111. АЛЬ-МАСАД

1.

ХIаллак хили алун ден ший куьйг и ша а хIаллак хили.

2.

КIелхьара ца ваьккхи иза цуьнан хьоло а‚ цо тарадинчо а.

3.

Вегар ву иза алу йолчу цIаргахь‚

4.

Цуьнан зуда а /егар ю цIаргахь/ – дечиг кхоьхьург.

5.

Цуьнан лага тIехь бу хурманан диттан хьесан муш.