94. АШ-ШАРХЬ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Оха ца деллира /пайхамаралла даларца/ хьан дог /хIай Мухьаммад/?

2.

ДIабаьккхира хьан тIера мохь‚

3.

Хьан букъ ша гIелбина болу.

4.

Оха ай ма дира хьо хьехавар

5.

Баккъалла а, халонца - атталла хир ма ду.

6.

Баккъалла а, халонца - атталла хир ма ду.

7.

Хьуо паргIат ваьлча /ламаз дина/ - къахьега /доIанаш дарца‚ я дуьненан рицIкъ лахарца/.

8.

Хьо Кхиош-кхобуш волчуьнга хьастало (Цуьнгахь долчуьнга тIегIерта).