12. ЮСУФ

1.

Алиф-лам-ра. ХIорш билгалчу жайнан аяташ ду.

2.

Баккъалла а, Оха доссийна иза Iарбийн дешар хилла‚ шу хьекъале хила там бара.

3.

Оха дуьйцу хьоьга уггар хаза хабарш хьоьга вехьица хIара КъурIан даийтарца, цул
хьалха хьо ца хуучарех хиллехь а.

4.

Юсуфа ма элира шен дега /ЯIкъубе/: “Дада‚ суна ги цхьайтта седа а‚ малх а‚ бутт
а‚ суна ги уьш сайна сужд деш”.

5.

Цо /ЯIкъуба/ элира: “ХIай сан жима кIант‚ и хьайна гинарг /гIан/ ма дийцалахь
хьан вежаршка – мекарло йийр ю хьуна цара.  Баккъалла а, шайтIа адамна билггала
мостагI ду.

6.

Иштта хьан Кхиош-кхобучо хоржур волуш ву хьо‚ хьуна Iамор долуш ду Цо хилларш
тидан‚ Шен ниIмат хьуна кхочуш дийрдолуш ду Цо‚ ЯIкъубан доьзална а‚ Ша хьалха
хьан дайшна ИбрахIимна а‚ Исхьакъна а кхочушдина хиларе терра. Баккъалла а, хьан
Кхиош-кхобург хууш верг а ву‚ хьукаме верг а ву”.

7.

Юсуфехь а‚ цуьнан вежаршкахь а делилаш ма хилира хоттучарна.

8.

Цара ма элира: “Юсуф а‚ цуьнан ваша а дукхабеза вайн дена вайл‚ ткъа вай цхьа
тоба ма юй‚ баккъалла а, и вайн да билггалчу тиларчохь ву-кх.

9.

Ве Юсуф я /кхечу/ махка дIакхосса – шун ден юьхь шуна тIейоьрзур ю‚ цул тIаьхьа
дика къам хир шу”.

10.

Царех олучо элира: “Ма ве Юсуф‚ гIу чу кхосса и – дIабоьлхуш болчарех
цхьаболчара схьавоккхур ву‚ шаьш деш хиллехь” /и гIуллакх де/.

11.

Цара элира: “ХIай тхан да! Ахьа хIунда ца вуьту Юсуф тхоьх тешна‚ тхо цунна
хьехамчаш ма дуй!

12.

Ваийтахь и тхоьца кхана – самукъадоккхур шена‚ ловзур шена‚ оха и Iалашвийр ву”.

13.

Цо /ЯIкъуба/ элира: “Сан сагатдийр ма ду шу цуьнца дIадахча‚ со кхоьру и барзо
ваарна, аша цуьнан терго а ца еш”.

14.

Цара элира: “И барзо ваахь – тхо цхьа тоба ма ю-й‚ тIаккха тхо, баккъалла а,
эшнарш хир ма дара”.

15.

ТIаккха уьш цуьнца дIабахара‚ церан барт хилира и гIунан буха кхосса. Оха
хаийтира цуьнга /Юсуфе/ вехьица: ахьа дийцанне а дуьйцур ма ду цаьрга хIара
церан гIуллакх, уьш ца хууш а болуш.

16.

Уьш баьхкира шайн да волчу суьйранна боьлхуш.

17.

Элира: “Тхан дада‚ тхо дахара вовшашца /довдарехь я Iад кхоссарехь/ яхье доьвла‚
Юсуф тхан хIуманийн уллохь витира оха‚ тIаккха и барзо виира‚ хьо тхоьх тешар
волуш вац, тхо бакълуьйш хиллехь а”.

18.

Уьш баьхкира цуьнан /Юсуфан/ куча тIехь харц цIий долуш. Цо /ЯIкъуба/ элира:
“Шун синоша цхьа гIуллакх хаздина шуна. Хаза собар /деза-кх суна/ Дела ву-кх
Шега гIо деха хьакъ верг аша хIотточу сурта тIехь”.

19.

Цхьа дIа-схьа лелаш йолу тоба еара‚ цара вахийтира шайн хи кхоьхьуш верг‚ цо шен
ведар охьадахийтира‚ элира: “Кхаъ бу! ХIара кIант ву!” Цара /Юсуфан вежарша/
хьулдира и /Юсуфан гIуллакх – и шайн ведда лай ву аьлла/ и йохка-эцаран хIума а
йина‚ Дела хууш верг ма ву цара деш дерг.

20.

Цара /вежарша/ воьхкира и кIеззигчу мехах – цхьа массийта дирхIамех. Цуьнгахь
уьш хилира кIеззиг хIуманах тоам бечарех.

21.

Мисрара и ша эцначо шен зудчуьнга элира: “Хазделахь цуьнан Iар‚ вайна пайда бан
мега цо‚ я вай вайна кIант вина лоцур иза”. Иштта Оха чIагIвира Юсуф лаьттахь‚
Оха цунна хилларш тида Iаморхьама‚ Дела шен гIуллакха тIехь толам боккхуш ву‚
делахь а дукхахболчу нахана ца хьаа-кх.

22.

И пхийттара ваьлча, Оха цунна хьукам а‚ Iилма а делира. Иштта бекхам бо Оха
дикачарна.

23.

Иза шен цIа чохь волу зуда и Iехо гIоьртира‚ цо неIарш дIакъевлира‚ элира:
“Схьавола!” Цо /Юсуфа/ элира: “Дала ларвойла!  Баккъалла а, иза /хьан майра/ сан
эла ву‚ цо сан Iар хаза дина‚ баккхийбуьйр бац зуламхой”.

24.

Цунна и везара‚ цунна /Юсуфана/ и езара‚ шен Кхиош-Кхобучуьнгара делил ца
гинехьара /зина дийр дара цо/. Иштта /дира Дала/ цунах вониг а‚ боьханиг а
дIадаккхархьама. Баккъалла, и Тхан цIеначу лех ву.

25.

Цу шиммо хьалхадаларх къевсира неIарна тIе‚ цо (Зулейхас) цуьнан (Юсуфан) коч
ятIийра тIехьахула‚ неIарна уллохь царна карийра цуьнан эла. Цо (Зулейхас)
элира: “ХIун бекхам бу хьан охIланна вониг луучунна: я и набахти чу ца воьлча‚ я
лазош долу Iазап бен?”

26.

Цо (Юсуфа) элира: “И гIоьртира со Iехо”. Цуьнан (зудчун – Зулейхан) охIлах
цхьана тешо тешалла дира: “Нагахь санна цуьнан коч хьалхахула яьттIа елахь – и
бакъ ю‚ ткъа иза харцлуьйчарех ву.

27.

Нагахь санна цуьнан коч тIехьахула яьттIа елахь – и харц ю‚ ткъа иза
бакълуьйчарех ву”.

28.

Шена цуьнан коч тIехьахула яьттIа гича‚ цо /майрачо/ элира: “Шун /зударийн/
мекарлонах ду-кх хIара‚ баккъалла а, шун мекарло йоккха ю-кх.

29.

Юсуф‚ хьо дIаверза хIокхунах. Ткъа ахьа /Зулейха/ хьан къинан гечдар деха‚
баккъалла а, хьо галъяьллачарех хили”.

30.

ГIалахь зударша элира: “Элан зуда цхьа къонах (шен лай) шеца Iехо гIиртира‚ ткъа
цо безамах юзийна и. Баккъалла а, вайна ма го и билггалчу тиларчохь”.

31.

Шена церан мекарло хезча‚ цо царна тIе /цхьаъ/ вахийтира. Царна тевжийла
кечйира‚ царех хIоранга а урс делира‚ тIаккха элира /Юсуфе/: “Аравала царна!”
Шайна и гича, цара и вазвира‚ шайн куьйгаш хедийра‚ элира: “МашшалахI! ХIара
адам а дац! ХIара сийлахь малик ду!”

32.

Цо /Зулейхас/ элира: “И ву-кх шуна аша суна шегахь бехкаш бехнарг! Со и Iехо ма
гIоьртира – и чIагIвелира. Аса шега омра дийриг цо ца дахь‚ набахти чувуллур ву
и‚ и хир ву ладам боцучарех”.

33.

Цо /Юсуфа/ элира: “Со Кхиош-кхобуш волу Дела‚ набахти дукхох еза суна, цара со
шайна тIе кхойкхучул‚ церан мекарло Ахьа соьх дIа ца яккхахь‚ со царна
тIехьаьвзар ву – тIаккха со жаьхIал нахах хир ма ву”.

34.

Шен Кхиош-Кхобучо жоп делира цунна‚ цунах дIаяьккхира церан (зударийн) мекарло.
Баккъалла а, Иза хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву.

35.

Шайна делилаш гиначул тIаьхьа, царна дагадеара и цхьана ханна набахти чуволла.

36.

Цуьнца цхьаьна набахти чоьхьавелира ши къонах. Цу шиннех цхьаммо элира: “Суна
суо го айса чагIар Iовдуш”. Вукхо элира: “Суна суо го сан коьрта тIехь айса
кхаллар кхоьхьуш‚ цунах олхазарша дууш. Хаамбе тхуна цуьнан тидарах. Баккъалла
а, тхуна хьо го дикачарех”.

37.

Цо элира: “Шуна шиннена тIе шуна луш болу кхача богIур ма бац аса шуна цуьнан
тидарах хаам ца беш и шуьга кхачале. И ду шуна сан Кхиош-кхобучо со Iамийначух.
Аса дитина ша Делах цатешачу‚ ша эхартана керста долчу къоман дин.

38.

Со тIаьхьаваьзна сан дайн ИбрахIиман‚ Исхьакъан‚ ЯIкъубан динна. Тхуна ца хилла
цхьана а хIуманца Делаца накъост лацар. И Делан комаьршаллах ду тхуна а‚ нахана
а‚ делахь а дукхахболчу наха баркалла ца олу.

39.

ХIай сан набахтин ши накъост! Тайп-тайпана делий бу дика я Ша цхьаъ волу‚
нуьцкъала волу АллахI-Дела ву?

40.

И витина аша шена Iибадат дийриг еккъа цIераш ма ю‚ аша шаьш техкина йолу‚ шун
дайша техкина йолу‚ царна цхьа а делил Дала доссийна ма дац. Хьукам Делан бен ма
дац. Цо омра дина Шена бен Iибадат ма де‚ аьлла. И ду мехала дин‚ делахь а
дукхахболчу нахана ца хаьа-кх.

41.

ХIай сан набахтин ши накъост! Шуна цхьаммо шен элана чагIар малор ду‚ ткъа важа
ирх уллур ву‚ цуьнан коьртах олхазарша буур бу. Кхочушхили гIуллакх‚ аша шайх
хоьттуш долу”.

42.

Цо элира шена царех кIелхьара вер ву моьттучуьнга: “Хьан элана гергахь со
хьахавелахь”. ШайтIано дицдалийтира цунна шен элана и хьахавар. ТIаккха и висира
набахти чохь цхьа масийтта шарахь.

43.

/Мисран/ паччахьо элира: “Суна го ворхI берстина етт ворхI эзачо бууш‚ ворхI
баьццара кенаш‚ вуьйш бакъабелла. ХIай элий! Сацамбел суна сан гIенах лаьцна,
шаьш гIенаш туьдуш хиллехь”.

44.

Цара элира: “Вовшех ийна гIенаш дара уьш-м. Тхо /иштта/ гIенаш тида хууш дац”.

45.

Цу шиннех кIелхьараваьллачо элира‚ цхьа хан яьлча дагадеара цунна: “Аса дуьйцур
ду шуна оцунан тидарах‚ со вахийта”.

46.

“Юсуф! ХIай бакълуьйш верг! Сацамбе тхуна (гIан тидарца) ворхI берстинчу етах‚
шаьш боуш болчу ворхI эзачо‚ ворхI баьццара кенашкахь а‚ вуьйш
бакъабеллачаьргахь а‚ со вухаверза мегара нахана тIе‚ царна хаа мегара”.

47.

Цо /Юсуфа/ элира: “ВорхI шарахь тIеттIа аша дика ялта дуьйр ду‚ шаьш гулдинарг –
диталаш иза кана чохь шаьш дуучух цхьакIеззиг доцург.

48.

ТIаккха цул тIаьхьа ворхI халанаш догIур ду: цара дуур ду аша царна хьалха
кечдинарг аша Iалашдер долчух цхьакIеззиг дерг доцург.

49.

ТIаккха цул тIаьхьа цхьа шо догIур ду‚ шена чохь нахана дика догIа доьлхур
долуш‚ шена чохь цара Iовдур долуш”.

50.

Паччахьо элира: “Суна тIевалаве иза (Юсуф)”. Шена тIевахийтинарг веъча‚ цо
(Юсуфа) элира: “Хьада, вухаверза хьайн элана тIе‚ хатта цуьнга: “ХIун бала бу
шайн куьйгаш хедийнчу зударийн? Баккъалла а, сан Кхиош – кхобург церан
мекарлонаш хууш ма ву”.

51.

Цо (элас) элира: “ХIун гIуллакх дара шун‚ шу и Юсуф Iехо гIерташ?” Цара элира:
“Дала лардойла! Тхуна ца хии оцунах цхьа а вониг”. Элан зудчо элира: “ХIинца
гучадаьлла бакъдерг. Со гIоьртира и Iехо‚ и бакълуьйчарех ву.

52.

Иза /олу аса/ – цунна хаархьама аса шена къайлах тешнабехк бина цахилар. Дела а
вуйла нис ца еш тешнабехк бечийн мекарло.

53.

Аса цIан ца до сан са‚ баккъалла а, сино вониг хьоьху сан Кхиош-кхобучо
къинхетам бинарг доцург‚ баккъалла а, сан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚
къинхетаме верг а ву” (и дешнаш Зулейханан ду, аьлла. Дукхохчара Юсуфан ду,
аьлла).

54.

Паччахьо элира: “Суна тIевалаве иза. Аса сайна /гIоьнча/ хоржур ву иза”. Цуьнца
шен къамел хилча‚ цо элира: “Хьо тахана тхан гергахь чIогIа верг а ву‚ тешаме
верг а ву”.

55.

Цо (Юсуфа) элира: “Со лаьттан хазнийн тIехIоттаве‚ со Iалашдийриг а ву‚ хуург а
ву”.

56.

Иштта чIагIвира Оха Юсуф лаьттахь‚ цуьнан шена луучохь ваха хууш. Тхан
къинхетамах кхиаво Оха Тхайна луург‚ дикачийн ял ца эшайо Оха.

57.

Ткъа баккалла а, эхартан ял дика ю иман диллинчарна‚ /Делах/ кхоьруш хиллачарна.

58.

Юсуфан вежарий баьхкира‚ и волчу чу бахара уьш‚ цунна уьш бевзира‚ царна иза ца
вевзира.

59.

Ша уьш шайн гIирсаца кечбинчул тIаьхьа‚ цо элира: “Шайн ден агIорхьара волу шайн
ваша валаве. Шуна ца го: аса нийса кхочушбо барам‚ со шена /шу/ тIедуссучарех
диканиг ву.

60.

Аша суна и ца валавахь – шуна барам бац сан гергахь‚ суна герга ма дуьйлалаш”.

61.

Цара /Юсуфан вежарша/ элира: “Оха цуьнан да тилавийр ву цунах‚ баккъалла а, Оха
/кхочуш/ дийр ду”. (Тхо хьовсур ду и шен дегара схьаваккха).

62.

Шен ялхошка цо /Юсуфа/ элира: “Церан хIуманаш шайн киранийн чу дIаехка; шайн
доьзална тIебирзича царна уьш йовза мегара‚ уьш бухаберза мегара”.

63.

Шайн дена тIе бухабирзича, цара элира: “ХIай дада! /КIан/ барам бухатоьхна
тхоьх‚ и тхан ваша ваийта тхоьца – барам бийр бу оха ‚ тхо цунна Iалашдархой хир
ду”.

64.

Цо /ЯIкъуба/ элира: “И шух тешна вуьтур варий аса‚ хьалха цуьнан ваша шух
тешорах терра? Дела ву-кх дика лардархо. И ву-кх уггар къинхетаме верг”.

65.

Шайн киранаш схьадиллича‚ царна карийра шайн хIуманаш шайга юхаяийтина. Цара
элира: “ХIай дада! ХIун лоьху вай? Вайн хIуманаш юхаяийтина вайга! Вайн цIийнан
охIла а кхобур яра юучуьнца‚ тхан ваша а Iалашвийр вара‚ алсамбоккхур бара Оха
барам цхьана эмкална. И барам атта бу-кх”.

66.

Цо /ЯIкъуба/ элира: “Аса ванне а воуьйтур ма вац и шуьца‚ аша суна Делаца чIагIо
ца яхь, шаьш суна схьавалор ву иза‚ аьлла‚ шайх цхьа хIума ца хилахь”. Цара шена
дуй биъча‚ цо элира: “Дела ву-кх вай дуьйцучунна векал (теш)”.

67.

/ЯIкъуба/ элира: “ХIай сан кIентий! Цхьана неIарехула чу ма гIолаш. Башх-башха
неIаршкахула чу гIолаш. Шу хIумма кIелхьара даха ца ло суна Делера. Хьукам
Цуьнгахь бен дац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIетевжийла шаьш тевжаш берш”.

68.

Уьш чу баьхкича, шайн дас шайга омра диначухула и ца хиллера царех Делера хIумма
кIелхьарадаккха‚ деккъа ЯIкьубан шегахь цхьа хьашт бен – цо и кхочушдира.
Баккъалла а, и Iилма долуш верг ву Оха шена Iамийначунна‚ делахь а дукхахболчу
нахана ца хаьа-кх.

69.

Уьш Юсуф волчу чу баьхкича‚ цо шен ваша шена тIеийцира‚ элира: “Баккъалла а, со
хьан ваша ву. Ахьа са ма хьийзаде цара деш хиллачуьнца”.

70.

Ша царна кечбинчул тIаьхьа церан кечам‚ шен вешин мохьа чу кад биллира цо.
ТIаккха кхойкхучо кхайкхира: “ХIай ковра /къепал/! Шу къуй ду!”

71.

Цара /вежарша/ элира‚ шаьш царна тIебаьхкина: “ХIун яйна шун?”

72.

Цара элира: “Паччахьан кад байна тхан‚ и схьабеъначунна цхьана эмкалан мохь бу.
Аса дош ло цунна тIера”.

73.

Цара /вежарша/ элира: “ВаллахIи‚ шуна ма-хаъара‚ тхо лаьттахь вониг дан даьхкина
ма дацара‚ къуй ма дацара тхо”.

74.

Цара элира: “ХIун бекхам хир бу цуьнан‚ нагахь санна шу харцлуьйш хиллехь?”

75.

Элира /вежарша/: “Цуьнан бекхам – шен мохьан чохь и карийнарг – и ша ву цуьнан
бекхам. Иштта бекхам бо оха зуламхойн”.

76.

И волавелира /яйна хIума лаха/ церан киранашкара шен вешин киранал хьалха‚
тIаккха и /кад/ арабаьккхира цо шен вешин киран чуьра. Иштта хIилла дира Оха
Юсуфна. Шен ваша схьалоцийла дацара цуьнан (иштта а бен) паччахьан динехь Далла
лиъча а бен. Тхайна луург даржашкахь лакхавоккху Оха. Массо шегахь Iилма
долчунна тIехь а Iилма дерг ву Иза /Дела/.

77.

Цара элира: “Цо лачкъийна белахь‚ хьалха цуьнан вашас а лачкъийра”. И шегахь
хьулдира Юсуфа‚ царна гучу ца даьккхира‚ элира /шега/: “Вон ду-кх шу меттигаца.
Дела дика хууш ву-кх аша сурт хIотториг”.

78.

Цара элира: “ХIай веза эла! Цуьнан да ву воккха къена стаг‚ тхоьх цхьаъ лацахьа
цуьнан метта‚ тхуна хьо дикачарех гуш ма вара”.

79.

Цо элира: “Дала лардойла Оха тхан хIума шегахь карийнарг бен ца лацарх! ТIаккха
тхо зуламхой хир ма дарий”.

80.

Шаьш цунах дог диллича‚ вовшашца дагабуьйлуш шаьш бисира уьш. Царех воккхачо
элира: “Шуна хаьий шун дас шуьгара Делаца дуй эцна хилар‚ аша хьалха Юсуфехь
ледарло ялийтира. Со хIокху лаьттара дIавоьрзур вац сан дас суна пурба лахь бен‚
я Дала суна хьукма дахь бен. Иза хьукам дечарех диканиг ву.

81.

Шу духадерза шайн дена тIе‚ аша ала: “Дада! Хьан кIанта къола дина‚ Оха тешалла
дина ма дац тхайна хууш хиллачуьнций бен‚ тхо ца хилла къайле ларъеш а.

82.

Хатта хьайна тхо шена чохь хиллачу юрте а‚ тхо шеца даьхкинчу ковре а. Тхо
бакълуьйш ду-кх”.

83.

Цо (ЯIкъуба) элира: “ХIаъ! Шуна догIмаша цхьа гIуллакх хаздина шуна. Собар ду-кх
/суна/ хазаниг. Дала уьш берриге схьабало мега суна. Баккъалла а, Иза – хууш
верг а ву‚ хьикмате верг а ву”.

84.

Царех дIавирзира иза‚ элира: “Ма лазам бу-кх сан Юсуф бахьанехь”. ГIайгIа ярца
бIаьргаш кIайбелира цуьнан‚ и сатухуш вара.

85.

Цара элира: “ВаллахIи‚ Юсуф хьехорах хьо соцур ма вац хьуо цомгуш хиллалц‚ я
хIаллакьхиллалц”.

86.

Цо элира: “Аса-м Деле белхабой сан бала а‚ сан гIайгIа а‚ со хууш ву Делера шуна
ца хуург а.

87.

ХIай сан кIентий! ДIагIо‚ хаа Юсуфах а, цуьнан вешех а /лаьцна/. Делан
къинхетамах дог ма дилла. Делан къинхетамах дог дуьллур ма дац /Делах/ цатешачу
къомо а бен”.

88.

Шаьш и (Юсуф) волчу баьхкича‚ цара элира: “ХIай веза эла! Тхо а‚ тхан /цIийнан/
охIла а балано лаьцна. Тхо даьхкина цхьа кIез-мезиг хIуманаш йохьуш – кхочуш
барам бехьа тхуна‚ сагIа лохьа тхуна. Дала ял лур ма ю сагIа доккхучарна”.

89.

Цо /Юсуфа/ элира: “Шуна хиъний‚ шаьш хIун дира Юсуфана а‚ цуьнан вешина а‚ шаьш
жехIал долуш?”

90.

Цара элира: “Баккъалла а, хьо вуй Юсуф?”. Цо элира: “Со Юсуф а ву. ХIара сан
ваша а ву. Дала къинхетам бина тхоьх. Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш верг а‚ собар
деш верг а /декъал ву-кх/. Баккъалла а, Дала ца эшайо дикачеран ял”.

91.

Цара элира: “ВаллахIи‚ Дала тхоьл вазвина хьо‚ тхо хили-кх гIалат девлларш!”

92.

Цо элира: “ТIехтохам ца бо шуна тахана. Дала гечдийр ду шуна. Иза уггаре
къинхетаме верг ма ву.

93.

Хьада‚ хIара сан коч а эций, дIагIо‚ сан ден юьхьах тоха и – бIаьрса догIур ду
цуьнан. Массо а шайн /цIийнан/ охIла а тIехь суна тIе дуьйла”.

94.

Ковра /къепал/ араяьлча‚ церан дас (ЯIкъуба) элира: “Баккъалла а, Юсуфан хьожа
йогIуш ву-кх со‚ аша со Iовдал  ма ларахьара”.

95.

Цара элира: “ВаллахIи‚ хьайн ширачу тиларчохь ву-кх хьо!”

96.

Кхаъ боккхург /хаамча/ веъча, цо и (Юсуфан коч) туьйхира цуьнан (ЯIкъубан) юхьах
– цуьнан бIаьрса духадеара‚ цо элира: “Аса ца аьллера шуьга: суна Делера шуна ца
хуург а хаьа”.

97.

Цара элира: “Тхан да! Тхан къиношна гечдар дехахьа тхуна‚ тхо хилла-кх гIалат
девлла”.

98.

Цо элира: “ТIаьхьа доьхур ду аса сан Кхиош-кхобучуьнга шуна гечдар. Баккъалла а,
Иза – гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву”.

99.

Уьш Юсуф волчу чубаьхкича‚ шен да-нана шена тIеийцира цо‚ элира: “Чоьхьа довла
Мисрана‚ Далла лиънехь‚ маьрша!”

100.

Шен да-нана тажана тIе айбира цо‚ уьш цунна суждане бийгира. Цо элира: “Дада‚
хIара ду-кх суна хьалха гинчун тидар‚ сан Кхиош-кхобучо бакъ дина иза‚ суна
диканаш дина Цо – со араваьккхи набахти чуьра‚ шу далина гIум арара шайтIано
суна а, сан вежаршна а юкъа дов тесначул тIаьхьа. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург
тIех кхетаме ву-кх Шена луучунна. Иза хууш верг а ву‚ хьикмате верг а ву.

101.

Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа паччахьалла а делла суна‚ хилларш-хиндерш
тида а Iамийна Ахьа со‚ стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг – Хьо ву-кх сан
доладийриг дуьненахь а‚ эхартахь а‚ Ахьа со валийталахь бусулба хьолехь‚ со
тохалахь дикачарех!”

102.

И къайлечу хабарех ду‚ Оха хьоьга хоуьйтуш вехьица. Хьо вацара царна гергахь уьш
шайн гIуллакхна барта бахча, шаьш мекарло еш.

103.

Дукхахболу нах хьуна мел лиъча а тешар бац /Делах/.

104.

Ахьа цаьрга цу тIехь мах ца боьху. Иза беккъа хьехам бу–кх Iаламашна!

105.

Стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дукха Iаламатех тIехбовлу уьш‚ царех дIабоьрзуш
/ойла ца еш/.

106.

Царех дукхахберш Делах ца теша, шаьш /Цуьнца/ накъост лоцуш бен.

107.

Уьш кхерам боцуш хилла-те шайна тIе Делан Iазапах хьулдеш дерг дарах‚ я
цIеххьана шайна тIе сахьт дарах‚ шайна а ца хууш?

108.

Ахьа ала: “ХIара сан некъ бу‚ аса Деле кхойкху‚ билгала долчу Iилманна тIехь ву
со а‚ суна тIаьхьахIоьттинарг а‚ вочух цIанво аса и Дела‚ со ма вац /Делаца/
накъост лоцучарех”.

109.

Хьоьл хьалха а яртийн нахах божарий бен ца бахийтира Оха‚ шайга вехьица Оха хаам
луш. Ткъа уьш ца лелара лаьттахула‚ уьш ца хьаьвсира‚ муха хилла шайл хьалха
хиллачийн тIаьхье? Эхартан цIа дика ма ду /Делах/ кхийринчарна‚ шу хьекъале ца
хуьлу?

110.

Хьатта элчанаша дог диллича‚ царна шаьш харцбина бевлла моьттича‚ Тхан гIо
догIура цаьрга‚ кIелхьаравоккхура Тхуна луург. Тхан ницкъ буха тухур ма бац
къинош динчу нахах.

111.

Царех лаьцначу дийцарна чохь хьехам хилла хьекъал долчарна. И хилла дац
кхоьллина хабар – и ду шел хьалха хилларг бакъдар а‚ массо а хIуманан къастадар
а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а, тешаш болчу нахана.