92. АЛ-ЛАЙЛ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Буьйсанах дуй боу Аса /цо Iалам боданца/ дIахьулдеш‚

2.

Дийнах а дуй боу Аса‚ иза серладаьлча.

3.

Ша стаг а‚ зуда а кхоьллинчуьнца а дуй боу Аса.

4.

Баккъалла а, шун дIагIертарш тайп-тайпана ду-кх!

5.

Амма ша /сагIа/ делларг а‚ /Делах/ кхийринарг а‚

6.

Ша уггар хазниг /бусулба дин/ бакъдинарг -

7.

Оха цуна аттадийр ду аттачунна /ялсаманийна/ тIе /водар/.

8.

Амма ша пис хилларг‚ /дуьненан/ хьал лехнарг а‚

9.

Ша уггар хазниг харцдинарг -

10.

Оха цуна атта дийр ду халачунна /жоьжахатина/ тIе (водар).

11.

Иза хьалха воккхур вац цуьнан бахамо иза кIелвисча.

12.

Баккъалла а, Тхуна тIехь бу нийса некъ /иза билгалбаккхар/.

13.

Баккъалла а, Тхан ду тIаьхьарниг а‚ хьалхарниг а /эхарт а‚ дуьне а/.

14.

Аса кхерам тесина шуна алу кхуьссучу цIарца.

15.

ЧугIур вац цуна уггар даькъазниг бен‚

16.

Ша /дин/ харцдина хилла волу, /цунах/ дIавирзина волу.

17.

Цунах генаваьр ву уггар /Делах/ кхоьруш верг‚

18.

Шен бахам ша цIанвалан /закатна, сагIина/ луш верг‚

19.

Цхьаннегара шена бекхамна дикана ца лоьхуш‚

20.

Уггар лакхахь волчу ша Кхиош-кхобучун юьхь езар бен.

21.

Таьхьа реза хир ву иза /Дала ялсаманехь шена деллачу ниIматашна/.