1. |
Ша паччахь волчу‚ Ша сийлахь волчу‚ Ша веза волчу‚ Ша хьукаме волчу Далла тасбахь деш ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а‚. |
2. |
Иза ву Ша ваийтинарг йоза ца хуучу нахехь церан шайн юккъера элча‚ цо царна доьшуш Цуьнан аяташ‚ уьш цIанбеш‚ царна Iамадеш жайна а‚ хьикмат а‚ уьш хьалха хиллехь а билгалчу тилар чохь. |
3. |
Царех кхечаьрна а /доьшу цо Делан аяташ/ шаьш царех (хьалха хилла дика Iамалш йина болчарех) ца кхиъна болчу. Иза веза верг а‚ хьукаме верг а ву. |
4. |
Иза Делан къинхетам бу‚ Цо ло иза Шена луучунна. Дела Шегахь сийлахь-боккха къинхетам болуш ву. |
5. |
Шайна тIе Товрат диллинчаьрийн‚ тIаккха иза ца дихьинчаьрийн масал ду жайнаш хьочу виран масалах тера. Вон ду-кх Делан аяташ харцдиначу нехан масал. Дала нис ца бо зуламе нах. |
6. |
Ахьа ала: “ХIай жуьгтийн дин эцнарш! Шуна метташ делахь шаьш Делан доттагIий ду /кхин/ нах боцуш – шуна дала лаал шаьш бакълуьйш делахь”. |
7. |
Иза цIкъа а луур дац царна шайн куьйгаша хьалха а даьккхина. Дела бевзаш ву зуламхой. |
8. |
Ахьа ала: “Шу шех довдуш долу и валар цхьаьнакхетар ду шуьца. ТIаккха шу дIадерзор ду къайлахь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчуьнга /Далла тIе/. ТIаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг”. |
9. |
ХIай иман диллинарш! Шайга кхийкхича ламазе пIераскан дийнахь сихло Дела хьехон /рузба ламазе/‚ йита йохка-эцар. Иза дика ду шуна шу хууш хиллехь. |
10. |
Ламаз кхочуш хилча – даржа лаьттахула‚ леха Делан ниIмат. Аша хьехаве Дела дуккха – шу даккхийдеда мега. |
11. |
Шайна йохка-эцар я синкъерам гича цуна тIе буьрзу уьш‚ хьо вуьту цара хIоьттина лаьттачохь. Ахьа ала: “Далла гергахь дерг дика ду синкъерамал а‚ йохка-эцарал а. И Дела рицIкъ лечарех уггар диканиг ву-кх”. |