96. АЛ-IАЛАКЪ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Деша хьо Кхиош-кхобуш волчун цIарца‚ Ша /Iаламаш/ кхоьллина волчу!

2.

Цо адам кхоьллина цIийн улхах /детана цIийх/.

3.

Деша! Хьо Кхиош-кхобург ву уггар комаьрша верг.

4.

Иза ву Ша Iамийнарг /адам/ къоламца.

5.

Цо Iамийра адамна цуна ца хуург.

6.

ХIан-хIа! Баккъалла а, адам тIехдолу /Делан дозанех/

7.

Ша шена гуш хьал долуш хиларца.

8.

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобучуьнга ду /массаран/ дIадерзар.

9.

Хьуна гиний /хIай Мухьаммад/ и новкъарло еш верг /Абу-ДжахIал/

10.

Лена /Мухьаммад пайхамарна/ цо ламаз деш?

11.

Гиний хьуна и /шена новкъарло йийриг/ нийсачу новкъахь хиллехь?

12.

Я /Делах/ кхерарца омра деш хиллехь?

13.

Хьуна гиний и /ша пайхамарна новкъарло еш волу Абу-ДжахIал/‚ /Дела/ харцвеш хиллехь‚ /бакъдолчух/ дIавирзинехь?

14.

Цуна ца хиъна-те Далла гуш дуйла?

15.

ХIан-хIа! И ца сацахь‚ Оха дIаозор ву иза кIужалца /жоьжахате/‚

16.

Харц йолчу‚ къинехь йолчу кIужалца!

17.

Цо /гIо луьйхуш/ кхойкхийла шен гуламе.

18.

Оха кхойкхур ду забанияташка.

19.

ХIан-хIа! Цо бохург ма де ахьа /хIай Мухьаммад/‚ /Далла/ сужд де‚ /Цуна/ герга гIо /Iамал ярца/.