88. АЛЬ-ГIАШИЯ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Хьоьга деъний /хIай Мухьаммад/ дIалоцучун хабар?

2.

Цхьа яххьаш оцу дийнахь сийсаза хир ю‚

3.

Болх беш‚ кIадъелла‚

4.

Евхачу цIергахь егаш‚

5.

Шайна цIийдинчу хьастера хи малош.

6.

Даар хир дац царна кIохцалех бен.

7.

Цо барстор бац /уьш/‚ мацаллех хьалхабохур а бац.

8.

Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь ниIмат хьоьгуш.

9.

Шаьш /дуьненахь йолуш Далла гIуллакх дарна/ тIегIертарна реза йолуш.

10.

Лекхачу бешахь /ялсаманехь хир ю уьш/.

11.

Царна хозур дац цу чохь десса хабарш.

12.

Цу чохь ихаш шовда хир бу.

13.

Цу чохь айдина маьнганаш хир ду.

14.

Охьадихкина кедаш хир ду.

15.

МогIица дихкина гIайбанаш хир ду.

16.

Даржина кузаш а хир ду.

17.

Уьш ца хьожу эмкале‚ иза муха кхоьллина ю?

18.

Стигале‚ иза муха аййина ю?

19.

Лаьмнашка‚ уьш муха доьгIна ду?

20.

Лаьтте‚ иза муха даржина ду?

21.

Хьахаде /хIай Мухьаммад/! Хьо баккъалла а, хьехамча ма ву-й!

22.

Хьо царна тIе хIоттина хьекам ма вац.

23.

Ша дIавирзинарг /хьехамах/‚ керстаналла динарг а воцучунна /хьехам бе/.

24.

Цуна Дала Iазап дийр ду вуно доккхачу Iазапаца.

25.

Баккъалла а, Тхуна тIе церан дIаберзар ду.

26.

ТIаккха баккъалла а, Тхуна тIехь церан хьесап ду.