68. АЛЬ-КЪАЛАМ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Нун. Дуй боу Аса къоламца а‚ цара /маликаша/ яздеш долчуьнца а:

2.

Хьо ма вац Делан къинхетамца жинийх.

3.

Баккъалла а, хьуна ма ю хадалур йоцу ял.

4.

Баккъалла а, хьо ма ву сийлахь-доккхачу гIиллакхна тIехь.

5.

ТIаьхьа гур ду хьуна‚ царна а гур ду‚

6.

Мила ву шух питане лаьцнарг.

7.

Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш волу хьан Дела - Иза ву дика хууш верг шен некъах тилавелларг‚ Иза ву дика хууш верг нийсачу новкъахь берш.

8.

Хьо муьтIахь ма хилалахь /дин/ харцдеш болчаьрна.

9.

Уьш лууш бара хьо кIеда хила - тIаккха шаьш кIеда хила.

10.

Хьо муьтIахь ма хилалахь массо /харц/ дуйнаш дуккха боуш сийсаза волчунна‚

11.

/Массо/ луьйш волчунна‚ меттанаш дIасхьа кхуьйхьуш волчунна‚

12.

Дикачу /хIуманна/ новкъарло еш волчунна‚ къинош деш дозанах ваьлла волчунна‚

13.

Къизачунна‚ цул совнаха а шен дуьнена валар шеконехь долчунна /да мила ву ца хууш/.

14.

Шен хьал дара‚ кIентий а бара але /муьтIахь ма хилалахь цуна/.

15.

Шена Тхан аяташ дийшича цо элира: "Хьалхалерачийн туьйранаш ду хIорш".

16.

Оха шен меран тIе васт дуьллур ду цуна.

17.

Баккъалла а, Оха зийр уьш‚ Оха цхьаьна бешан дай зерах терра:  цара дуй биира‚ шаьш цуьнан стоьмаш туьйдур бу Iуьйранна‚ аьлла‚

18.

"Дала мукъалахь" ца элира цара.

19.

ТIаккха цуна /бешана/ го тесира хьо кхиош-кхобуш волчу хьан Делера го тосуш долчу‚ уьш наб еш болуш.

20.

Iуьйранна /егана/ Iаржъелла карийра иза.

21.

Iуьйранга баьлча вовшашка кхийкхира цара:

22.

"Шайн беша гIо‚ шаьш стоьмаш бохур белахь"‚ аьлла.

23.

Уьш болабелира меллаша вовшашка луьйш:

24.

"Тахана шуна тIе /шун беша/ цхьа а мисканиг ма вогIийла /стоьмаш буьхуш/".

25.

Iуьйранна новкъа белира уьш шайн дагахь /мисканиг/ духа тоха ницIкъ болуш.

26.

Иза шайна /егна/ гича‚ цара элира: "Баккъалла а, вай тиладелла‚

27.

ХIаъ‚ вай /и стоьмаш/ боцуш дисина".

28.

Царех кхечарел Iедале волчо элира: "Аса ца аьллера шуьга: аш /Далла/ хастам бинехьара"‚ аьлла?

29.

Цара элира: "Вонах цIена ву-кх и вай Кхиош-кхобуш волу Дела‚ баккъалла а, вай хили-кх зуламхой".

30.

Уьш вовшашна бехкаш бохуш дуьхьал бийлира.

31.

Цара элира: "Ма бала бу вайна:  вай дукха тIехдевлира".

32.

Вай Кхиош-кхобуш волчу вай Дала вайна цул дикачуьнца хийцо а тарло. Баккъалла а, вай Кхиош-кхобуш волчу вайн Далла тIедирзина ду-кх".

33.

Иштта ду Iазап‚ ткъа эхартан Iазап вуно доккха ду уьш хууш хиллехь.

34.

Баккъалла а, /Делах/ кхоьручаьрна шаьш Кхиош-кхобуш волчу Далла гергахь ниIматийн бошмаш ю.

35.

Ткъа Оха хуьлуьйту /Далла/ мукIар болу нах къинош дечарех тера?

36.

Шуна хIун хилла? Аш муха хьукам до?

37.

Я шуна жайна ду‚ аш цу чохь доьшуш?

38.

Баккъалла а, шуна цу /жайна/ чохь долуш аш мел хоржург?

39.

Я шуна Тхоьца биъна дуйнаш бу къематде кхаччалц‚ баккъалла а, шайна аш дина хьукам хир долуш?

40.

Хатта цаьрга‚ мила ву царех и чIагIдешверг.

41.

Я церан накъостий бу? Схьабалабе цара шайн и накъостий шаьш бакълуьйш хиллехь.

42.

Оцу дийнахь настарш ерзина хир ю‚ уьш кхойкхур бу суждане - царна мугар дац‚ -

43.

БIаьргаш охьадахна‚ сийсазалла тIейоьжна. Цаьрга суждане кхойкхуш дара уьш могуш болуш.

44.

Вита Со суо хIара хабар харцдеш волчуьнца. Оха схьалоцур бу уьш кIез-кIеззиг царна ца хуучухула.

45.

Аса хан лур ю царна. /Церан мекарлонна дуьхьал/ Сан мекарло чIогIа ю-кх.

46.

Я ахьа цаьрга мах боьху уьш декхарша кIелбитина болуш?

47.

Я цаьргахь гушдоцург /девзаш Iилма/ ду цара дIаяздеш?

48.

Собар де хьуо Кхиош-кхобуш волчу хьан Делан хьукамна‚ ма хилалахь чIеран накъостах тера: цо /Деле/ кхийкхира ша /чIеран кийрахь пашмаллица/ гатвелла волуш.

49.

Ша Кхиош-кхобуш волчун ниIмат шех ца кхиънехьара иза кхоьссина хир вара /чIеран кийрара/ ара сийсаза а хилла.

50.

Ша Кхиош-кхобуш волчо хаьржира иза‚ цо хилийтира иза дикачарех.

51.

Цатешаш берш кийча бу шайн бIаьргашца хьо хIаллак ван шайна хьехам хезначул тIаьхьа‚ цара олу: "Баккъалла а, иза жинийх ву-кх".

52.

Иза-м бац массо Iаламна хьехам бен.