99. АЛЬ-ЗАЛЗАЛА

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Латта ластича ластарца /къемат дийнахь/‚

2.

Латто /шена тIера/ йозаллаш /шена тIехь мел йолу хIума - адам а‚ бежна а‚ дитт а…/ охькхоссича‚

3.

Адамо эр: "Цуна хIун хилла?"

4.

Оцу дийнахь цо шен хабарш дуьйцур ма ду‚

5.

Хьо Кхиош-кхобуш волчо шена хьехна мадду.

6.

Оцу дийнахь нах тобанашца дIа гIур ма бу шайн Iамалш шайга гайтан.

7.

Мискъалан заррат /цхьа жимма буьртигал/ диканиг диначунна - иза гур ма ду.

8.

Мискъалан заррат вониг диначунна - иза гур ма ду.