1. |
Тухуш дерг. |
2. |
Иза хIун ду тухуш дерг? |
3. |
Хьоьга стено хаийтина‚ и тухуш дерг хIун ду? |
4. |
Оцу дийнахь адамаш хир ду даьржина цIоз санна‚ |
5. |
Лаьмнаш хир ду къовзина тIаргIа санна. |
6. |
Амма шен терза язъелларг /дика Iамалш сов ялла/ – |
7. |
Иза хир ву /ша/ реза волчу дахарехь /ялсамани чохь/. |
8. |
Амма шен терза яйелларг – |
9. |
Цуьнан нана “хIавия” хир ю. |
10. |
Хьоьга стено хаийтина /хIай Мухьаммад/‚ иза хIун ю? |
11. |
Алу туьйсу цIе /ю иза/! |