1. |
ХIай пайхамар! Ахьа хIунда хьарам до Дала хьуна хьанал динарг‚ хьан зударий резабан гIерташ? Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву. |
2. |
Дала тIе диллина шуна дуйнаш бастар. Дела ву шун гIоьнча. Иза ву хууш верг а‚ хьукаме верг а. |
3. |
Пайхамара шен цхьаболчу зударшка къайлах хаийтира хилларг. Цо иза кхечаьрга дийцича‚ Дала иза гучудаьккхира цуна /элчана/. Цунах /цу хабарх/ цхьадерг довзийтира цо /элчанас Хьафсате/ цхьадерг хьулдийра. Цо цуьнга /Хьафсате/ и дийцича‚ элира: “Хьан дийцина хьоьга иза?” Цо элира: “Соьга дийцина иза хууш волчо‚ сов дика хууш волчо” /Дала/. |
4. |
Аша шиммо /Хьафсата а‚ Iаишата а/ тоба дича Деле… /Дала гечдийр ду шуна/. Шу шиннан дог дIатевжира /бакъдолчух/. Аш вовшашна гIо дахь цуна /пайхамарна/ дуьхьал – баккъалла а, Дела – Иза ву цуьнан ларвархо‚ Джабрил а ду‚ муъма нахах бакъ мел верг а ву‚ маликаш а ду цул тIаьхьа гIоьнчий. |
5. |
Мега иза Кхиош-кхобушволчу цуьнан Дала цо шу дитича цуна шул дика зударий бало: шаьш бусулба болуш‚ муъма болуш‚ муьтIахь болуш‚ тоба деш болуш‚ Iибадат деш болуш‚ /пайхамарца/ дIасхьалелаш болуш‚ хьалха марехь хилларш а‚ маре баханза болу мехкарий а. |
6. |
ХIай иман диллинарш! Ларде шаьш а‚ шайн доьзал а /жоьжахатин/ цIерах‚ шен ягориг нах а‚ тIулгаш а болчу‚ цуьнан тIе хIоьттина ирча‚ чIогIа маликаш ду‚ шаьш Далла Iесалла ца еш Цо шайга динчу омрана; шаьш кхочуш деш шайга омра деш дерг. |
7. |
ХIай /Делах/ цатешна берш! Шу бехказа ма дийла тахана: шуна беш болу бекхам аш /дуьненахь/ дина хилларг ду. |
8. |
ХIай иман диллинарш! Шу дерза Деле цIеначу тобанца – тарло шу Кхиош-кхобучу шун Дала шу цIандан шун къинойх‚ /тIаккха/ шу бошмашна чу дохка‚ шайн бухахула татолаш а лелаш долчу‚ оцу дийнахь Дала сийсаза вийр вац пайхамар а‚ цуьнца иман диллинарш а. Церан нур дедда лелар ду церан хьалхахула а‚ церан аьтту куьйгаш долчу агIорхьара а‚ цара олуш: “Тхо Кхиош-кхобушволу тхан Дела‚ Ахьа кхочушделахь тхан нур‚ Ахьа тхуна гечделахь‚ баккъалла а, Хьо ву-кх массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш верг”. |
9. |
ХIай пайхамар! Къийсам латтабе цатешачаьрца а‚ мунапакъашца а‚ луьра хила царца. Церан чугIойла жоьжахати ю. Ма вон ду-кх /церан/ дIадерзар! |
10. |
Дала масал далийна цатешачаьрна Нухьан зудчух а‚ ЛутIан зудчух а: уьш бара Тхан дикачу лех шина лена кIел‚ цара шиммо а царна шиннена а тешнабехк бира /зина дар боцу/‚ цхьанне хIуманца Делера шаьш шиъ кIелхьара-м ца яьккхира цара‚ элира /цаьрга/: “Шу шиъ чу гIо цIерга чугIочаьрца”. |
11. |
Дала масал далийна иман диллинчаьрна ФирIавнан зудчух‚ цо ма элира: “Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа суна делахь Хьан гергахь ялсамани чохь цIа‚ Ахьа со хьалха яккхалахь ФирIавнах а‚ цуьнан балхах а‚ Ахьа со хьалха яккхалахь зулам дечу нахах”. |
12. |
Iимранан йоI Марьямах а /масал далийна Дала/‚ ша лардина хиллачу шен йоIалла. Оха хIуп аьлира цу чу /йоIаллин меженачу/ Тхан Сих /Джабраил малико/‚ цо /Марьяма/ бакъдира ша Кхиош-кхобуш волчу шен Делан дешнаш‚ Цуьнан жайнаш а‚ иза хилира муьтIахь болчарех. |