11. ХIУД

1.

Алиф-лам-ра. Ша хьукаме волчуьнгара‚ ша сов хууш волчуьнгара Шен аяташ хьукаме
дина долу‚ тIаккха къастийна жайна /КъурIан ду хIара/.

2.

Аша Iибадат ца дархьама Далла бен. “Баккъалла а, со шуна Цуьнгара кхерамча а‚
хаамча а ву”‚- аьлла.

3.

Аша шайн Кхиош-кхобучуьнга гечдар дехархьама‚ тIаккха аша тоба де Цуьнга – Цо
шуна хаза бахам лур бу цIетоьхна хан тIекхаччалц‚ массо дозалла долчунна шен
дозалла а лур ду. Шу духадовлахь – со кхоьру шуна доккхачу /къемат/ дийнан
Iазапах.

4.

“Деле ду шун дIадерзар. И массо хIуманна тIехь ницкъ болуш ву”.

5.

Хьажахь! Баккъалла а, уьш бац шайн дегнаш хьийзош, Цунах хьулдархьама. Хьажахь!
Ткъа цара шайн бедар тIеюхуш Цунна ца хаьа цара къайладоккхург а‚ цара
дIахьедийриг а? Баккъалла а, И хууш ма ву дегнашкахь дерг.

6.

Цхьа а дийнат дац лаьттахь Далла тIехь шен рицкъа долуш бен‚ Цунна хаьа церан
латтам а‚ церан дIагIойла а, – массо а билгалчу жайнан чохь ду.

7.

И ву Ша кхоьллина стигланаш а‚ латта а ялх дийна чохь‚ Цуьнан Iарш хи тIехь яра‚
шу зерхьама‚ муьлха ву-те шух Iамалца мелхо а диканиг. Ахьа аьлча: “Баккъалла а,
шу дендийр долуш ду деллачул тIаьхьа”‚ керстанаша аллане а эр ду: “Иза-м
билггала бозбуанчалла ма дуй?”

8.

Оха царех Iазап тIаьхьатеттича цхьа масийтта ханна‚ цара алаза дуьтур дац:
“Стено сацийна и /Iазап/?” Хьажал! Ткъа и цаьрга деъначу дийнахь царех дIатилар
ма дац! Уьш шех цабешаш хилларг царех дIа ма хьаьрчира.

9.

Оха адаме Тхайгара къинхетам Iовшийтича‚ тIаккха Оха цунах и дIабаьккхича – и
догдуьллург а‚ (Делан ниIматана) керста а ма хуьлу.

10.

Оха цуьнга ниIмат Iовшийтича, и схьалаьцначу баланал тIаьхьа‚ цо алаза ма ца
дуьту: “Къинош дIадахна соьх”. Баккъалла а, и хазахеташ‚ куралла еш ма хуьлу.

11.

Собар динарш‚ дика Iамалш йинарш боцурш – царна гечдар а‚ йоккха ял а ю.

12.

Хьо хила тарло хьайга делла цхьацца вехьиш дуьтуш‚ цуьнца хьан дог гатлеш цара
олуш хиларна: “Хазна йоьссина хиллехьара цуьнга‚ я малик деънехьара цуьнца”.
Баккъалла а, хьо кхерамча ву. Дела массо хIуманна тIехь векал ву.

13.

Я цара аларна: “И цо кхоьллина”. Ахьа ала: “Аша даладел делахь цунах тера итт
сурат‚ шаьш кхоьллина долу‚ кхайкха Дела воцчу шайна мегачаьрга‚ шаьш бакълуьйш
хиллехь.

14.

Цара шайна жоп ца лахь‚ шуна хаалаш, и Делан Iилманца доьссина дуйла‚ И воцург
кхин дела воцийла.  Шу бусулбанаш хуьлий (шу Далла муьтIахь хуьлий)?

15.

Дуьненан дахар а‚ цуьнан хазалла а езаш хиллачунна – церан /дикачу/ Iамалшна цу
(дуьнена) чохь кхоччуш бекхам бийр бу Оха‚ уьш цу (дуьнена) чохь   /рицкъах/
эшор бац.

16.

Уьш бу шайна эхартахь /жоьжахатин/ цIе а бен йоцурш. ХIаллакьхили цара цу
/дуьнена/ чохь динарг‚ харцдерг ду цара деш хилларг /пайда бац цара дуьненахь
деш хиллачу дикачух, Делах кхоьруш уьш хилла бацахь/.

17.

Ткъа шен Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь хилларг‚ шена тIаьхьавозуш
Цуьнгара теш а волуш‚ цул хьалха /теш/ – Мусан жайна хилла /нахана/ имам а‚
къинхетам а /хиллачу хьолехь – тера ву кхечаьрга?/ – уьш цунах /КъурIанах/ тешаш
бу. Тобанех цунна керсталла дечарна ваIда хилларг /жоьжахатин/ цIе ю. Хьо цунах
шеконехь ма хилалахь. Баккъалла а, и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъдерг ду хьуна‚
делахь а дукхахболу нах ца теша.

18.

Мила ву, ткъа, алсам зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллинчул? Уьш шайн Далла
хьалха  хIоттор ма бу‚ тешаша эр ма ду: “ХIорш ма бу шайн Дела харцвинарш‚ Делан
неIалт яц, ткъа, зуламхошна?!

19.

Шаьш Делан новкъах /нах/ дIатилош хилла болчу‚ шаьш и талхо лууш болчу‚ –
эхартана уьш керстанаш хилла”.

20.

Уьш ца хилира ницкъ кхочуш лаьттахь /хIумма хийцо/, Дела воцург доттагIий ца
хилира царна‚ тIеттIа Iазап ду царна‚ ладогIа ницкъ кхочуш ца хилира уьш‚ гуш ца
хилира уьш.

21.

Уьш бу шаьш шайна эшам бинарш‚ царех дIатилира цара кхуллуш хилларг.

22.

Дуьйцийла йоццуш, уьш бу эхартахь шаьш мелхо а эшнарш.

23.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а‚ шайн Кхиош-кхобучунна
мукIар хилларш,– уьш бу ялсаманин дай‚ уьш цу чохь гуттар лаьттар бу.

24.

Шина тобанан масал тера ду бIаьрзечух а –  къорачух а‚ гуш волчух а – хезаш
волчух а. Нислой уьш шиъ масалца? Шу ца кхета?

25.

Оха Нухь вахийтира цуьнан къомана тIе: “Баккъалла а, со шуна билггала кхерамча
ву‚ аьлла.

26.

Далла бен аша Iибадат ца дархьама‚ баккъалла а, со кхоьру шуна лазош долчу
дийнан Iазапах”‚- аьлла.

27.

Цуьнан къомах цатешначеран элаша элира: “Тхуна-м ца го хьо, тхаьш санна, адам
бен‚ тхуна ца го хьуна тIаьхьахIиттинарш, юьхьанца хьажарца‚ тхан уггар бухахь
берш бен‚ тхуна ца го шун тхуна тIехь цхьа а дозалла‚ хIетте тхуна моттало шу
харцлуьйш хилар”.

28.

Цо /Нухьас/ элира: “ХIай сан къам‚ гой шуна со хилча сан Кхиош-кхобучуьнгара
билгалонна тIехь‚ Цо Шен гергара къинхетам а белча суна‚ шу цуьнца бIаьрзе
хилла? Ткъа оха шуна тIедуьллур ду иза шуна ца луушехь? (Тхуна мугур дац шуга
ницIкъа дин тIелацийта).

29.

ХIай сан къам! Аса шуьга цунна тIехь бахам ца боьху‚ сан ял Далла тIехь а бен
яц‚ со вац лелхор болуш иман диллинарш. Баккъалла а, уьш цхьаьнакхетар болуш бу
шайн Кхиош-кхобучуьнца‚ делахь а суна шу го ца кхеташ къам.

30.

ХIай сан къам! Хьан гIо дийр ду суна Делан дуьхьал аса уьш лелхийча? Аша ойла ца
йо?

31.

Аса шуьга ца боху: “Сан гергахь Делан хазнаш ю”‚ къайлах дерг а ца хаьа суна‚
аса ца боху: “Со малик ду”‚ аса ца олу шун бIаьргаш шайх ца бешаш болчарех:
“Дала диканиг лур дац царна”. Далла дика хаьа цаьргахь дерг – иза дича со хир
вара, баккъалла а, зуламхойх”.

32.

Цара элира: “ХIай Нухь‚ тхоьца къийси ахьа‚ тхан къийсам а алсамбаьккхи ахьа‚
даийта тхуна айхьа тхуна хир ду аьлларг‚ хьо бакълуьйчарех хиллехь”.

33.

Цо элира: “И шуна доуьйтур ду Дала Шена лаахь‚ шуна ницIкъ кхочур бац /и Iазап
духа тоха/.

34.

Сан хьехамо а шуна пайда бийр бац‚ суна шуна хьехам бан лиъча а, Дела лууш
хиллехь шу тилдала дита. И ву шун Кхиош-кхобург‚ Цуьнга шу дIадерзор долуш а
ду”.

35.

Я цара олу: “И цо ша кхоьллина”. Ахьа ала: “Нагахь и айса кхоьллинехь – суна
тIехь ду-кх сан къинош‚ со цIена ву-кх аша дечу къинойх”.

36.

Нухье вехьица хаам бира‚ хьан къомах цхьаммо а иман дуьллур дац хьуна‚ шаьш
хIинцале иман диллинчара бен‚ аьлла‚ хьо гIайгIане ма вожалахь цара деш
хиллачунна.

37.

Кема де Тхан тергамца а‚ Тхан вехьишца а‚ вист ма хилалахь Соьга зулам
диначаьргахьа‚ баккъалла, уьш хин буха бохуьйтур болуш бу.

38.

Цо кема дора‚ Цуьнан къоман элий уллохула чекх мел бовлу цунах боьлура. Цо
элира: “Шу тхоьх доьлу‚ тIаккха тхо шух доьлур ду, шу ма- деллара.

39.

ТIаьхьа хуур ду шуна‚ хьанна тIе Iазап догIур ду‚ цо иза сийсазвеш долу‚ лаьтташ
долу Iазап шех хьаьрчар дерг мила ву”.

40.

Тхан омра даллалц: пеш кхихкира‚ Оха элира: “Чу хьо цунна хIора тайпанех шишша‚
цо хIаллакви шена тIехь дош хьалхадаьлларг воцург‚ иман диллинарг воцург. Иман
ца диллира цуьнца кIеззигчара бен.

41.

Цо /Нухьас/ элира: “ТIеховша цунна‚ Делан цIарца ду цуьнан лелар а‚ сацар а.
Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву”.

42.

И /кема/ лелара уьш а тIехь тулгIенашна чухула лаьмнаш санна‚ Нухьас кхайкхира
шен кIанте‚ и вара юьстах: “ХIай сан кIант! ТIе хаа тхоьца‚ ма хила
керстанашца”.

43.

Цо элира: “Со воьрзур ву лома тIе – цо ларвийр ву со хих”. Цо /Нухьас/ элира:
“Тахана цхьаммо а ларвийр вац Делан гIуллакхах Цо шех къинхетам бинарг бен”.
Царна шиннена юккъе тулгIе иккхира – иза хин буха ваханчарех хилира.

44.

Элира: “ХIай латта! Худа хьан хи‚ ва хIай стигал! ДIадаккха /догIа даийтар/. Хи
дIаделира‚ гIуллакх кхочушхилира. И сецира Джудияхь. Элира: “Декъаза хуьлда
зуламе къам”.

45.

Нухьас кхайкхира шен Кхиош-кхобучуьнга‚ элира: “Сан Кхиош-кхобушверг!  И сан
кIант сан охIлах ма вуй‚ Хьан ваIда бакъ ма юй‚ Хьо хьукам дечарех уггар хьукаме
верг а ма вуй!”

46.

Элира /Дала/: “ХIай Нухь! И хьан охIлах вац. Иза – дика боцу болх бу. Соьга ма
деха хьайна шеца Iилма доцург. Аса хьехам бо хьуна хьо ца хилийта цахуучарех”.

47.

Цо элира: “Сан Кхиош-кхобушверг! Со ларло Хьоьца сайна Iилма шеца доцург Хьоьга
дехарх. Ахьа суна ца гечдахь‚ соьх къинхетам ца бахь – со хуьлуш ву-кх
эшначарех”.

48.

Аьллера: “ХIай Нухь! Охьавосса Тхоьгара маршаллица а‚ беркатца а хьайна а‚
хьоьца цхьаьна хиллачарех долчу умматашна а; Оха шайна тIаьхьа бахам а лур болуш
/цхьа кхин умматаш хир ду/‚ тIаккха Тхайгара лазош долчу Iазапаца лоцур долуш.

49.

Уьш къайленан хабарш ду‚ Оха хьоьга дуьйцуш долчу вехьишца‚ уьш хууш ца хилира
хьо а‚ хьан къам а хIокхул хьалха. Ахьа собар де. ТIаьхье /Делах/ кхоьручарна ю.

50.

Iадашка а церан ваша ХIуд /ваийтира Оха/. Цо элира: “ХIай сан къам‚ Iибадат де
Далла‚ И воцург кхин дела вац шуна‚ шу ма дац харцдерг кхуллуш бен.

51.

ХIай сан къам! Цунна тIехь шуьга сайна мах ца боьху аса. Суна мах балар Далла
тIехь ду‚ Ша со кхоьллина волчу‚ шу хьекъале ца хуьлу?

52.

ХIай сан къам! Гечдар деха шайн Кхиош-кхобучуьнга‚ тIаккха Цуьнга тоба де‚ Цо
стигал йоуьйтур шуна шортта догIица‚ шун ницкъана тIе а ницкъаца совдохур ду Цо
шу‚ шу дIа ма дерзалаш, къинош деш хилла”.

53.

Цара элира: “ХIай ХIуд! Хьо ца веъна тхоьга билгалонца‚ тхо ма дац тхан делий
буьтур болуш, хьан дош бахьанехь‚ тхо дац хьох тешарш.

54.

Оха олу: “Тхан цхьаболчу делаша зулам дина хьуна”. Цо элира: “Баккъалла а, аса
Дела хIоттаво теш‚ аша тешалла де со аша /Делаца/ накъост лацарх цIена ву алий

55.

И ша  /Дела/ воцучух. Мекарло е суна массара а‚ ца еш тIаьхьа ма татталаш со.

56.

Баккъалла а, со Далла тIетевжи‚ сан а‚ шун а Эла волчу. Цхьа а дийнат ма дац Цо
Шен чIаба лоцур йолуш бен. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург нийсачу некъа тIехь ма
ву.

57.

Шу дуьхьалдовлахь – аса шуьга дIакхачийна шеца со шуьга ваийтинарг‚ сан
Кхиош-кхобучо тIаьхье шу доцчу /кхечу/ къомана хуьлуьйтур ю‚ аша Цунна цхьана а
хIуманца зен дийр дац. Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург – массо хIуманан лардархо
ву!”

58.

Тхан гIуллакх деъча‚ Оха кIелхьарабехира ХIуд а‚ цуьнца болу иман диллина
хилларш а Тхайгарчу къинхетамца‚ Оха уьш кIелхьарабехира луьрачу Iазапах.

59.

Вуьйш Iадаш бу – шайн Кхиош-кхобучун аяташна инкарло йира цара‚ Цуьнан элчанашна
Iеса хилира‚ хIора къарлур воцчу‚ ницкъ бечу хьолан ден гIуллакхна
тIаьхьахIиттира уьш.

60.

НеIалт тIаьхьадаьлла царна хIокху дуьненахь а‚ Къематдийнахь а. Хьовсал!
Баккъалла а, Iадаша керсталла ма дина шайн Кхиош-кхобучунна. Хьовсал! Белла
бовла и Iадаш‚ ХIудин къам!

61.

Самудашна а церан ваша Салихь /ваийтира Оха/. Цо элира: “ХIай сан къам! Iибадат
дейша Далла‚ И воцург кхин дела ма вац шуна. Цо кхиийна шу лаьттах‚ цу чохь
дахийтина шу‚ Цуьнга гечдар деха‚ тIаккха Цуьнга тоба де‚ баккъалла а, сан
Кхиош-кхобург гергахь а‚ жоп луш а ву”.

62.

Цара элира: “ХIай Салихь! Хьо ма варий тхан юккъехь хIокхул хьалха тхан дегнийн
йовхо йолуш. Ахьа тхо духатуху Оха Iибадат дарах тхан дайша Iибадат динчунна.
Баккъалла‚ тхо чIогIачу шеконехь ма ду ахьа тхо шега кхойкхучух”.

63.

Цо элира: “ХIай сан къам! Гой шуна‚ со сан Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь
хилча‚ Цо суна шегара къинхетам а белча‚ хьан гIо дийр дара суна Делан дуьхьал‚
со Цунна Iеса хилча? Аша суна сов ца боккху эшам а бен.

64.

ХIай сан къам! ХIара Делан эмкал ю шуна делил хилла‚ йиталаш и Делан лаьттахь
яжа – вониг ма делаш цунна. ТIаккха герга долчу Iазапо схьалоьцур ду шу”.

65.

Цара цунна урс хьаькхира. Цо (Салихьа) элира: “Зовкх хьега шайн цIеношкахь кхаа
дийнахь. И харц йоцу ваIда ю!”

66.

Тхан гIуллакх деъча – Оха кIелхьараваьккхира Салихь а‚ цуьнца иман диллина
хилларш а Тхайгара къинхетамца цу дийнан сийсазаллах. Баккъалла а, хьан
Кхиош-кхобург нуьцкъала верг а‚ сийлахь-веза верг а ма ву.

67.

Зулам динарш мохьо схьалийцира – шайн цIеношкахь /белла/ бертал бегна Iуьйранга
бевлира уьш.

68.

Шаьш царна чохь ца лаьттинарш санна. Хьовсал! Баккъалла, самудаша керсталла дина
шайн Кхиош-кхобучунна? Хьовсал! Белла бовла и самудаш!

69.

Тхан элчанаш баьхкира ИбрахIиме кхаъца‚ цара элира: “Салам!”. Цо элира:
“Салам!”‚ хье ца велира и кхаьрзинчу эсица тIе ван.

70.

Цунна гича церан куьйгаш цунна (эсанна) тIе ца кхочуш‚ цо царна инкарло йира‚ и
царех кхеравелира. Цара элира: “Ма кхера! Баккъалла, тхо дахкийтина ЛутIин
къомана тIе” /уьш хIаллакбан/.

71.

Цуьнан (ИбрахIиман) зуда (Сарат) яра ирахIоьттина лаьтташ‚ и елаелира. Оха цунна
кхаъ баьккхира Исхьакъаца‚ Исхьакъал тIаьхьа – ЯIкъубаца.

72.

Цо /Сарата/ элира: “Вададай! Бер до, ткъа, аса‚ со-х къена зуда ма юй‚ хIара сан
майра а къена стаг ма вуй? Ма тамашийна хIума ду хIара!”

73.

Цара /маликаша/ элира: “Ахьа тамаша бо Делан гIуллакхах? Делан къинхетам а‚
Цуьнан беркат а хуьлда шуна тIехь‚ хIай цIийнан охIла! Баккъалла а, Иза хастаме
верг а‚ сийлахь верг а ма ву”.

74.

ИбрахIимах кхеравалар дIадаьлча‚ цуьнга кхаъ а беъча‚ Тхоьца (Тхан маликашца)
къийса волавелира и ЛутIин къам бахьанехь /царна Iазап дан тIаьхьататтахьара
бохуш, иман дилла мегара цара/.

75.

Баккъалла а, ИбрахIим собаре а‚ “ахI” дукха баьхнарг а‚ дIавирзинарг а ма ву”.

76.

ИбрахIим! Дита и‚ Хьан Кхиош-кхобучун омра деана‚ духатохалур доцу Iазап царна
догIуш ду.

77.

Тхан элчанаш ЛутIина тIебаьхкича‚ царна сингаттаме хилира иза‚ уьш бахьанехь дог
гатделира цуьнан (шен къамо царна зен дан кхоьруш)‚ цо элира: “ХIара хала де
ду!”

78.

Цунна тIедеара цуьнан къам‚ сиха цунна тIедирзира и‚ хьалха а хилира уьш къинош
деш. Цо (ЛутIас) элира: “ХIай сан къам! Кхузахь сан мехкарий бу‚ уьш мелхо а
цIена бу шуна /маре бига/. Делах кхерийша‚ сийсаза ма вейша со сан хьешашкахь!
Шух цхьа а нийса стаг вац?!”

79.

Цара элира: “Хьуна хууш ма дара‚ хьан мехкаршкахь тхан гIуллакх дац‚ хьуна ма
хаьа‚ тхуна хIун деза”.

80.

Цо элира: “Шуьца ницкъ балхьара-кх суна‚ чIогIа гIортор елахьара тIетовжа”

81.

Цара /маликаша/ элира: “ХIай ЛутI! Тхо хьан Кхиош-кхобучун элчанаш ду‚ цкъа а
хьуна тIекхочур бац уьш‚ хьан доьзалца буьйсанан дакъошкахь новкъа вала‚ вуха ма
воьрзийла шух цхьа а, хьан зуда а бен. Баккъалла а, цунах кхетар ду царех
кхеттарг. Царна тоьхна хан – Iуьйре ю. Генахь ю, ткъа, Iуьйре?”

82.

Тхан гIуллакх деъча‚ Оха цуьнан (ЛутIин юьртан) лакхахь ерг бухахь хилийтира‚
Оха царна тIе беккъачу поппарх тIеттIа тIулгаш делхийтира,

83.

Билгалдаьхна хилла долу хьан Кхиош-кхобучун гергахь. (Массо) зуламхойх генахь
дац и (иштта таIзар хила). /Хьан къомана генахь ма яц и церан Дала йохийна
ярташ, хIай Мухьаммад/.

84.

Мадъянашка а церан ваша ШуIайб /вахийтира Оха/. Цо элира: “ХIай сан къам! Далла
Iибадат де‚ И воцург кхин дела вац шуна. Юстар а‚ озар а эша ма е. Суна гуш ду
шу диканехь‚ со кхоьру шуна гуобечу дийнан Iазапах.

85.

ХIай къам! Кхочушъе юстар а‚ озар а нийсонца‚ ма эшае нахана шайн хIуманаш‚ ма
лелалаш лаьттахула боьханиг даржадеш.

86.

Делан бухадуьсурш дика ду шуна шу муъма хиллехь‚ со ма вац шуна тIехь лардархо”.

87.

Цара элира: “ХIай ШуIайб! Хьан дино омра до хьоьга тхан дайша шена Iибадат
дийриг тхоьга дита олий‚ я тхан бахамехь тхайна луург дар /дита олий/? Баккъалла
а, хьо собаре а‚ нийсачу кхетамехь а ма вуй”.

88.

Цо элира: “Гой шуна‚ со хиллехь сан Кхиош-кхобучуьнгара билгалонна тIехь‚ Цо
Шегара хаза рицкъа делла суна. Суна ца лаьа шуна хилпало ян аса шуна
дихкинчуьнгахь. Со деккъа диканиг лууш ву сайна ма муггу. Сан кхиам Делаца бен
бац. Цунна тIетевжина со. Цунна тIевоьрзу со.

89.

ХIай сан къам! Соьца эгIаро даллане а тIе ма даладойла шуна Нухьан къомана а‚ я
ХIудан къомана а, я Салихьан къомана а хилларг. ЛутIин къам а шуна дукха генахь
а ма дац.

90.

Шайн Кхиош-кхобучуьнга гечдар деха‚ тIаккха тоба де Цуьнга. Баккъалла а, сан
Кхиош-кхобург къинхетам берг а‚ шена (шен халкъ) дезаш верг а ма ву”.

91.

Цара элира: “ХIай ШуIайб! Ахьа дуьйцучух дуккхачух тхо кхеташ ма дац‚ тхо хьо
тхайлахь ледара гуш ма ду‚ и хьан гергарнаш бацахьара, Оха тIулгаш диттина хир
ма дара хьуна‚ хьо тхуна веза верг а ма вац”.

92.

Цо элира: “ТIкъа сан гергарнаш беза бу шуна Делал? Аша Иза-м шайн букъа тIехьахь
ма витий?! Баккъалла а, сан Кхиош-кхобург аша дийриг чулоцуш ма ву.

93.

ХIай сан къам! Шайна могург де аша‚ аса а дийр ду. ТIаьхьа хуур ду шуна‚
муьлхачуьнга догIур ду и сийсазвеш долу Iазап‚ мила ву харцлуьйриг! Хьежа! Со а
шуьца цхьаьна хьоьжур ву”.

94.

Тхан гIуллакх деъча‚ Оха кIелхьараваьккхира ШуIайб а‚ цуьнца иман диллинарш а
Тхайгара къинхетамца‚ зулам динарш мохьо схьалийцира‚ шайн цIеношкахь бертал
кхетта Iуьйренга бевлира уьш.

95.

Цигахь ца баьхнарш санна /бисира уьш/. Хьовсал! Белла бовла и мадъянаш‚ Самудаш
белла бовларе терра.

96.

Муса ваийтира Оха Тхан аяташца а‚ билгалчу делилаца а

97.

ФирIавне а‚ цуьнан элашка а – ФирIавнан гIуллакхна тIаьхьахIуттуш бара уьш.
ФирIавнан гIуллакх нийса ма дацара!

98.

Шен къомана хьалхавер ву и Къематдийнахь‚ цо буьгур бу уьш цIерга. Ма вон
чугIойла ю уьш /шена/ чулохкург!

99.

ХIокху чохь (дуьненахь) а неIалт тIаьхьадаьлла царна‚ Къематдийнахь а. Ма вон
совгIат ду-кх и ша лечунна!

100.

Уьш – яртийн хабарех ду‚ Оха дуьйцу уьш хьоьга. Царех лаьтташ ерг ю‚ /ялта
санна/ хьаькхнарг а ю.

101.

Оха зулам ца дина царна‚ хIетте а шаьш шайна зулам дина цара. Шайн Дела а
витина, шайга кхойкхуш болчу делаша хIумма а кIелхьара ца даьккхира царех хьан
Кхиош-кхобучун гIуллакх деъначул тIаьхьа. Цара тIетуьйхира царна хIаллакьхилар.

102.

Иштта ду хьан Кхиош-кхобучун /зуламхой Iазапаца/ схьалацар‚ Ша зуламе йолу ярташ
/Iазапаца/ схьалоцуш. Баккъалла а, Цуьнан схьалацар – чIогIа лазош ду-кх.

103.

Баккъалла а, цу чохь делил ма ду ша эхартан Iазапах кхийринчунна‚ и де ду шена
тIе нах гулбийр долу‚ и де ду ша гур долу.

104.

Оха тIаьхьатоттур ма дац и ягарйинчу ханна бен.

105.

И де деъча сино къамел дийр дац Цуьнан пурбанца бен. Царех декъазниг а хир ву‚
ирсениг а хир ву.

106.

Дакъазабевлларш – уьш цIергахь хир бу‚ царна цигахь тийжамаш а‚ угIарш а ду.

107.

Гуттар лаьттар болуш бу уьш цу чохь, стигланаш а, латта а мел ду‚ хьан
Кхиош-кхобучунна ма луъу. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург деш ма ву шена луург.

108.

Амма ирсе хилларш – бешахь хир бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш бу уьш,
стигланаш а‚ латта а мел ду‚ хьан Кхиош-кхобучунна  ма луъу‚ ша хадалур доцу
совгIат хилла.

109.

Хьо шеконехь ма хилалахь хIокхара Iибадат дечух. Цара Iибадат деш ма дац хьуна
хьалха шайн дайша ма-дарра бен. Баккъалла, Оха царна кхачор ма ду шайн /Iазапан/
дакъа ца эшадеш.

110.

Мусага жайна делира Оха‚ цу чохь хилпал хилира. Хьан Кхиош-кхобучуьнгара дош
хьалха ца даьллехьара, царна юккъехь кхиэл йина хир яра. Баккъалла а, уьш оцунах
шеконан шекончохь ма бу.

111.

Баккъалла а, хIоранна хьан Кхиош-кхобучо банне а бекхам бийр бу шайн Iамалашца.
Баккъалла а, Иза цара дийриг дика хууш верг ву.

112.

Нисло‚ хьайга омра ма ди‚ хьо а, хьоьца цхьаьна ша тоба динарг а‚ /Делан
дозанех/ тIех ма довла. Баккъалла а, Иза аша дийриг гуш ма ву.

113.

Зулам диначарна тIе ма тийжа – цIаро схьалоьцур ду шу‚ Дела воцург доладийраш
бац шуна‚ тIаккха шуна гIо дийр дац.

114.

Ламаз хIоттаде дийнан шинне юьхьехь а‚ буьйсанах а дийнан герга долчу
сахьташкахь. Баккъалла а, дикачу Iамалша дIайоху вон Iамалш. Иза – дагадаийтар
ду дагадогIучарна.

115.

Собар де‚ баккъалла а, Дала эша ца йо дика Iамалш ечеран ял.

116.

Ма ца хилира шул хьалха хиллачу тIаьхьенах бухадуьсучун дай‚ шаьш /нах/
духатухуш лаьттахь дечу боьхачух Оха шаьш кIелхьарабаьхначарех цхьа кIеззиг бен.
Зулам динарш тIехьабезира шайна делла хиллачу /хазачу/ хьолана‚ уьш хилира
къинош деш берш.

117.

Хьан Кхиош-кхобург ца хилира зуламца ярташ хIаллакьеш, церан бахархой дика
Iамалш еш а болуш.

118.

Хьан Кхиош-кхобучунна лиънехьара‚ нах цхьана умматах хилийтина хир бара Цо. Уьш
дIа ца тила тайп-тайпана хуьлучух

119.

Хьан Кхиош-кхобучо шех къинхетам бинарг бен. Цунна /къинхетамна/ дуьхьа Цо уьш
кхоьллина. Кхочушхили хьан Кхиош-кхобучун дош: “Юззане а юзур ю Аса жоьжахати
жинех а‚ нахах массарех а”‚- аьлла долу.

120.

Дерриге а дуьйцу Оха хьоьга элчанийн хабарех хьан дог шеца Оха чIагIдеш дерг. Цу
чохь деъна хьоьга бакъдерг‚ хьехам а‚ муъма нахана дагадаийтар а.

121.

Ахьа ала ца тешачаьрга: “Шайн гIуллакх де шайна тар малло (шайна могуш дерг де)‚
Оха а дийр ду.

122.

Хьовса‚ тхо а хьовсур ду!

123.

Делан ю стигланийн а‚ лаьттан а къайле. Цуьнга дIадоьрзу массо гIуллакх‚ Цунна
Iибадат де‚ Цунна тIетовжа. Хьан Кхиош-кхобург тергал ца деш вац аша дийриг.