109. АЛЬ-КАФИРУН

1.

Ахьа ала /хIай Мухьаммад цу керстанашка/:

2.

“Аса Iибадат ца до аш Iибадат дечунна.

3.

Шу а дац Iибадат деш аса Iибадат дечунна.

4.

Со а вац Iибадат дийр долуш аш Iибадат диначунна.

5.

Шу а дац Iибадат дийр долуш аса Iибадат дечунна.

6.

Шуна шайн дин ду‚ суна сан дин ду”.