69. АЛЬ-ХЬАККЪА

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Бакъхилла доьжнарг.

2.

ХIун ду и бакъхилла доьжнарг?

3.

Хьан хаийтина хьоьга‚ хIун ду и бакъхилла доьжнарг?

4.

Самудаша а‚ Iадаша а харцдира тухуш дерг.

5.

Амма самудаш а хIаллакбира /чIогIаллица/ дозанах беллачу мохьаца.

6.

Амма Iадаш а хIаллакбира инзаре нуьцIкъалчу мехаца.

7.

Царна тIе кхоьллира Цо иза ворхI буьйсанахь а‚ борхI дийнахь а тIеттIа. Хьуна гур бара нах оцу дийнахь /хIаллак бина/ дIасхьакхиссина‚ тIекIел даьхна хурманан диттан гIадаш санна.

8.

Цхьа а бухадисар гуй хьуна царна?

9.

Веара ФирIавну‚ цул хьалха мел верг а‚ муътафикаташ а /беара/ къа деш.

10.

Цара Iесалла йира шаьш Кхиош-кхобуш волчу Делан элчана - тIаккха уьш схьалаьцира чIогIа долчу схьалацаро.

11.

Оха хи дозанах даьлча дихьира шу лелаш  долчуьнца /кеманца/.

12.

Иза хилийтархьама шуна хьехам‚ тидаме долчу лерге тидаме эцийтархьама а.

13.

Сур лекхча цхьа лакхарца‚

14.

Латта а дIадихьча‚ лаьмнаш а /айдича/‚ уьш дадийча цхьа дадарца -

15.

Оцу дийнахь дужур ду хилаза ца даьлларг /къематде/.

16.

Стигал йедар ю‚ оцу дийнахь хир ю иза ледара.

17.

Маликаш хир ду цуьнан йисташкахула. Хьо Кхиош-кхобуш волчу хьан Делан Iарш хьур ю оцу дийнахь борхIамо.

18.

Оцу дийнахь шу хIоттор ду /кхиэлна/ хьалха‚ цхьа а хьуллеш хуьлу хIума хьулделла хир дац шух.

19.

Амма шен жайна шега аьтту куьйга делларг‚ цо эр ма ду: "ХIей‚ схьадуьйла! Деша сан жайна!

20.

Баккъалла а, со метташ ма вара /цхьана дийнахь/ сан хьесап суна дуьхьал кхетар дуйла".

21.

Иза хир ву ша реза волчу дахарехь.

22.

Лекхачу бешахь.

23.

Шен стоьмаш гергахь болуш.

24.

/Эр ду цаьрга/: "ГIоза даа‚ гIоза мала шайна шаьш хьалхадаьккхинарг дIадаханчу деношкахь".

25.

Амма шен жайна шега аьрру куьйга делларг‚ цо эр ма ду: "ЭхI! И сан жайна соьга ма делла далхьара!

26.

Суна хууш хир ма дацара сан хьесап.

27.

Сан /дуьненахь/ валар хилла далхьара тIаьххьара‚ /со вуха ден ца веш/.

28.

Со кIелхьара ца ваьккхи сан бахамо.

29.

ХIаллакхили соьгара сан паччахьалла".

30.

/Делан омра догIур ду/: "Схьалаца иза! ДIавихка иза!

31.

ТIаккха жоьжахатехь вагаве иза.

32.

ТIаккха зIайнах‚ шен яхалла кхузткъе итт дол йолчу‚ вилла иза".

33.

Баккъалла а, иза вацара сийлахь-воккхачу Делах тешаш.

34.

Мискачунна даа хIума дала /кхечаьрна/ дагадоуьйтуш вацара иза.

35.

Вац цуна тахана кхузахь цхьа а доттагIа.

36.

Даа хIума дац диларш бен.

37.

Уьш дуур дац гIалат баьллачаьра а бен.

38.

ХIан-хIа! Аса дуй боу шуна гуш долчуьнца

39.

Шуна гуш доцучуьнца а:

40.

Баккъалла а, иза сийлахьчу элчанан дош ма ду (Делера цо дуьйцуш).

41.

ШаIиран дош ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх шу тешаш дерг.

42.

Бозбуанчин дош а ма дац иза‚ кIеззиг ду-кх аща ойла еш дерг.

43.

Iаламийн Дегара охьадоссина ду иза /КъурIан/.

44.

Цо Тхуна аьллехьара цхьацца (Оха аьлла доцу) дешнаш

45.

Оха схьалаьцна хир вара иза аьтту куьйга‚

46.

ТIаккха хадийна хир бара цуьнан деган пха.

47.

Шух цхьа а хир ма вацара цунах иза духа тухуш.

48.

Баккъалла а, иза /КъурIан/ хьехам бу-кх /Делах/ кхоьруш болчарна.

49.

Баккъалла а, Тхо хууш ду-кх шух /дин/ харц деш берш буйла.

50.

Баккъалла а, иза (КъурIан) пашмалла ю-кх цатешачаьрна. (Цуьнга иман диллинчарна хир долу ниIматаш гина пошме хир бу керстанаш).

51.

Баккъалла а, иза хьакъ-бакъдерг ду-кх!

52.

Сийлахь-воккхачу хьуо Кхиош-кхобуш волчу хьан Делан цIе хастае!