81. АТ-ТАКВИР

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Малх дIахьарчича‚

2.

Седарчий охьадегча‚

3.

Лаьмнаш /шайн меттигашкара/ дIадоладелча‚

4.

Пхора эмкалш Iу воцуш йисча‚

5.

Акхарой гулъйича‚

6.

ХIоьрдаш дагийна‚ царех цIе хилча‚

7.

Синош /шайн дуьненахь хиллачу догIмийн чу/ дIадерзича‚

8.

Дийна йолуш дIайоьллина /кешна чу/ хиллачу йоIе хаьттича,

9.

ХIун къа бахьанехь иза йина хилла аьлла.

10.

/Нехан Iамалш тIеяздина/ тептарш дIаделлича‚

11.

Стигал /уьстагIан цIока доккхуш санна/ схьаяккхича‚

12.

Жоьжахати дIалатича‚

13.

Ялсамани /Делах кхоьруш хиллачаьрна/ герга ялийча -

14.

/И массо хIума хилча тIаккха/ сина хуур ду ша хIун деъна.

15.

ХIан-хIа! Дуй боу Аса дIасхьалелачу седарчех /шаьш хиллачу меттигера дIатилаш хиллачу/‚

16.

/Буьйсана гучудолуш стигалхула/ дIасхьалелаш‚ тIаккха дIахьуллеш долчу седарчех а‚

17.

Буьйсах а‚ иза Iаржъелча‚

18.

Iуьйренах а‚ иза садаIа йолаелча -

19.

Баккъалла а, иза /КъурIан/ сийлахь долчу элчанан дош ма ду‚

20.

НуьцIкъала долчу Шегахь чIогIа Iарш йолчун /Далла/ гергахь‚

21.

/Шена кхин маликаш/ муьтIахь долчу‚ цигахь ша тешаме долчу.

22.

Ма вац шун накъост /Мухьаммад/ жиних /цхьаболчу керстанашна ма моьтту/.

23.

Цуна и /Джабраил малик/ ма гира серла еллачу анахь /стиглан арахь/.

24.

И ма вац шега къайлахь /нахана ца гуш долу/ доуьйтачу вехьех хIумма эшадеш /нахах хьулдеш‚ ца дуьйцуш/.

25.

И /КъурIан/ ма дац /цхьаболчу керстанашна ма метта/ тIулгашца эккхочу шайтIанан дош.

26.

Шу мича гIош ду /цу КъурIанна инкарло еш/?

27.

Иза беккъа хьехам бу Iаламашна‚

28.

Шух ша нисвала луучунна.

29.

Шуна луур-м дац Iаламийн Да ша волчу Далла ца лаахь.