71. НУХЬ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Баккъалла а, Оха вахийтира шен къомана тIе Нухь: "Кхерам таса хьан къамана цуна тIе лазош долу Iазап дале"‚ аьлла.

2.

Цо элира: "ХIай сан къам! Баккъалла а, со шуна билгала волу кхерамча ву-кх:

3.

Далла Iибадат де‚ Цуьнах кхера‚ суна муьтIахь хила!

4.

/ТIаккха/ Цо гечдийр ду шуна шун къинош‚ тIаьхьатоттур ду шу /Iазап ца деш/ цхьана тоьхначу ханна - Iожалла кхаччалц. Баккъалла а, Делан Iожалла ша еъча тIаьхьа ца таттало‚ шу хууш хиллехь".

5.

Цо /Нухьас/ элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, аса кхайкхира /дин/ сан къаме буса а‚ дийнахь а.

6.

Амма сан кхайкхамо уьш /динах/ бовдар бен алсам ца даьккхи.

7.

Баккъалла а, аса уьш мел кхайкхи Хьоьга шайна гечдан‚ цара шайн пIелгаш шайн лергий чудуьхкара /сан кхайкхар шайна ца хазийтархьама/‚ шайн бедаршца шайн кортош хьулдора /ца хазийтархьама/‚ уьш чIагIбелира /шайн къиной тIехь/‚ курабелира курабаларца.

8.

ТIаккха аса цаьрга кхайкхира чIогIа.

9.

ТIаккха баккъалла а, аса цаьрга кхайкхира гучахь, аса кхайкхира цаьрга къайлах.

10.

Аса элира: "Гечдар деха шаьш Кхиош-кхобуш волчу Деле‚ баккъалла а, Иза хилла дукха гечдешверг.

11.

Цо стигал йоуьйтур ю шуна алсам /догIица/.

12.

Цо гIодийр ду шуна хьолаца‚ кIенташца‚ хуьлуьйтур ю шуна бошмаш‚ хуьлуьйтур ду шуна хиш-татолаш.

13.

Шуна хIун хилла? ХIунда дог ца доху аш Деле /Иза/ лийрарца?

14.

Цо кхоьллина шу даржаца /цIа тIадам‚ тIаккха детина цIи хуьлуш‚ тIаккха - даьIахк хуьлуш‚ тIаккха цунна тIе жижиг латош…/.

15.

Шуна ца го‚ муха кхоьллира Дала тIеттIа ворхI стигал?

16.

Цо хилийтира бутт царна чохь нур хилла‚ Цо хилийтира малх чиркх хилла.

17.

Дала шу схьадовлийтира лаьттах орамат /санна кхуьуш/. /Адам лаьттах кхоьллира/.

18.

ТIаккха Цо шу юха дIадерзор ду цуьнга /лаьтте/‚ схьадохур ду схьадахарца /къематдийнахь/.

19.

Дала хилийтина шуна латта кIел куз санна.

20.

Шу цуна тIехахула лелийтархьама шайна шуьйра некъаш луьйцуш".

21.

Нухьас элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ баккъалла а, цара суна Iесалла йи‚ уьш тIаьхьахIоьтти шен бахамо а‚ шен доьзало а шайна эшал бен сов ца яьккхинчунна.

22.

Цара йи йоккха мекарло‚

23.

Цара элира: "Ма биталаш шайн делий а‚ ма виталаш Вадда а‚ СуваI а‚ ЯгIус а‚ ЯIукъ а‚ Наср а!"

24.

/Нухьас доIа дира/: "Цара тилира дукханаш‚ зуламхой сов ма бахалахь тиларций бен".

25.

Шайна гIалатех /къинойх/ уьш хича бахийтира‚ тIаккха цIерга бахийтира‚ царна ца карийра Дела воцург гIоьнчий.

26.

Нухьас элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа ма виталахь лаьттан тIехь цатешачарех цхьа а цIа чохь вехаш верг.

27.

Баккъалла а, Ахьа уьш битахь цара Хьан лай тилор бу‚ цара дуьнена бохур бац къинош деш верг‚ цатешаш верг бен.

28.

Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа гечделахь суна а‚ сан денна-нанна а‚ муъма хилла сан цIачу ваьллачунна а‚ муъма нахана а‚ муъма зударшна а‚ Ахьа сов ма бахалахь зуламхой хIаллакбарций бен!"