91. АШ-ШАМС

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Малхах дуй боу Аса‚ цуьнан лепарах а.

2.

Баттах а дуй боу Аса‚ иза цу /малхана/ тIаьхьахIуттуш /кхеташ иза дIабуьзча/.

3.

Динах а дуй боу Аса иза цо /малхо/ къагош.

4.

Буьйсанах а дуй боу Аса‚ цо и /малх/ дIахьулбеш.

5.

Стигланах а дуй боу Аса‚ и хIоттинчух а /Делах/.

6.

Лаьттах а дуй боу Аса‚ иза даржинчух а /Делах/.

7.

Сих а дуй боу Аса‚ иза дIанисдинчух а /Делах/.

8.

Цо /Дала/ кхетийна и /са/ къа дарах а‚ /Делах/ кхерарах а.

9.

Декъала хили и /са дика Iамалш ярца/ цIандинарг.

10.

Декъаза хили и /са вон Iамалш ярца/ хьулдинарг.

11.

Харцдира /Делан дин/ самудаша шаьш тIех тиларца.

12.

Сихвелира царех уггар декъазниг /Дала яийтинчу эмкална урс хьакхан/.

13.

Элира цаьрга Делан элчано /Салихьо/: "ХIара Делан эмкал ю. Цуна хи далар шуна тIехь ду".

14.

Цара иза харцвира‚ цу /эмкална/ урс хьекхира. Шаьш Кхиош-кхобучо церан къа бахьанехь уьш хIаллакбира - /цу хIаллакбарехь/ цхьанисбира‚

15.

Цуьнан тIаьхьенах Иза ца кхоьру.