61. АС-САФФ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Далла тасбахь дина стигланашкахь мел долчо а‚ лаьттахь мел долчо. Иза веза верг а‚ хьукаме верг а ву.

2.

ХIай иман диллинарш! Аш хIунда дуьйцу шаьш деш доцург?

3.

Боккха хилла цабезам Далла гергахь аш алар шаьш деш доцург.

4.

Баккъалла а, Далла беза Шен новкъахь тIом беш берш цхьа могIа бина шаьш чIагIйина гIишло санна.

5.

Мусас ма элира шен къаме /ахьа хьахаде иза‚ хIай Мухьаммад‚ хьан нахе/: "ХIай сан къам‚ аш хIунда суна халахоьтуьйту? Шу хууш ма ду-й со шуьга Делан элча вуйла". Уьш /бакъдолчух/ дIабирзича - Дала дIадерзира церан дегнаш /бакъдолчух/. Дала нис ца бо песакъ нах.

6.

Марьяман кIант Iисас ма элира‚ /ахьа дагдайта иза хьан нахе‚ хIай Мухьаммад/: "ХIай Исраилан кIентий! Баккъалла а, со шуьга Делан элча ву-кх‚ бакъдеш соьл хьалха хилла Товрат а‚ кхаъ боккхуш соьл тIаьхьа вогIур волчу элчанах шен цIе Ахьмад йолуш". ТIаьхьа иза шайга веъча билгалонашца‚ цара элира: "ХIара билгала бозбуанчалла ду".

7.

Мила ву зуламе ша Далла тIехь харцдерг кхоьллина волчул‚ ша /Далла/ мукIар хиларе /ислам дине/ кхойкхуш волуш? Дала нис ца бо зуламе нах.

8.

Уьш лууш бу шайн багенашца Делан нур дайа. Дала кхочуш до Шен нур цатешачаьрна и мел ца дезахь.

9.

Иза ву ваийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъдолчун динаца и толийтархьама массо дина тIехь мушрикунашна иза ца дезахь а.

10.

ХIай иман диллинарш! Аса нисдой шу йохка-эцарна тIе цо шу кIелхьарадохур долуш лазош долу Iазапах?

11.

Шу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешар ду‚ аша Делан новкъахь къахьегар (гIазот дар) ду шайн бахамца а‚ синошца а. Иза дика ду шуна шу хууш хиллехь.

12.

Цо /Далла/ гечдийр ду шуна къинош‚ чудохуьйтур ду бошмашна‚ шайна бухахула татолаш а лелаш долчу‚ Iадн ялсаманин цIеначу гIишлошна. Иза сийлахь-боккха толам бу-кх!

13.

Кхин /ниIмат хир ду/ шуна ша дезаш долу - Делера гIо а‚ гергара толам. Ахьа кхаъ баккха муъма нахана.

14.

ХIай иман диллинарш! Шу хилалаш Делан гIоьнчий. Марьяман кIанта Iисас шен мутаIелимашка аьлла ма хиллера: "Муьлш бу Деле сан гIоьнчий?" МутаIелимаша элира: "Тхо ду Делан гIоьнчий". Исраилан кIентийх цхьана тобано иман диллира‚ /кхечу/ тобано керстаналла дира. ТIаккха Оха чIагIбира иман диллинарш церан мостагIчун тIехь - уьш хилира тоьлларш.