93. АД-ДУХЬА

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Iуьйренах дуй боу Аса‚

2.

Буьйсанах дуй боу Аса‚ иза бода бахьаш дIатийча.

3.

Ца тесна хьо Кхиош-кхобуш волчо дIа‚ вац Иза хьоь безам байна а.

4.

ТIаьхьарниг /эхарт/ тоьла хьуна хьалхарчул /дуьненал/.

5.

ТIаьхьа лур ду хьо Кхиош-кхобуш волчо хьуна - хир ву хьо реза.

6.

Хьо ца карийра Цуна бобер /беда/? Цо хьо тIеийцира.

7.

Хьо карийра Цуна (нийса дин довза) ваьлла лелаш - Цо хьо нийсачу новкъа виллира.

8.

Хьо карийра Цуна къе - Цо хьо хьал долуш вира.

9.

Ахьа ма белахь боберана ницIкъ‚

10.

Ахьа ма тохалахь /сагIа/ дуьйхург духа.

11.

Ахьа хьехаделахь хьан Кхиош-кхобуш волчун ниIмат.