66. АТ-ТАХЬРИМ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

ХIай пайхамар! Ахьа хIунда хьарам до Дала хьуна хьанал динарг‚ хьан зударий резабан гIерташ? Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ву.

2.

Дала тIе диллина шуна дуйнаш бастар. Дела ву шун гIоьнча. Иза ву хууш верг а‚ хьукаме верг а.

3.

Пайхамара шен цхьаболчу зударшка къайлах хаийтира хилларг. Цо иза кхечаьрга дийцича‚ Дала иза гучудаьккхира цуна /элчана/. Цунах /цу хабарх/ цхьадерг довзийтира цо /элчанас Хьафсате/ цхьадерг хьулдийра. Цо цуьнга /Хьафсате/ и дийцича‚ элира: "Хьан дийцина хьоьга иза?" Цо элира: "Соьга дийцина иза хууш волчо‚ сов дика хууш волчо" /Дала/.

4.

Аша шиммо /Хьафсата а‚ Iаишата а/ тоба дича Деле… /Дала гечдийр ду шуна/. Шу шиннан дог дIатевжира /бакъдолчух/. Аш вовшашна гIо дахь цуна /пайхамарна/ дуьхьал - баккъалла а, Дела - Иза ву цуьнан ларвархо‚ Джабрил а ду‚ муъма нахах бакъ мел верг а ву‚ маликаш а ду цул тIаьхьа гIоьнчий.

5.

Мега иза Кхиош-кхобушволчу цуьнан Дала цо шу дитича цуна шул дика зударий бало: шаьш бусулба болуш‚ муъма болуш‚ муьтIахь болуш‚ тоба деш болуш‚ Iибадат деш болуш‚ /пайхамарца/ дIасхьалелаш болуш‚ хьалха марехь хилларш а‚ маре баханза болу мехкарий а.

6.

ХIай иман диллинарш! Ларде шаьш а‚ шайн доьзал а /жоьжахатин/ цIерах‚ шен ягориг нах а‚ тIулгаш а болчу‚ цуьнан тIе хIоьттина ирча‚ чIогIа маликаш ду‚ шаьш Далла Iесалла ца еш Цо шайга динчу омрана; шаьш кхочуш деш шайга омра деш дерг.

7.

ХIай /Делах/ цатешна берш! Шу бехказа ма дийла тахана: шуна беш болу бекхам аш /дуьненахь/ дина хилларг ду.

8.

ХIай иман диллинарш! Шу дерза Деле цIеначу тобанца - тарло шу Кхиош-кхобучу шун Дала шу цIандан шун къинойх‚ /тIаккха/ шу бошмашна чу дохка‚ шайн бухахула татолаш а лелаш долчу‚ оцу дийнахь Дала сийсаза вийр вац пайхамар а‚ цуьнца иман диллинарш а. Церан нур дедда лелар ду церан хьалхахула а‚ церан аьтту куьйгаш долчу агIорхьара а‚ цара олуш: "Тхо Кхиош-кхобушволу тхан Дела‚ Ахьа кхочушделахь тхан нур‚ Ахьа тхуна гечделахь‚ баккъалла а, Хьо ву-кх массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш верг".

9.

ХIай пайхамар! Къийсам латтабе цатешачаьрца а‚ мунапакъашца а‚ луьра хила царца. Церан чугIойла жоьжахати ю. Ма вон ду-кх /церан/ дIадерзар!

10.

Дала масал далийна цатешачаьрна Нухьан зудчух а‚ ЛутIан зудчух а: уьш бара Тхан дикачу лех шина лена кIел‚ цара шиммо а царна шиннена а тешнабехк бира /зина дар боцу/‚ цхьанне хIуманца Делера шаьш шиъ кIелхьара-м ца яьккхира цара‚ элира /цаьрга/: "Шу шиъ чу гIо цIерга чугIочаьрца".

11.

Дала масал далийна иман диллинчаьрна ФирIавнан зудчух‚ цо ма элира: "Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахьа суна делахь Хьан гергахь ялсамани чохь цIа‚ Ахьа со хьалха яккхалахь ФирIавнах а‚ цуьнан балхах а‚ Ахьа со хьалха яккхалахь зулам дечу нахах".

12.

Iимранан йоI Марьямах а /масал далийна Дала/‚ ша лардина хиллачу шен йоIалла. Оха хIуп аьлира цу чу /йоIаллин меженачу/ Тхан Сих /Джабраил малико/‚ цо /Марьяма/ бакъдира ша Кхиош-кхобуш волчу шен Делан дешнаш‚ Цуьнан жайнаш а‚ иза хилира муьтIахь болчарех.