104. АЛЬ-ХIУМАЗА

1.

Боккха бала бу массо /нахах/ луьйш волчунна а‚ /нах/ сийсазбеш волчунна а‚

2.

Ша /дуьненан/ хьал гулдеш хиллачу и дагардеш хиллачу‚ /массо хIуманна дуьхьал
иза кечдеш хиллачу/.

3.

Иза метташ ву шен хьоло ша гуттар латтор ву /дуьненахь‚ ца волуьйтуш/.

4.

ХIан-хIа! Иза кхоссанне кхуссур ву кийсагаш еш йолчу хIумана чу.

5.

Хьуна стено хаийтина‚ иза хIун кийсагаш еш йолу хIума ю?

6.

Делан цIе ю иза латийна йолу‚

7.

Ша дегний тIе ер йолу.

8.

Баккъалла а, иза царна тIехь нартол йолуш хир ю‚

9.

Дахдинчу бIогIамаш тIехь.