85. АЛЬ-БУРУДЖ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Стиглах дуй боу Аса‚ /седарчий чохь долу/ гIаланаш йолчу‚

2.

Шуна ваIда йина долчу /къемат/ дийнах а дуй боу Аса‚

3.

Ша тешалла деш долчу /пIераскан дийнах а/‚ шена тешалла деш долчу /Iарафатан дийнах а/ дуй боу Аса: /я пайхамарех шаьш неха тIехь тешалла дийр болу‚ я нахах пайхамарша шайна тIехь тешалла дийр долу/.

4.

ХIаллакьхилла саьнгарийн дай!

5.

ЦIеран дай а /хилла хIаллак/‚ шена ягориг йолчу.

6.

/Хьажал/ уьш лаьтта цуьнан гонахь хиина‚

7.

Шаьш муъма нахана тIехь дечуьнга хьоьжуш.

8.

Цаьргара чIир ца оьцура цара деккъа уьш Ша веза волчу‚ Ша хастаме волчу Делах тешаш бу аьлла бен.

9.

Ишттаниг ву Иза Шегахь долуш стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Дела массо хIуманна тIехь теш ву.

10.

Баккъалла а, и муъма божарий а‚ муъма зударий а байле лаьцнарш‚ тIаккха тоба ца динарш - царна жоьжахатин Iазап ду‚ царна цIеран Iазап ду.

11.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а - царна бошмаш ю‚ шайн бухахула татолаш лелаш долу. Иза боккха толам бу-кх!

12.

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волчун /Делан/ ницIкъ чIогIа бу-кх!

13.

Баккъалла а, Цо доладо а‚ Цо духадерзадо /муьлха гIуллакх/.

14.

Иза гечдийриг а ву‚ безаш /Шена гIуллакх деш берш/ верг а ву.

15.

Сийлахь Iаршан Да а ву‚

16.

Шена луург деш верг а ву.

17.

Эскарийн хабар деъний хьоьга‚

18.

ФирIавнан а‚ самудийн а /хабар/?

19.

ХIаъ! Цатешнарш харцона чохь ма бу.

20.

Дела царна тIехахула го бина ма ву (Дела царна тIехь ницIкъ болуш ву).

21.

ХIаъ! Иза сийлахь КъурIан ма ду.

22.

Лавхьул-Махьфуз чохь ма ду.