64. АТ-ТАГIАБУН

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Далла тасбахь деш деш ду стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг. Цуна ду паччахьалла‚ Цуна бу хастам а. Иза ву массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш берг а.

2.

Иза ву шу кхоьллинарг. Шух ву цатешаш верг а‚ шух ву тешаш верг а /Делах/. Дела аш деш дерг гушдерг ву.

3.

Цо кхоьллира стигланаш а‚ латта а бакъонца‚ Цо хIоттира шун куц‚ тIаккха хаздира шун куцаш. Цунна тIе ду /чакхенан/ дIадерзар.

4.

Цуна хаьа стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Цуна хаьа аш къйладоккхург а‚ аш дIахьедориг а. Дела ву хууш верг дегнашкахь дерг.

5.

Шуьга ца деара хьалха цатешаш хиллачаьрийн хабар? Цара Iевшира шайн гIуллакхийн бала‚ царна лазош долу Iазап а ду.

6.

Иза ду цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца‚ тIаккха цара олуш хиларна: "/Вай санна/ наха дуьхкур ду вай нийсачу новкъа?" Цара керста дира /уьш Дала баийтар/‚ уьш дIабирзира /цу элчанех а‚ бакъдолчу иманах а/. Дела уьш ца хиларх а волу: Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву.

7.

/Делах/ цатешна хилларш моьттуш бу шаьш дендийр дац. Ахьа ала: "ХIаъ‚ со Кхиош-кхобучу сан Делаца дуй боу аса: дендийр ма ду шу‚ тIаккха шуьга дуьйцур ма ду аш деш хилларг. Иза Далла атта ду".

8.

Шу теша Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ Оха доссинчу нурах а /КъурIанах/. Дела аш дийриг сов дика хууш верг ву.

9.

Цхьана дийнахь Цо гулдийр ду шу гуламан /къемат/ дийне. Иза ду вовшех Iехадаларан де. Милла велахь Делах тешаш дика Iамал еш Оха цIанвийр ву иза шен къинойх‚ вохуьйтур ву бошмийн чу‚ шайн бухахула татолаш а лелаш долчу. Цу чохь уьш гуттар а лаьтташ. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!

10.

Цатешна хилларш а‚ Тхан аяташ харцдина хилларш а - уьш цIеран /жоьжахатин/ дай бу‚ цу чохь гуттар лаьттар болуш. Ма вон дIадерзар ду-кх иза!

11.

Цхьа а бохам хир бац Делан пурбанца бен. Милла велахь Делах тешаш - Цо нисдийр ду цуьнан дог. Дела массо хIума хууш верг ву.

12.

Далла муьтIахь хила‚ элчана а муьтIахь хила. Шу дIадерзахь /иманах/ - Тхан элчанна тIехь-м билгала дIакхачор бен дац.

13.

АллахI ву‚ кхин дела вац Иза воцург. Далла тIе товжийла муъма нах.

14.

ХIай иман диллинарш! Баккъалла а, шун зударех а‚ доьзалех а шуна мостагIий берш а бу‚ царех ларлолаш. Шу /церан/ бехках довлахь‚ товахь‚ аш гечдахь - баккъалла а, Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

15.

Баккъалла а, шун бахам а‚ шун доьзал а питна ду. Ткъа Дела - Цуьнан гергахь сийлахь-йоккха ял ю!

16.

Шу Делах  кхералаш шайн ницIкъ мел кхочу‚ аш ладогIалаш /шайга Дала дечу омре/‚ шу муьтIахь хилалаш /Дала бохучунна/‚ аш харжаш е дикачуьнца /сагIа доккхуш/ шайн синошна. Шен синан бIаьрмацагаллех Iалаш хилларг - уьш бу баккхийбедар берш.

17.

Аш /духа лург/ Далла лахь хаза декхар - Цо масийттаза алсам даьккхина духадерзор ду иза шуна‚ шуна гечдийр а ду. Дела баркалле а ву‚ дукха собаре ву /Шех тешначарна оьгIазе воцуш/.

18.

Къайлахь дерг а‚ гучахь дерг а хууш верг а ву /Иза/‚ Ша веза верг а‚ хьукаме верг а ву.