97. АЛЬ-КЪАДР

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Оха доссина иза /КъурIан Лавхьул-Махьфузера дуьненан стигла/ "Лайлат-уль-къадр" олучу буьйсана.

2.

Хьоьга стено хаийтина‚ /хIай Мухьаммад/‚ и хIун буьйса ю Лайлат-уль-къадр?

3.

Лайлат-уль-къадр буьйса дика ю эзар баттал.

4.

Охьадуссу маликаш а‚ Са а /Джабраил малик/ цу чохь шаьш Кхиош-кхобучун пурбанца массо гIуллакх эцна.

5.

Салам-маршал!.. Иза /хозур ду/ сатассалц.