77. АЛЬ-МУРСАЛЯТ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

ТIеттIа дохуьйтучу мехашца /дуй боу Аса/‚

2.

НуьцIкъала хьоькхучу мехашца /дуй боу Аса/‚

3.

/ДогIа/ даржочу мехашца /дуй боу Аса/‚

4.

/Бакъдерг харцдолчух‚ хьанал хьарамах/ къасточу /КъурIанан аяташца/ /дуй боу Аса/‚

5.

/Хьехам пайхамаршка/ дIалуш долчу /маликашца/ /дуй боу Аса/‚

6.

/Далла наха/ бехк ца биллитарна /шайга элчанаш ца баийтира‚ аьлла/‚ /Делера/ кхерам тасарца а /доуьйту и вехьеш/.

7.

Баккъалла а, шуна ваIда йинарг хилаза ца долу.

8.

Седарчий дIадайинчу хенахь‚

9.

Стигал единчу хенахь‚

10.

Лаьмнаш нисбина дIасхьабаьржинчу хенахь‚

11.

Элчанаш /гулбан тешалла дан/ хан тоьхначу хенахь.

12.

Муьлхачу денна тIаьхьатаьттина /элчанийн тешалла?

13.

Къастаман денна!

14.

Хьан хаийтина хьоьга /хIай Мухьаммад/‚ хIун ду и къастаман де?

15.

Боккха бала бу оцу дийнахь /дин/ харцдечаьрна.

16.

Оха хIаллак ца бина хьалха хилларш?

17.

ТIаккха царна тIаьхьабохуьйтур бу Оха тIаьхьахилларш.

18.

Иза до Оха къиношдиначаьрна.

19.

Боккха бала бу оцу дийнахь /дин/ харцдечаьрна.

20.

Оха ца кхоьллина шу хIумма йоцчу хих?

21.

Оха дIа ца нисдира иза чIогIачу меттигехь?

22.

Цхьа билгала хан тIекхаччалц.

23.

Оха дIанисдира‚ дика дIанисдираш а ду /Тхо/.

24.

Боккха бала бу оцу дийнахь /дин харцдечаьрна/.

25.

Оха ца хилийтира латта /шуна/ дIатардала меттиг хилла?

26.

Дийна болчаьрна а‚ беллачаьрна а‚

27.

Оха хилийтира цунна тIехь лекха лаьмнаш‚ шуна малора теза хи.

28.

Боккха бала бу оцу дийнахь /дин/ харцдечаьрна.

29.

/Эр ду маликаша/: "ДIагIо /хIинца/ шаьш ша харцдеш хиллачунна /жоьжахатин Iазапна/ тIе!

30.

ДIагIо шен кхо дакъа долчу IиндагIе!"

31.

IиндагIа а хир дац /цунах/‚ цIерах а хьалхадохур дац цо.

32.

Баккъалла а, цо суйнаш кхуьссур ду гIаланаш санна‚

33.

Шаьш можа эмкалш санна‚

34.

Боккха бала бу оцу дийнахь /дин/ харцдечаьрна!

35.

Иза де ду - уьш бист хир бац.

36.

Царна пурба лур дац тIаккха цара бехказлонаш ян.

37.

Боккха бала бу оцу дийнахь /дин/ харцдечаьрна!

38.

Иза къастаман де ду. Оха гулдийр ду шу а‚ хьалхарнаш а.

39.

Шайна цхьа мекарло хиллехь‚ йе Суна /шайн/ мекарло!

40.

Боккха бала бу оцу дийнахь /дин/ харцдечаьрна!

41.

Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш - уьш хир бу IиндагIехь а‚ шовданашкахь а‚

42.

Шайна безначу стоьмашкахь а.

43.

ГIоза даа‚ гIоза мала шаьш Iамал йина ма хилла!

44.

Оха иштта бекхам бо дикачаьрна!

45.

Боккха бала бу оцу дийнахь /дин/ харцдечаьрна!

46.

Даа‚ кIеззиг пайда эца /дуьненахь/: баккъалла а, шу къинош динарш ду-кх!

47.

Боккха бала бу оцу дийнахь /дин/ харцдечаьрна!

48.

Цаьрга элча: "Гора гIо /ламаз де/!" - уьш гора ца гIора.

49.

Боккха бала бу оцу дийнахь /дин/ харцдечаьрна!

50.

Муьлхачу дийцарах цул тIаьхьа уьш тешар бу?