75. АЛЬ-КЪИЯМА

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

ХIан-хIа! Дуй боу Аса къематденца.

2.

ХIан-хIа! Дуй боу Аса бехкаш бохучу сица.

3.

Адамна моьтту-те Оха янне гулйийр яц шен даьIахкаш?

4.

ХIаъ! НицIкъ болуш ду /Тхо/ цуьнан пIелгаш /гулдина‚ вовшехтоьхна/ дIанисдан.

5.

ХIаъ‚ луур ду адамна харц лен шен хьалхахь /къематдийнахь кIелхьара валархьама/.

6.

Хоьтту цо /цавешаш/ маца хир ду и къематде? -

7.

БIаьрса /хьере хилла/ дIатохаделча.

8.

Бутт лаьцича /шен нур дIадихьна‚ бода хилча/.

9.

Малх а‚ бутт а вовшехтоьхча.

10.

Эр ду адама оцу /къемат/ дийнахь: "Мичахь ю дIавадан меттиг?"

11.

ХIан-хIа! ДIавадан меттиг ма яц!

12.

Хьуо Кхиош-кхобучунна тIе ю оцу дийнахь дIанисвалан меттиг.

13.

ДIадуьйцур ду оцу дийнахь адаме цо хьалхадаьккхинарг а‚ цо тIаьхьатаьттинарг а.

14.

ХIаъ‚ тIаккха адам ша шена тIехь теш хир ду-кх /массо межено тешалла дийр ду ша диначунна тIехь/.

15.

Шен бехказлонаш цо мел кхиссича а /къабал йийр яц уьш/.

16.

Хьан мотт ма хьавзабе цуьнца /Джабраил малико хьайга КъурIанан аяташ доьшучу хенахь/ цуьнца сих валархьама /хьайна дагахь ца дисаран кхоьруш, хIай Мухьаммад/.

17.

Баккъалла а, Тхуна тIехь ду иза гулдар а /хьан дагчохь/‚ иза дешийтар а /хьан маттаца/.

18.

Оха иза доьшуш тIаьхьахIотта цуьнан дешарна.

19.

ТIаккха Тхуна тIехь ду иза билгалдаккхар а.

20.

ХIаъ! Шу ма дезаш ду сиханиг.

21.

Аш дуьтуш ма ду тIаьхьарниг /эхарт/.

22.

Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь екхаелла‚

23.

Шаьш Кхиош-кхобучуьнга хьоьжуш.

24.

Цхьа яххьаш хир ю оцу дийнахь мархаелла

25.

Шайна тIехь боккха ницIкъ бина хьуна хеталуш.

26.

ХIан-хIа! /Са озина доккхуш/ и лаге кхаьчча,

27.

Эр ду: "Мила ву - иза юхадерзор дерг /тодеш/?"

28.

Хуур ду /адамна/ хIара /дуьненах/ дIакъастар дуйла.

29.

/Са юьзаш ветталуш/ ност ностарх кхетар ю.

30.

Хьуо Кхиош-кхобучуьнга хир ду оцу дийнахь /нах/ дIалахкар /шаьш йинчу Iамалах бекхам эцан/.

31.

Бакъ ца дора /адамо хIара дин/‚ ламаз а ца дора.

32.

Амма харцдира‚ /ламаз дарах/ вухавелира.

33.

ТIаккха шен доьзална тIе воьдара кура боларца.

34.

Ма бала бу хьуна‚ ма бала бу!

35.

ТIаккха ма бала бу хьуна‚ ма бала бу!

36.

Моьттуш ду-те адамна ша эрна /тIе декхарш а ца духкуш/ дуьтур ду?

37.

Иза /адам/ дацара ткъа /хилла/ тIадамах /зудачунна чу кхоьссинчу стеган хих/?

38.

ТIаккха детана цIи хилира цунах. ТIаккха Цо кхоьллира /цунах адам/‚ нисвира иза /шен меженашца/.

39.

ТIаккха цунах Цо хилийтира шиъ: боьрша стаг а‚ зуда а.

40.

Ткъа Иза ницIкъ кхочуш вац белларш денбан?