1. |
/Шайн багара/ аз долуш тIехьаьдда йогIучу /говрех/ дуй боу Аса‚ |
2. |
/Шайн бергашца лаьттах/ суйнаш кхуьссачу /говрех/ дуй боу Аса. |
3. |
Iуьйрана тIелетачу /говрех/ дуй боу Аса. |
4. |
Цара аййира цигахь чан. |
5. |
Цара гобира цигахь /мостагIийн/ тобана: |
6. |
Баккъалла а, адам ша Кхиош-кхобуш волчун керста ма ду. |
7. |
Баккъалла а, иза цу тIехь /ша а/ теш ма ду. |
8. |
Баккъалла а, иза /дуьненан/ хьал дезарехь чIогIа ма ду. |
9. |
Цуна ца хаьа кешний чохь мел дерг аракхоьссича‚ |
10. |
Дегний чохь мел дерг гучадаьккхича |
11. |
Баккъалла а, уьш Кхиош-кхобуш верг оцу дийнахь царах дерг сов дика хууш вуйла? |