79. АН-НАЗИIАТ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Шаьш нуьцIкъала /керстанийн синош/ схьадохучу /маликех/ дуй боу Аса.

2.

Шаьш жигара /муъма нехан синош/ схьаоьцучу /маликех/ дуй боу Аса.

3.

Нека дечаьрех нека дарах а дуй боу Аса.

4.

Сих луш долчарех сихдаларах дуй боу Аса.

5.

/Делан/ омра шен-шен метта дIадоькъучарех /маликех/ а дуй боу Аса.

6.

Оцу дийнахь /Iалам/ эгор ду эгочо.

7.

Цуьнан тIаьххьо хир ду тIаьхьадогIург.

8.

Дегнаш оцу дийнахь детталуш хир ду.

9.

Церан хьежар кхераделла хир ду.

10.

Олу цара: "Вай духадерзор ду вай схьадаьллачу /дахаре/.

11.

Вай хиллачул тIаьхьа дахкаделла даьIахкаш?"

12.

Элира цара: "Иза хIета дайна духадерзар ма ду".

13.

Баккъалла а, иза беккъа цхьа мохь хир бу.

14.

Уьш берриге /денбина/ латта тIехь хир бу.

15.

Хьоьга деъний Мусан хабар?

16.

Цуьнга кхийкхира иза Кхиош-кхобушволчо ТIува цIе йолчу атагIахь:

17.

"Хьада ФирIавна тIе гIо‚ иза тIехваьлла /Делан дозанех/.

18.

Ахьа ала /цуьнга/: "Хьо /ширках/ цIанвала дагахь ву-й?

19.

Аса нисвийр ву хьо Кхиош-кхобучунна тIе‚ тIаккха кхоьрур ву хьо".

20.

Цо /Мусас/ гайтира цуьнга доккха делил /муIжизат‚ бозбуанчалла/.

21.

Харцдира /иза ФирIавнас/‚ Iеса велира иза.

22.

ТIаккха вухавелира сихвелла.

23.

Цо гулбира /бозбуанчаш а‚ шен бIо а/‚ кхийкхира‚

24.

Элира: "Со ву лекха волу шу кхиош-кхобуш волу /шун дела/!"

25.

Дала схьалецира иза тIаьххьара /дош бахьанехь/ таIзарций‚ хьалха аьлла /дош бахьанехь/ таIзарций.

26.

Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бара /Делах/ кхоьруш волчунна.

27.

Шу дара хала /Цуна/ кхолла я стигал яра? Цо йира иза!

28.

Цо айбира цуьнан тхав‚ тIаккха нисйира.

29.

Бодане йира цуьнан буьйса‚ схьадаьккхира сатасар.

30.

Латта цул тIаьхьа даржира Цо.

31.

Схьадаьккхира цунах хи а‚ дожийлаш а.

32.

Лаьмнаш чIагIдира Цо /латта тIехь/.

33.

Шуна а пайда хилла‚ шун бежнашна а.

34.

Боккха бала беъча

35.

Оцу дийнахь адамна дагадогIур ду ша къахьегнарг.

36.

Гойтур ю жоьжахати гучунна.

37.

Амма тIехваьлларг /Делан дозанех/‚

38.

Дуьненан дахар хаьржинарг -

39.

Жоьжахати хир ю цуьнан чугIойла.

40.

Амма ша Кхиош-кхобучунна хьалха хIотта кхоьруш хилларг‚ шен дезачух /дуьненан марзонах/ шен са а духатоьхнарг -

41.

Ялсамани хир ю цуьнан чугIойла.

42.

Хьоьга хоьтту цара сахьтах‚ маца хир ду иза хIоттар‚ бохуш‚

43.

Хьуна мичар ду и хьехадан?

44.

Хьо Кхиош-кхобучуьнга ю цуьнан чакхе!

45.

Баккъалла а, хьо кхерамча ву цунах кхоьрушволчунна.

46.

Уьш иза шайна гуш долчу дийнахь хир бу шаьш /кешний чохь/ цхьа суьйре а‚ цхьа Iуьйре а ца яккхинарш санна.