63. АЛЬ-МУНАФИКЪУН

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Хьуна тIе мунепакъаш баьхкича цара элира: "Оха тешалла до баккъалла а, хьо Делан элча вуйла". Далла хууш ду хьо баккъалла а, Шен элча вуйла. Дала тешалла до: баккъалла а, и мунепакъаш харцлуьйш бу.

2.

Шайн дуйнаш шайна кирхьа лецира цара - /ишта/ цара дIатилина /нах/ Делан некъах. Баккъалла а, ма вон хили-кх цара деш хилларг!

3.

Иза ду цара иман диллина хиларна тIаккха керста дарна. Церан дегнийх мухIар тоьхна - уьш ца кхета.

4.

Хьуна уьш гича хьо цецвоккху церан догIмаша‚ цара хабар дуьйцуш ахьа ладугIу церан даше. ГIортина бIогIамаш санна бу уьш /шаьш хIоьттана Iа ца луш/. Массо мохь шайна дуьхьал бу метта царна. Уьш мостагIий бу‚ хьо ларлолахь царех. Дала хIаллакбийр бу уьш. Муха генабевла уьш /иманах билгалонаш еъначул тIаьхьа/?!

5.

Цаьрга элча: "Схьадуьйла‚ Делан элчано гечдар доьхур ду шуна"‚ шайн кортош хьебо цара. Хьуна гина уьш дIабоьрзуш /иманах/ шаьш кура а бовлий.

6.

Царна цхьатерра ду ахьа царна гечдар дийхича а‚ ца дийхича а. Данне Дала гечдийр дац царна. Баккъалла а, Дала нис ца бо песакъ нах.

7.

Уьш бу олуш: "Харжаш ма е Делан элчана гергахь болчарна - дIасхьабаржийта уьш /Мадинатера/". Делан ю стигланийн а, лаьттан а хазнаш, амма мунепакъаш кхеташ бац-кх.

8.

Цара /мунепакъаша/ олу: "Тхо Мадинате духадирзича сийлахь болчара сийсаза берш арабохур бу цу /Мадината/ чуьра". Делан ду сий‚ Цуьнан элчана а ду‚ муъма нехан а ду‚ делахь а мунепакъашна ца хаьа-кх.

9.

ХIай иман диллинарш! Шу духа ма тухийла шун бахамо а‚ шун доьзалаша а Дела хьехорах /дийнахь-бусий дечу пхеа ламазах/. И деш берш - уьш бу эшанрш.

10.

Харж е /Делан новкъахь/ Оха шайна деллачу рицIкъех шайх цхьанне тIе валар кхачале‚ тIаккха цо олуш: "Везан Дела‚ Ахьа со тIаьхьатаьттинехьара цхьа кIеззиг заманна аса сагIа лур дара‚ со хирвара дика Iамал ечарех".

11.

ТIаьхьатоттур вац Дала цхьа а цуьнан Iожалла еъча. Дела дика хууш верг ву аш дийриг.