60. АЛЬ-МУМТАХЬАНА

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

ХIай иман диллинарш! Ма лаца Сан мостагI а‚ шун мостагI а доттагIий‚ аша цаьрга безам а кховдабеш. Цара керста ма дина шуьга деъна долу бакъдерг‚ шаьш аравоккхуш элча а‚ шу а /цIеношкара/ деккъа шу Делах - шаьш Кхиош-кхобуш волчух тешаш долу дела. Шу арадевлача гIазотана Сан новкъахь‚ Сан реза хилар лоьхуш аш /дегнашкахь/ хьулбора цаьрга безам. Со дика хууш ву аш хьулдинарг а‚ аш дIахьединарг а. Шух иза деш верг тила велла ву нийсачу некъах.

2.

Шуна тIаьхIоттабелча шуна мостагIий хуьлу царех‚ шуна тIекхийдадо шайн куьйгаш а‚ шайн меттанаш а /шуна/ зен дарца‚ царна лиира аш /и бакъдерг/ керста дойла.

3.

Банне а шуна пайда бийр ма бац шун гергарлонаша а‚ шун доьзалша а къемат дийнахь: Цо къастам бийр бу шуна юккъехь. И Дела аш дийриг гуш ма ву.

4.

Хаза масал ма хилира шуна ИбрахIимехь а‚ цуьнца хиллачаьргахь а‚ цара аьлча шайн нахе: "Тхо цIени ду шух а‚ аш шайна Iибадат дечу хIуманех а Дела витина. Оха шуна керстаналла дина. Тхуний а‚ шуний а юккъехь мостагIалла ю‚ оьгIазло а ю гуттарена аш веккъа цхьана Деле иман диллалц". ИбрахIиман шен дега аьлла цхьа дош доцург /цунах масал ма эца/: "Данне а хьуна гечдар дуьхар ду аса Деле‚ /хIетте а/ Делера хьуна цхьанне хIуманна дола деш-м вац со". /Цара - ИбрахIима а‚ цуьнан накъосташа а доIа дора/: "Тхо Кхиош-кхобуш волу тхан Дела! Хьуна тIетевжи тхо‚ Хьуна тIедирзи тхо‚ Хьуна тIе ду-кх тхан дIадерзар а.

5.

Тхо Кхиош-кхобушволу тхан Дела! Тхьох питна ма делахь цатешаш хиллачаьрна‚ Ахьа гечделахь тхуна‚ тхо Кхиош-кхобушволу тхан Дела. Баккъалла а, Хьо ву-кх веза верг а‚ хьукаме верг а".

6.

Шуна хили цаьргахь хаза масал - Деле а‚ къемат дийне а дог дохуш волчунна‚ /Цунах/ милла а дIаверзахь - баккъалла а, и Дела хьал долуш а ву‚ хастаме а ву.

7.

Тарло Дала шуний а‚ царех аш шайца мостагIалла лелош йолчарийн а юккъехь безам хилийтан. Дела ницIкъ кхочуш ву. И Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

8.

Дала духа ца туху шу дин бахьнехь шуьца тIом цабечарех а‚ шу шайн цIеношкара ара ца дохучарех а аш царна диканиг дан а‚ аш цаьрца нийсо ян а. Баккъалла а, Далла беза нийсо еш берш.

9.

Дала духа туху шу дин бахьанехь шуьца тIом биначарех‚ шу шайн цIеношкара арадехначарех‚ шу арадахарна тIехь гIодиначарех аш уьш доттагIий бан. Царех доттагIий беш берш - уьш зуламхой бу.

10.

ХIай иман диллинарш! Шуьга баьхкича бевдда муъма зударий - зелаш уьш Далла-м дика хаьа церан иман. Шайна хааделча уьш муъма буйла - уьш керстанашна дIамаберзабелаш. Уьш /и муъма зударий/ царна /керстанашна/ хьанал бац. И /керста нах/ а бац царна /зударшна/ хьанал. ДIало царна /цу зударий хиллачу керста марошна/ цара йина харж /цара зударшна белла хилла болу там/. Къа дац шуна аш уьш шайна балийча царна шайн мах /там/ дIа а белла. Аш ма лийца цатешаш болчу зударшца /зудчун-майрачун/ уьйранаш /аш ма кхаба и керста зударий/. Аш еха цаьргара шаьш йина харж. Цара а юьхийла шаьш йина харж /шуьга/. Иза ду Делан хьукам: Цо до шуна юккъехь хьукам. Дела хууш верг а ву‚ хьукаме верг а ву.

11.

Шун зударех цхьаъ дIаяхча цатешачаьрга‚ ткъа аша тIом бина хIонс яккхинехь - дIало шайгара зударий дIабаханчаьрна цара йина харжаца нислург /хIонсах/. Шу кхералаш /и нийсо ца ян/ Делах‚ шаьш Цунах тешаш долчу.

12.

ХIай пайхамар! Хьуна тIе баьхкича муъма зударий хьоьца дуйца барт бан /динан агIонаш ларъян/ шаьш Делаца цхьанне хIуманца накъост ца лацарна тIехь‚ шаьш /хIума/ ца лачъкъорна тIехь, зина ца дарна тIехь‚ шаьш шайн бераш ца дайарна тIехь‚ шаьш ца дахьарна тIехь эладита шаьш иза кхуллуш шайн куьйгийн а‚ когийн а хьалха (шен майрачунна дин доцу бер цуна тIе ца кхуссуш)‚ шаьш дикачу хIуманна тIехь хьоьца Iесалла ца ярна тIехь - царца и дуйца барт бе‚ царна Деле гечдар деха. Баккъалла а, и Дела гечдийриг ву‚ къинхетаме верг ву.

13.

ХIай иман диллинарш! Аш доттагIий ма лаца шайна Дела оьгIазваьлла нах. Цара догдиллина эхартах‚ цатешачаьра догдиллина хиларх терра кешнийн дайх /уьш денбина гIовторах/.