиош-кхобучунна жоп деллачарна хазаниг (ялсамани) ду. Цунна жоп ца
деллачарна лаьттахь мел дерг хилча а‚ цуьнца кхин цул а‚ и цунах (ялсаманих)
дIалур ма дара цара. Ма вон хьесап ду-кх царна! Церан чугIойла жоьжахати ю. Вон
(дIавуьжу) мотт бу и!

19.

Ткъа хьан Кхиош-кхобучуьнгара хьоьга доссинарг бакъдерг дуйла хууш верг бIаьрса
доцучух тера ву? Баккъалла а‚ дагадоуьйту хьекъал долчара‚

20.

Шаьш кхочушъеш болчара Делан ваIда‚ ца бохош болчара барт‚

21.

Шаьш хуттуш болчара Дала хутту‚ аьлла, омра динарг а‚ шайн Делах кхоьручара а‚
вочу хьесапах ларлучара а.

22.

Шаьш собар диначара а шайн Кхиош-кхобучун юьхь езаш‚ ламаз хIоттиначара а‚ Оха
шайна деллачу рицкъанх харж йиначара а къайлах а‚ гучохь а‚ шаьш вониг
дикачуьнца духатухуш болчара а‚– царна ю-кх дахаран тIаьхье‚

23.

Iаднан бошмаш – царна чугIур бу уьш а‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьретах а дика
мел динарг а. Маликаш тIедогIур ду царна массо а неIарехула.

24.

“Машар шуна аша собар дарна”. Ма дика ю дахаран тIаьхье!

25.

Шаьш Делан ваIда йохош болчарна цуьнан барт хиллачул тIаьхьа‚ Дала хутту аьлларг
хедош болчарна‚ лаьттахь боьханиг даржош болчарна – царна неIалт ду‚ царна вон
цIа ду.

26.

Дала рицкъа кховдадо Шена луучунна‚ барам а бо. Баккхийбоь уьш дуьненан дахарах.
Дуьненан дахар ма дац эхартаца дуьстича цхьа хIумалг бен.

27.

Цатешначара олу: “Цуьнга доссина хиллехьара шен Кхиош-кхобучуьнгара цхьа делил”.
Ахьа ала: “Баккъалла а, Дала тилавала вуьту Шена луург‚ Цо нис ма во Шена тIе ша
вирзинарг.

28.

Иман диллинарш а‚ шайн дегнашна Дела хьехорца тем хилларш а /нисбо Дала нийсачу
новкъа/‚ ткъа Дела хьехорца ца хуьлу дегнашна тем?

29.

Иман диллинчарна‚ дика Iамалш йиначарна – дика ду‚ хаза чугIойла ю.

30.

Иштта вахийтина Оха хьо къомана тIе – цул хьалха а дIадахара къаьмнаш – ахьа
царна дешархьама Оха хьайга вехьица делларг, уьш Къинхетам болчунна керсталла
деш болуш. Ахьа ала: “Иза сан Кхиош-кхобург ву‚ И воцург кхин дела вац‚ Цунна
тIетевжина со‚ Цуьнга ду сан тоба дар”.

31.

КъурIанца лаьмнаш леллехьара‚ я латта тийдинехьара‚ я цуьнца белларш
бистхиллехьара /иза Делан омра хир дара – тIаккха иман дуьллур дацара цара/.
ХIаъ. Делан ду-кх гIуллакх дерриге. Ткъа иман диллинчара дог ца диллина‚

32.

Далла лаахьара нах берриге Цо нисбина хирг хиларх? Цатешачара шаьш динарг
бахьанехь царех кхиарах ца соцу бала‚ я церан цIийнан уллохь /буссу/ и Делан
ваIда яллац. Баккъалла а, Дала ца йохайо /Шен/ ваIда тоьхна хан.

33.

Хьоьл хьалха а сийсазбина элчанаш‚ Аса хан елла битира цатешарш‚ тIаккха Аса
/Iазапаца/ схьалецира уьш‚ муха хилира сан таIзар?!

34.

Царна дуьненан дахарехь а Iазап ду‚ ткъа эхартан Iазап мелхо а хала ду‚ ма вац
царна шаьш Делах /Цуьнан Iазапах/ лардан цхьа а.

35.

/Делах/ кхоьручарна ваIда йина йолчу бешан масал ду шена бухахула татолаш оьхуш
долу: цуьнан даар гуттар а ду‚ цуьнан IиндагIа а /гуттар ду/. И ду /Делах/
кхоьруш хиллачарна хиндерг. Цатешачарна хинъерг /жоьжахатин/ цIе ю!

36.

Оха шайга жайна делларш бакхийбуьйш бу хьоьга доссийначуьнца. Тобанех ю цуьнан
цхьадолчунна инкарло еш ерг. Ахьа ала: “Суна омра дина аса Далла Iибадат дан а‚
Цуьнца накъост цалацар а‚ аса Цуьнга кхойкху‚ Цуьнга ду сан дIаверзар а”

37.

Иштта доссийра Оха и /КъурIан/ Iарбийн /маттахь/ хьукам хилла. Хьо церан
дезаршна тIаьхьахIоттахь хьайга Iилма деъначул тIаьхьа – Делера вали а вац
хьуна‚ лардархо а вац.

38.

Хьоьл хьалха а элчанаш бахийтира Оха‚ царна зударий а‚ зуьрет а хилийтира Оха.
/Тарлур/ дацара элчанна аят даийта Делан пурбанца а бен. ХIор ханна а жайна ду.

39.

Дала Шена луург дойу‚ /Шена луург/ чIагI а до. Цуьнан гергахь жайнан нана ю.

40.

Я Оха гайтанне а гойтур ду хьоьга Оха царна ваIда йиначух цхьадерш‚ я Оха хьо
волуьйтур ву (уьш ца гойтуш) – хьуна тIехь (хьайга Дала делларг нахе) дIахаийтар
ду‚ Тхуна тIехь хьесап дар ду.

41.

Царна ца го-те Тхо лаьтте догIуш хилар и эшош шен йисташкара /ярташа ислам
эцарца/? Дала до хьукам‚ Цуьнан хьукамна новкъарло ерг ма вац. И ву хьесапца
сиха верг.

42.

Царел хьалха хиллачара а мекарло йира‚ Делан ю мекарло /йохор/ ерриге а. Цунна
хаьа хIор сино карош дерг. ТIаккха хуур ду керстанашна‚ хьан хир ю цIийнан
тIаьхье.

43.

Цатешачара олу: “Хьо ваийтинарг вац”‚ ахьа ала: “Кхачойина Дала теш хиларца суна
а, шуна а юккъехь‚ шен гергахь жайнан Iилма долчо а”.