67. АЛЬ-МУЛК

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Беркате хили Иза‚ Шен куьйгахь паччахьалла долу‚ Ша массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш берг волу.

2.

Иза ву Ша кхоьллина валар а‚ дахар а шу зерхьама‚ муьлхарниг ву шух вуно диканиг Iамал ярца. Иза ву веза верг а‚ гечдийриг а.

3.

Иза ву Ша кхоьллина ворхI стигал тIеттIа. Хьуна гур ма дац сов Къинхетаме волчо кхоьллинчун юкъехь цхьаъа вовшашца ца йогIу хIума. Тохал бIаьрг: гу-й хьуна цхьа а яьдда меттиг?

4.

ТIаккха юх-юха а тохал бIаьрг - хьоьга духадоьрзур ду бIаьргтохар кIелдисна‚ гIелделла.

5.

Оха хаздина дуьненан стигал чиркхашца /седарчашца/‚ Оха хилийтина уьш шайтIанашна кхоссарш. Оха кечдина царна /шайтIанашна/ егачу цIеран Iазап.

6.

Шаьш Кхиош-кхобушволчу Делах цатешначаьрна а жоьжахатин Iазап ду. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!

7.

Шаьш цу чу кхоьссича царна хозур ду цуьнан угIарш‚ и ша кхехкаш йолуш.

8.

Ша оьгIазъялла эккха кечъелла: цу чу /къинош диначаьрийн/ толгIа массаза кхоьссича а цуьнан гIаролаша цаьрга хоттур ду: "Кхерамча /Делан элча/ ца веара Шуьга?"‚ аьлла.

9.

Цара эр: "ХIаъ‚ веара тхоьга кхерамча - Оха иза харцвира‚ оха элира: "Дала хIумма а ца доссина‚ шу ма ду доккхачу тилар чохь".

10.

Цара элира: "Тхо хиллехьара ладугIуш а‚ ойла еш а - тхо хир ма дацара егачу цIеран дайшлахь".

11.

Уьш къер хилира шайн къина. /Делан къинхетамах/ ма генахь бу-кх егачу цIеран дай!

12.

Баккъалла а, шайна гуш воцушехь шаьш кхиош-кхобуш волчу шайн Делах кхоьруш берш - царна ду гечдар а‚ йоккха ял.

13.

Къайла даккха шайн дош я гучу даккха иза - баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.

14.

Ткъа ца хаьа Цуна‚ ша кхоьллинчунна? Иза ву сов кхетаме верг а‚ сов дика хууш верг а.

15.

Иза ву Ша шуна латта динарг мукIар шу лела цуьнан агIонашкахула‚ аш даа цуьнан рицIкъах - Цуьнга ду /шун кешнашкара/ гIовтар.

16.

Шу тешна ду-й стиглахь волчух Цо шаьш лаьттах худор дац аьлла и детталучу хенахь?

17.

Я шу тешна ду-й стиглахь волчух Цо шайна боуьйтур бац аьлла чIогIа мох? ТIаьхьа хуур ду шуна‚ муха хиллера Сан кхерам.

18.

Харцбира /элчанаш/ шул хьалха хиилачаьра а - муха хила /царна/ Сан оьгIазло!

19.

Царна ца го олхазарш шайна тIехула лелаш долу - /шайн тIамаш/ даржадеш‚ тIаккха тIегулдеш? Уьш сацадеш верг-м Сов Къинхетаме волу Дела бен вац. Баккъалла а, Иза ву-кх массо хIума гуш верг.

20.

Мила ву и шуна бIо хилла гIо дийр дерг‚ ша сов къинхетаме волу Дела воцург? Цатешнарш Iехабаларгахь бу-кх.

21.

Мила ву иза шуна рицIкъ лург дерг Цо Шен рицIкъ сацадича? ХIаъ‚ ма /Далла/ дуьхьал баьлла уьш‚ ма /бакъдолчунна/ гена баьлла уьш.

22.

Ткъа шен юьхь тIехь лелаш верг ву нийса‚ я нийсачу новкъа нисса лелаш верг ву?

23.

Ахьа ала: "Иза ву шу кхиинарг а‚ шуна хазар а‚ бIаьрса а‚ дегнаш а динарг а. КIеззиг ду-кх аш баркалла олург!"

24.

Ахьа ала: "Иза ву шу лаьттахь даржинарг‚ Цуьнга гулдийр долуш а ду шу".

25.

Цара олу: "Маца хир ду и аш бохург шу бакълуьйш хиллехь?"

26.

Ахьа ала: "Iилма Делан гергахь ду‚ ткъа со билгала волу къерамча ву".

27.

Иза шайна гича гергахь‚ цатешначаьрийн яххьаш ирчаелира‚ /цаьрга/ элира: "ХIара ду и шу шега кхойкхуш хилларг!"

28.

Ахьа ала: "Гой шуна‚ со Дала хIаллаквича‚ соьца берш а‚ я Цо тхоьх къинхетам бича‚ хьан кIелхьара бохур бу цатешнарш лазош долчу Iазапах?"

29.

Ахьа ала: "Иза ву сов къинхетаме волу Дела‚ Цуьнга иман диллина оха‚ Цуьнан тIе а тевжина. ТIаьхьа хуур ду шуна‚ мила ву билгалчу тиларчохь".

30.

Ахьа ала: "Гой шуна‚ и шун хи лекъича‚ хьан лур ду шуна шовданан хи?"