62. АЛЬ-ДЖУМУIА

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Ша паччахь волчу‚ Ша сийлахь волчу‚ Ша веза волчу‚ Ша хьукаме волчу Далла тасбахь деш ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а‚.

2.

Иза ву Ша ваийтинарг йоза ца хуучу нахехь церан шайн юккъера элча‚ цо царна доьшуш Цуьнан аяташ‚ уьш цIанбеш‚ царна Iамадеш жайна а‚ хьикмат а‚ уьш хьалха хиллехь а билгалчу тилар чохь.

3.

Царех кхечаьрна а /доьшу цо Делан аяташ/ шаьш царех (хьалха хилла дика Iамалш йина болчарех) ца кхиъна болчу. Иза веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

4.

Иза Делан къинхетам бу‚ Цо ло иза Шена луучунна. Дела Шегахь сийлахь-боккха къинхетам болуш ву.

5.

Шайна тIе Товрат диллинчаьрийн‚ тIаккха иза ца дихьинчаьрийн масал ду жайнаш хьочу виран масалах тера. Вон ду-кх Делан аяташ харцдиначу нехан масал. Дала нис ца бо зуламе нах.

6.

Ахьа ала: "ХIай жуьгтийн дин эцнарш! Шуна метташ делахь шаьш Делан доттагIий ду /кхин/ нах боцуш - шуна дала лаал шаьш бакълуьйш делахь".

7.

Иза цIкъа а луур дац царна шайн куьйгаша хьалха а даьккхина. Дела бевзаш ву зуламхой.

8.

Ахьа ала: "Шу шех довдуш долу и валар цхьаьнакхетар ду шуьца. ТIаккха шу дIадерзор ду къайлахь дерг а‚ гучахь дерг а хууш волчуьнга /Далла тIе/. ТIаккха Цо дуьйцур ду шуьга аш деш хилларг".

9.

ХIай иман диллинарш! Шайга кхийкхича ламазе пIераскан дийнахь сихло Дела хьехон /рузба ламазе/‚ йита йохка-эцар. Иза дика ду шуна шу хууш хиллехь.

10.

Ламаз кхочуш хилча - даржа лаьттахула‚ леха Делан ниIмат. Аша хьехаве Дела дуккха - шу даккхийдеда мега.

11.

Шайна йохка-эцар я синкъерам гича цуна тIе буьрзу уьш‚ хьо вуьту цара хIоьттина лаьттачохь. Ахьа ала: "Далла гергахь дерг дика ду синкъерамал а‚ йохка-эцарал а. И Дела рицIкъ лечарех уггар диканиг ву-кх".