102. АТ-ТАКАСУР

1.

Шу духа тоьхна /Далла гIуллакх дарах/ шуна /дехница а‚ доьзалшца а/ алсам хилар
лааро‚

2.

Шу кешнашка дерзалц /дIакхалхар тIехIотталц Дела дага ца вогIу шуна/.

3.

ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна!

4.

ТIаккха хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна!

5.

ХIан-хIа! Шу хууш делхьара бакъ долу Iилма

6.

Шуна ганне гур ма яра жоьжахати.

7.

ТIаккха шуна гур ма яра иза баккъалла а, /шайн/ бIаьрга.

8.

ТIаккха шуьга хаттанне хоттур ма ду оцу дийнахь /шуна дуьненахь хиллачу/
ниIматех.