106. КЪУРАЙШ

1.

/Пилан дай хIаллакбира Дала/ Къурайшийн барт хилийтархьама‚

2.

Церан барт хилийтархьама /йохка-эцарна/ новкъа балан Iай а /Йеменан махка/‚
аьхка а /Шаман махка/.

3.

Цара Iибадат дойла хIокху /Маккахь долчу хьаьжин/ цIийн Дена /АллахIана/‚

4.

Уьш мацбеллачул тIаьхьа царна даа хIума деллачу‚ царна /Пилан дайшкара/ кхерам
хиллачул тIаьхьа цунах хьалхабехначу.