65. АТI-ТIАЛАКЪ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

ХIай пайхамар! Шаьш зударий буьтуш уьш бита Iиддатана. Аша дагарде Iиддат /-ан денош/. Шу кхералаш Делах - шаьш Кхиош-кхобуш волчух /и Iиддат тергал ца дан/. Шайн цIеношкара ара ма бахалаш уьш /и Iиддат чекх даланза/. Уьш шаьш а ма бовлийла /шайн цIеношкара/ ара цхьа билгала ирчаниг /зина/ шаьш деънехь бен. ХIорш ду Делан дозанаш. Делан дозанех ваьлларг шена зулам динарг ву. Хьуна хаац Дала цхьа гIуллакх хилийта тарло цул тIаьхьа.

2.

Церан хан /Iиддат/ кхочуш хилча‚ бухаберзабе уьш хазачу гIиллакхца /шаьш цхьана Iан лууш делахь/‚ я къастабе уьш хазачу гIиллакхца /шайна цхьана Iан тарлур дац‚ аьлла хеталахь/. Аш шиъ теш хIоттаве /цхьаьна кхетарна я дIакъастарна/ шайх Iедале берш. Аш тешалла хIоттаде Далла. Иза ду Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешна хиллачунна шеца хьехам беш дерг. Шех кхоьруш волчунна Дала некъ карор бу /массо балих хьалхавалан/.

3.

Цо /Дала/ цуна рицIкъ лур ду цо хьесап ца диначуьра. Далла тIе товжуш верг - иза Цуьнан хьесапехь ву. Баккъалла а, Дела кхочуш деш ву Шен гIуллакх. Дала хилийтина массо хIуманна барам.

4.

Шун зударех шайн цIий дарах дог диллина берш‚ шу шеко йолуш хиллехь‚ церан Iиддат кхо бутт бу‚ и цIи дар хIинци ца хиллачаьрна /жима хилар бахьанехь/ а /кхо бутт бу/. Берах бисинчаьрийн хан - бера хилар ду. /Бер хилча чекх долу церан Iиддат/. Делах кхоьруш волчунна Цо цуна шен гIуллакхах атто хуьлуьйтур ю.

5.

ХIара Делан омра ду‚ Цо шуьга доссина долу. Дала цIанвийр ву Шен къинойх Шех кхоьруш верг‚ Цо алсам йоккхур . цуна ял.

6.

Iайта /и шаьш Iиддатана битина болу зударий/ шаьш Iеччахь шайн тароне хьаьжжа. Зен ма де царна аша гатто ярца. Уьш берах балахь харж е царна бер хиллалц. Цара шуна бераш дакхадахь - церан мах дIало. Вовшашца догадовла хазачу гIиллакхца. Шуна хало хилахь /бер дакхорна харж ян/‚ кхечу зудчо дакхойла цуна.

7.

Хьал долчо шен хьолах харж йойла. Шегахь кIезиг рицIкъ долчо харж йойла Дала шена деллачух. Дала цхьанне сина тIе ца дуьллу Ша цуна делларг бен. Дала халонал тIаьхьа атто хуьлуьйтур ю.

8.

Маса юрт дуьхьал яьлла хилла ша Кхиош-кхобушволчу Делан а‚ Цуьнан элчанийн омрана. Оха уьш тергал йира чIогIачу хьесапаца‚ Оха Iазап дира царна ирча Iазапаца.

9.

Цара Iевшира шайн гIуллакхан бала‚ церан гIуллакхан тIаьхье хилира эшалла.

10.

Дала кечдина царна чIогIа Iазап. Шу кхера Делах‚ хIай хьекъал дерш‚ иман диллина долу. Дала шуьга боссина хьехам /КъурIан/.

11.

Элча /ваийтина шуьга/‚ цо шуна доьшуш Делан билгала долу аяташ иман диллинарш‚ дика Iамалш йинарш а боданера нуре бахан. Делах а тийшина дика Iамал еш верг - Цо иза вуьллур ву бошмашка‚ шайн бухахула татолаш лелаш долчу‚ иза цу чохь гуттар лаьттар ву. Хаза хилийтина Дала цуна рицIкъ.

12.

Дела ву Ша кхоьллинарг ворхI стигал‚ лаьттах а цаьрга терра. /Делан/ омра охьадуссу церан юккъехула шуна хаархьама и Дела массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш вуйла а‚ Цо юкъаозийна юйла массо хIума Шен Iилмаца.