6. АЛЬ-АНIАМ

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Хастам бу Далла‚ Ша стигланаш а‚ латта а кхоьллинчу‚ Ша бода а‚ нур а динчу. ТIаккха а керстанаша шайн Кхиош-кхобучуьнца нисбо /кхиберш/.

2.

И ву шу кхоьллинарг поппарх‚ тIаккха ажал хIоттийна. /Кхин/ ажал ю, хан тоьхна ю цунна гергахь /шу гIовтто/. ТIаккха а шу шеко еш ду.

3.

И – АллахI ву‚ ша стигланашкахь а ву‚ лаьттахь а ву. Цунна хаьа шун къайлах дерг а‚ шун гучохь дерг а. Цунна хаьа аша шайна тIедохьуш дерг а.

4.

Шайн Кхиош-кхобучуьнгара аятех цхьа а аят ца деъна цаьрга‚ уьш цунах дIабоьрзуш бен.

5.

Харцдира цара бакъдерг, и шайга деъначул тIаьхьа. ТIаьхьа догIур ду цаьрга хабарш‚ уьш шайх цабешаш хилла долу.

6.

Царна ца го-техьа: мел дукха хIаллакдина Оха царел хьалха халкъаш‚ Оха чIагIбина бара уьш лаьттахь, шу ца чIагIдинчу кепара‚ стигла йоссийра Оха царна тIе догIанца‚ церан бухахула лелаш татолаш хилийтира Оха‚ тIаккха Оха хIаллакбира уьш шайн къинош бахьанехь‚ царел тIаьхьа кхин халкъаш кхиийра Оха.

7.

Оха доссош делахьара жайна хьоьга кехата тIехь‚ шайн куьйгашца цунах хьакхалур бара уьш – керстанаша эр ма дара: "Билггала бозбуанчалла ду-кх хIара".

8.

Ма элира цара: "Малик доссийна хиллехьара цунна тIе". Оха малик доссийна хиллехьара – кхочушхир дара гIуллакх‚ тIаккха а уьш хьоьжуш лоттуьйтур бацара.

9.

Оха и хилийтинехьара малик – и дахийтина хир дара Оха адаман хьесапехь, цу тIехь а /кегари/ хало йийр яра Оха, цара шаьш еш ерг.

10.

Хьоьл хьалха а элчанаш сийсазбина. Царех ца бешаш болчарех хьакха ма делира уьш шаьш сийсазбеш хилларг.

11.

Ахьа ала: "ДIа-схьа ида лаьттахула‚ тIаккха хьовсал шу‚ муха хилла (дин) харцдинчеран тIаьхье".

12.

Ахьа алал: "Хьенан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а?" Ахьа ала: "Делан ду". Шена тIедиллина Цо къинхетам бар. Гулданне а гулдийр ма ду Цо шу Къематдийне‚ шена чохь шеко йоцчу. Шайна иэшар динарш – цара иман дуьллур дац.

13.

Цуьнан ду буьйсанна а‚ дийнахь а тийна (я дехаш) хилларг. И хезаш а ву‚ хууш а ву.

14.

Ахьа ала: "Ша стигланийн а‚ лаьттан а кхоллархо волу Дела воцург /кхин/ лоцу, ткъа, аса доладийриг? И ву кхача луш‚ Цунна ца ло кхача". Ахьа ала: "Суна омра дина цхьалгIа бусулба хила аьлла‚ хьо хиллане а ма хилалахь ширк динчарех"‚ аьлла.

15.

Ахьа ала: "Со кхоьру сайн Кхиош-кхобучунна со Iеса хилахь деза-доккхачу дийнан Iазапах".

16.

Цу дийнахь ша цунах хьалхаваьккхинарг – Цо цунах къинхетам бина. И билггала толам бу-кх.

17.

Дала хьо цхьана зене лацахь – вац хьуна и айдийриг И ша бен. Цо хьо лацахь цхьана дикане – И массо хIуманна ницкъ кхочуш ву.

18.

И ницкъ болуш ву Шен лешна тIехь. И ша хьукаме верг а ву‚ сов дика хууш верг а ву.

19.

Алал: "ХIун ду уггар доккха тешаллица?". Ала: "Дела ву теш суна а, шуна а юккъехь‚ соьга ваьхьеца даийтина хIара КъурIан‚ аса шеца кхерам тасархьама и шуна а, и /шега/ кхаьчначуьнга а. Шу ду тешалла деш Делаца кхин делий бу, бохуш?" Ала: "Аса тешалла дац". Ала: "Баккъалла а, и – цхьа Дела ву‚ со цIена ву аша Делаца накъост лацарх".

20.

Оха шайна жайна даийтинчарна вевза и‚ шайн кIентий бовзаре терра, шайна иэшар динарш – уьш бу цатешаш‚

21.

Мила ву зуламе Далла тIе харцдерг кхоьллинчул‚ я Цуьнан аяташ харц динчул? Баккъалла а, бакхийбе ма бац зуламхой.

22.

Оцу /къемат/ дийнахь Оха гулбийр ма бу уьш массо‚ тIаккха Оха эр ду ширк диначаьрга: "Мичахь бу шун накъостий‚ аша кхоьллина хилла болу (делий бу, бохуш, довдина хилла борлу)?"

23.

ТIаккха церан /кхин/ бехказло ма ца хилира, цара алар бен: "ВаллахIи‚ тхан Кхиош-кхобучух дуй ма буу Оха‚ тхо ма ца хиллера ширк динарш".

24.

Хьажал! Муха харцлоь уьш шайна тIехь! ДIатилира царех шаьш кхуллуш хилла долу харцдерг.

25.

Царех хьоьга ладугIуш верг ву. Церан дегнашкахь парчош дина Оха, уьш цунах ца кхетийта‚ церан лергаш чохь къоралла йина. Массо делил шайна дайча а‚ ца теша уьш цунах, мел дуккха хьо волчу беъчи а‚ хьоьца къуьйсу цара‚ цатешачара олу: "Уьш-м хьалхалерачийн туьйранаш дара".

26.

Уьш оцунах /нах/ бухатухуш бу‚ шаьш а гена бовлуш бу цунах. Цара хIаллакдеш-м дац шайн догIмаш бен‚ уьш кхеташ ма бац.

27.

Хьуна гича уьш жоьжахатина тIехIиттина‚ цара олуш: "Ма декъаза хили тхо! Духадахийтахьара тхо – ма харцдийр дацара Оха тхайн Кхиош-кхобучун аяташ‚ тешачарех хир дара тхо".

28.

Гучудаьлла царна шаьш хьалха хьулдеш хилларг. Уьш юхабахийтича а шайга ма де аьллачунна тIебоьрзур ма бара уьш‚ баккъалла а, уьш харцлуьйш ма бу.

29.

Цара олура май: "ХIара вайн дуьненан дахар бен, кхин дахар ма дац‚ вай дендийр долуш ма дац".

30.

Хьуна уьш гича шайн Кхиош-кхобучун хьалха хIиттина! Цо олуш: "Бакъ ду-й хIара?" Цара олуш: "ХIаъ‚ ду вайн тхо Кхиош-кхобучу Деллара". Цо олуш: "Iовша шайна Iазап, шаьш цатешаш хиларна!"

31.

Ийшира шаьш Делаца цхьаьнакхетар харцдинарш – цIеххьана шайна сахьт хIоьттича, элира цара: "Ма бала бу-кх вайна‚ вай ша тергал ца динарг бахьанехь". Цара дIахьур ду шайн къинош шайн букъа тIехь. Ма вон хIума ду-кх цара шайна мохь бинарг!

32.

Дуьненан дахар ма дац ловзар а, синкъерам а бен‚ баккъалла а, эхартан цIа дика ду /Делах/ кхоьруш болчарна‚ аша ойла ца йо-те?

33.

Тхо хууш ду‚ баккъалла а, цара дуьйцучо хьо ванне а пошме ма во. Баккъалла а, хьо харцвеш бац уьш – шаьш зуламхой бу Делан аяташ керста деш.

34.

Хьол хьалха а харцбина элчанаш – собар дира цара шаьш харцдинчунна тIехь‚ шаьш лазорна тIехь шайга Тхан гIо даллалц. Делан дешнаш хийцо стаг вац. Хьоьга ма деъний элчанийн хабар.

35.

Уьш дIаберзар хьуна доккха хеташ делахь‚ хьуна магахь лаьттахь ор лаха‚ я стигла вала лами каро, тIаккха цаьрга цхьа аят (делил) дала – (де иза! – хIун пайда хир бара?) Далла лууш хиллехьара‚ Цо гулбийр бара уьш нийсачу некъа тIе. Хьо хиллане а ма хилалахь жехIалчу нахах.

36.

/Хьан кхайкхарна/ жоп лур ду баккъалла а, хезаш болчара‚ ткъа белларш а – Дала денбийр бу уьш‚ тIаккха Цуьнга дIаберзор бу.

37.

Цара элира: "Шен Кхиош-кхобучуьнгара аят доьссинехьара цуьнга". Ахьа ала: "Баккъалла а, Дела ницкъ кхочуш ву аят доссо‚ делахь а царех дуккханнаш ца хууш бу".

38.

Цхьа а дийнат ма дац лаьттахь‚ цхьа а хьоза ма дац тIома долуш шен тIемашца – шаьш шу санна умматаш долуш бен. ХIумма а диц ца дина Оха кху жайна чохь. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучуьнга уьш дIагулбийр бу.

39.

И Тхан аяташ харцдеш берш бу къора‚ мотт ца хууш‚ боданехь Iохкуш. Далла лууш верг тилавала вуьту Цо‚ Шена лууш верг нийсачу новкъа вуьллу Цо.

40.

Ахьа ала: "Шуна гой! Ткъа Делан Iазап шайга деъча‚ я сахьт шайна тIехIоьттича‚ Дела воцучуьнга кхойкхур дара аша шу хиллехь бакълуьйш?"

41.

ХIан-хIа! Цуьнга кхойкхур дара аша. Айдийр дара Цо аша шега кхайкхинарг, Шена лаахь. Аша дицдийр дара шаьш ширк динарг.

42.

Хьоьл хьалха а бахкийтира Оха халкъашна /элчанаш/‚ уьш баланашца (мискаллица)‚ халонашца (цамагаршца) схьалийцира Оха‚ уьш мукIар хир бацара-те?

43.

Тхан ницкъ шайга беъча хьаста хIунда ца белира уьш /Далла/? Делахь а къиза хилира церан дегнаш. Хаздира царна шайтIано шаьш лелош хилларг.

44.

Цара шайга шеца хьехам бина хилларг (кхерам тесна хилларг) дицдича, Оха дIайиллира царна массо /дикачу/ хIуманан неIарш (шайн къиношкахь уьш дуккха латтийтархьама)‚ уьш бакхийбуьйш болуш шайна деъначух‚ /тIаккха/ цIеххьана схьалийцира Оха уьш – тIаккха цара догдиллира массо диканах.

45.

Хадийра ша зулам деш хиллачу халкъан тIаьхье. Хастам бу Далла – Iаламийн Дена /Далла/.

46.

Ахьа ала: "Шу хьовсал‚ Дала шун лерса а‚ бIаьрса а схьаэцча‚ шун дегнашна Цо мухIар тоьхча‚ АллахI воцчу муьлхачу дала шуна и лур дара? Хьажал! Муха билгалдоху Оха аяташ – тIаккха а уьш /бакъдолчух/ дIабоьрзу".

47.

Ахьа ала: "Хьовсал! Дийцийша суна‚ Делан Iазап шайга цIеххьана деъча я гуш деъча, зуламе къам бен хIаллакьхир дуй?"

48.

Оха бохуьйтуш ма бац элчанаш цара /дика Iамал йиначарна/ кхаъ боккхуш‚ /вон Iамал йиначарна/ кхерам тосуш бен. Иман диллинарг а‚ диканиг динарг а – кхерам бац царна‚ уьш пошме хир бац.

49.

Тхан аяташ харцдинарш – царех хьакхалур ду Iазап уьш песакъ хиларна.

50.

Ахьа ала: "Аса ца боху шуьга: "Сан гергахь Делан хазнаш ду"‚ суна ца хаьа къайле а‚ аса ца боху шуьга: "Со малик ду". Со тIаьхьахIуттуш ву сайга луш долчу вехьешна". Ахьа ала: "Ткъа цхьанийса буй-те бIаьрса доцург а‚ бIаьрса дерг а. Аша ойла ца йо-те?"

51.

Ахьа цуьнца хьехамбе шаьш шайн Кхиош-кхобучунна хьалха гулдийриг хиларх кхоьруш болчарна‚ царна вац И воцург доладийриг а‚ гIодаккхархо а – уьш хила мегара кхоьруш.

52.

Ахьа дIа ма лелхабе Iуьйренца а‚ суьйренца а шайн Деле кхойкхуш берш‚ Цуьнан юьхь лууш /миска бу алий, хьалдолчарна тамбархьама/. Церан хьесап цхьана а хIуманца хьуна тIехь дац‚ хьан хьесапан хIумма а царна тIехь а дац (хьоьга хоттур дац церан къинойх я дагчохь дерг бахьанехь, иштта цаьрга а – хьо бахьанехь). Ахьа уьш дIалелхабой – хьо зулам динчарех хуьлу.

53.

Иштта Оха зийра уьш вовшашца, цаьрга алийтархьама: "ХIорш бу уьш Дала вайна юккъера шайна диканаш делларш". Ткъа Дела вац дика бевзаш шукар дийраш?

54.

Хьо волчу баьхкича Тхан аятех тешаш берш, ахьа ала: "Салам шуна". Шун Кхиош-кхобучо Ша Шена тIедиллина къинхетам бар: нагахь шух цхьаммо вон дахь ца хууш‚ тIаккха цул тIаьхьа тоба дахь‚ дика Iамал яхь – баккъалла а, И ву-кх /цунна/ гечдеш а‚ къинхетаме а.

55.

Иштта ма-дарра дIадуьйцу Оха аяташ‚ къинош диначарна а некъ билгалбалийтархьама а.

56.

Ахьа ала: "Аса ца магаийна сайна Iибадан дан Дела воцучуьнга аша шега кхойкхучуьнга". Ала: "Со тIаьхьа ца хIоьттина шун дезаршна. ТIаккха со тиллавелла хир вара‚ нийсачу новкъахь болчарех хир ма вацара".

57.

Ахьа ала: "Баккъалла а, со сан Кхиош-кхобучун билгалонна тIехь ву‚ аша и  харцдина (Делера бакъдерг). Соьгахь дац шу шеца сихлуш дерг‚ хьукма Делан бен дац – Цо дуьйцу бакъдерг‚ Иза дика къастамбийриг ма ву.

58.

Ахьа ала: "Соьгахь делхьара шу шеца сихлуш дерг‚– сан а‚ шун а юккъера гIуллакх чекхдаьлла хир дара. Дела дика бевзаш ву-кх зуламхой".

59.

Цуьнгахь ду-кха къайленан /хазнийн/ догIанаш. Цунна Шена бен ца хаьа уьш. Аренгахь дерг а‚ хIорда чохь дерг а хууш ву-кх И‚ гIа охьа догIур ма дац Цунна хууш бен‚ буьртиг /кхуьур/ ма бац лаьттан боданашкахь‚ я тIуналла а‚ я йокъалла а /южур/ ма яц‚ ша билгалчу жайна чохь йолуш бен.

60.

Шу буьйсанна долуьйтург ву Иза‚ аша дийнахь деш дерг хууш ву И – тIаккха цу чохь /дийнахь/ шу дендо Цо – цIе тоьхна йолу хан кхочуш -хилийтархьама. Цуьнан тIе ду шун дIадерзар‚ тIаккха Цо дуьйцур ду шуьга‚ аша лелош хилларг.

61.

Иза ницкъ кхочуш ву Шен лешна тIехь. Шуна тIе боуьйту Цо хехой. Шун цхьаннена тIе валар деъча – Тхан элчанаша /маликаша/ кхочушдо и – цара ледарло ца йолуьйту.

62.

ТIаккха берзабо уьш Далла тIе‚ церан бакъ доладийриг волчу. Хьукма Цуьнан дац? Уггар сиха ву И хьесап дарехь.

63.

Ахьа ала: "Мила ву и шу аренан а‚ хIордан а боданехь ларден дерг‚ аша Шега мукIар а хилла‚ къайлах кхойкхуш верг: "ХIокхунах Цо тхо кIелхьара дахахь‚ тхо хиланне а хир ма ду баркалла олучарех!?" /олуш/.

64.

Ахьа ала: "Дала кIелхьара дохур ду шу цунах а‚ массо балех а – тIаккха а аша Цуьнца накъост ма лоцу".

65.

Ала: "Иза /Дела/ ницкъ кхочуш ву шуна тIе Iазап доссо‚ шуна тIехула а‚ шун когийн бухахула а‚ я шу тобанашка декъа‚ цхьаболчара вукхеран бала хьегабайта а". Хьажал‚ муха ма-дарра дуьйцу Оха аяташ, уьш хилархьама кхеташ.

66.

Харцдина хьан къомо и – и бакъдерг ма ду-й. Ахьа ала: "Со ца хили шуна тIехь векал" (шун гIуллакхаш кхочушдан).

67.

ХIора (Делан) хабаран (пайхамараллин) шен меттиг ю – тIаьхьа хуур ду шуна.

68.

Хьуна гича Тхан аяташ сийсаза хьехош берш – гена вала царех‚ уьш кхечу хабарна тIебовллалц. Я хьо ванне а вицволуьйтур ву шайтIано – тIаккха дагадеъначул тIаьхьа кхин зулам дечу къомаца охьа ма хаалахь.

69.

/Делах/ кхоьруш болчарна церан хьесапах хIумма хир дац‚ делахь а хьехам бар ду-кх /царна тIехь/ – уьш кхоьруш хир бацара-те.

70.

Бита и шайн дин ловзаре а‚ забаре а даьккхинарш‚ шаьш дуьненан дахаро Iехийнарш. Ахьа хьехамбе цуьнца /КъурIанца/ са (адам) ша тардинчо хIаллак ца дайтархьама – вац цуна Дела воцург доладийриг а‚ цуьнан гIо лоцур верг а‚ мелла а (жоьжахатина) дуьхьал мах белча а – оьцур бац цуьнгара и. Уьш бу шаьш динчуьнца шаьш хIаллакьхилларш‚ царна ду цIийдина хинан малар а‚ лазош долу Iазап а, уьш хиларна цатешаш.

71.

Ахьа ала: "Вай кхойкху, ткъа, Дела а вуьтий вайна пайда а‚ зен а ца дечуьнга? Вай духадерзина хир ма ду /керстаналле/ Дала вай нийсдинчул тIаьхьа‚ лаьттахь шайтIано ша Iехийнчух тера хьере а хилла‚ шен накъостий болуш шега нийсачу новкъа кхойкхуш: "Схьавола тхуна тIе"‚ бохуш. Ахьа ала: "Делан нийса некъ – и бу нийса некъ‚ тхуна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хила,

72.

ламаз хIоттаде‚ Цунах /Делах/ кхера"‚- аьлла. И ву шу Шена тIе дIагулден верг.

73.

И ву стигланаш а‚ латта а Ша кхоьллинарг бакъонца. Цо "Хила!" аьллачу дийнахь – хуьлу. Цуьнан дош бакъдерг ду. Сур локхучу дийнахь паччахьалла Цуьнан ду‚ къайлах дерг‚ гучохь дерг хуург И ву. И Ша хьикмате верг ву‚ сов дика хууш верг ву.

74.

ИбрахIима аьллера шен дега Азаре: "Ахьа цIуш лоьйцу, ткъа, делий бой? Хьо а‚ хьан къам а билггалчу тиларчохь гуш ву-кх со".

75.

Иштта гойту Оха ИбрахIимна стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла, и хилийтархьама /Делах/ кхоьруш болчарех.

76.

Шена тIе буьйса кхоллаелча‚ цунна /ИбрахIимна/ гира седа. Цо элира: "И ву сан Дела". И дIатилча цо элира: "Суна ца беза дIатуьлуш берш".

77.

Шена бутт байча кхеташ‚ цо элира: "И ву сан Дела". Иза а дIатилча‚ цо элира: "Сан Кхиош-кхобучо со ца нисвахь‚ со хир ву тиладеллачу къомах".

78.

Шена малх гича кхеташ‚ цо элира: "Иза ву сан Дела‚ иза уггар воккха ву". Иза а дIатилча‚ цо элира: "ХIай сан къам‚ со цIена ву-кх аша /Делаца/ накъост лацарх.

79.

Аса ерзйина сайн юьхь стигланаш а‚ лаьтта а Кхоьллинчуьнгахьа‚ доггах /массо харцдинах бакъдолчу дина/ тIевирзина‚ со вац /Делаца/ накъост лоцучарех".

80.

Цуьнан къомо къийсира цуьнца. Цо элира: "Соьца къуьйсу аша Дела бахьанехь? Цо со нийсачу новкъа ма виллина. Со ца кхоьру аша Делаца накъост лоцуш болчарех‚ сан Кхиош-кхобучунна лууш долчу хIуманах бен. Массо хIума чулаьцна сан Кхиош-кхобучо Iилманца‚ аша ойла ца йо?

81.

Со муха кхоьру аша /Делаца/ накъост лаьцначарех‚ шу а ма ца кхоьру Делаца шаьш накъост лаьцна хиларх‚ шайн доссийна цхьа а делил доццушехь. /Цу/ шина тобанех муьлханиг ю уггар хьакъ кхерам цахиларна‚ шу хууш хиллехь?"

82.

Тешна хилларш‚ шайн иман зуламех ца эввинарш – уьш бу шайна кхерам боцурш‚ уьш бу нийсачу новкъахь.

83.

И ду Тхан делил‚ Оха делла и ИбрахIимна шен къомана тIехь. Тхайна луург даржашкахь хьалавоккху Оха. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву хьикмате верг а‚ хууш верг а.

84.

Оха цунна совгIатна велира Исхьакъ а‚ ЯIкъуб а. Берриге нийсачу новкъа нисбира. Нухь а нисвира Оха нийсачу новкъа /царел/ хьалха. Цуьнан /ИбрахIиман/ зуьретах ву Давуд а‚ Сулайман а‚ Аюб а‚ Юсуф а‚ Муса а‚ ХIарун а. Иштта бекхамбо Оха диканиг дечарна.

85.

Закари а‚ Яхьъя а‚ Iиса а‚ Ильяс а – массо а дикачарех ву.

86.

ТIаккха ИсмаIил а‚ ЯсаI а‚ Юнус а‚ ЛутI а – массо а вазвина Оха Iаламел.

87.

Церан дайх а‚ церан зуьретах а‚ церан вежарех а /бевллачарна а делла Оха и ниIмат/, уьш хаьржина Оха‚ нисбира нийсачу новкъа.

88.

Иза – Делан нийса некъ бу‚ цуьнца нисво Цо шен лех Шена луург. Цара /Делаца/ накъост лаьцна хиллехьара‚ цара йина хилла Iамалш йовр ма яра.

89.

Уьш бу Оха шайга жайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а делларш. ХIорш цунах ца тешахь – Оха цуьнца векал дина /кхин/ къам‚ ша цуьнца керстаналла дийр доцуш долу.

90.

Уьш бу Дала нисбинарш. Церан нийсачу новкъа тIаьхьахIотта хьо. Ахьа ала: "Аса шуьгара мах ца боьху цунах. И ма бац Iаламашна хьехам бен".

91.

Далла ца хадийра цара хьакъ болу мах, шаьш олуш: "Дала ца доссийна стаге хIумма а". Ахьа ала: "Хьан доссийна жайна‚ шеца Муса веъна волу‚ нур а нийса некъ хилла болу нахана? Аша цунна тептарш до: гучудоккху цхьадерг‚ хьулдо дукханиг? Шуна Iамийна ма ду шуна а‚ шун дайшна а ца хуург". Ахьа ала: "Дала" /доссийна/ ТIаккха бита уьш шайн тиларчохь ловза.

92.

ХIара жайна а‚ Оха доссийна и‚ ша беркате а долуш‚ шел хьалхарниг бакъдеш долуш‚ яртийн нанна а‚ цунна гонаха долчунна а кхерам таса а. Эхартах тешаш берш теша цунах /КъурIанах/. Уьш шайн ламазаш Iалашдеш бу.

93.

Мила ву Далла тIе харцдерг кхоьллинчул зуламе? Я аьллачул: "Шега вехьий деъна"‚ вехьех хIумма а ца деъна цуьнга. Я аьллачул: "Аса а доссор ду Дала доссийначух тераниг". Хьуна гича и зуламхой баларехь сауьйзуш‚ маликаша церан куьйгаш даржош /олуш/: "Арадаха шайн синош‚ тахана сийсазаллин Iазапца бекхам бу шуна аша Далла тIехь бакъдерг доцург олуш хиларна‚ шу Цуьнан аятех ца дешаш хиларна.

94.

Шу даьхкина тхуна тIе цхьацца-цхьацца, Оха шу ма кхоьлли дуьххьахалгIа‚ аша дитира Оха шайна делларг шайн тIехьа. Тхуна-м ца го шуьца шун гIодаккхархой‚ шуна моьттуш хилла болу шаьш шун накъостий бу. ДIахедира шун юкъ‚ дIатилира шух шуна моьттуш хилларг.

95.

Баккъалла а, Дела ву дадош верг хIу а‚ тIум а‚ дийна дерг деллачух схьадоккху Цо‚ делларг дийначух схьадоккхург а ву Иза. И ву шун Дела – шу муха Iехош ду /харцдолчо/!?

96.

Сатасар къастадийриг ву И‚ буьйса йина Цо тийналла хилла‚ малх а‚ бутт а кхоьллина дIа а, схьа а лелачу хьесапца. И ду ша везза волчун‚ ша хууш волчун дIахIоттор.

97.

И ву шуна седарчий кхоьллинарг‚ аренан а‚ хIордан а боданехь шуна некъ карабан. Оха билгалдина аяташ хууш долчу къомана.

98.

И ву шу кхиина цхьана сих /Адамах/‚ /ден букъахь/ чIагIдалар а‚ чохь латтар а долуш. Билгалдина Оха аяташ ойла ечу къомана.

99.

И ву стиглара хи доссийнарг‚ цуьнца араяьккхира Оха массо хIуманан орамат‚ цунах хасстоьмаш а бехира Оха‚ арадоху цунах буьртигаш тIеттIа‚ хурманех – цуьнан дуьххьашхала гучудолучех хуьлу кан‚ /хуьлуьйту цо/ кемсийн а‚ зайт-диттан а‚ нарийн а бошмаш‚ тера ерш а‚ тера йоцурш а. Хьовсал шу стоьмашка‚ уьш кхуьуш а‚ мадлуш а. Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду тешаш долчу къомана.

100.

Далла накъостий хилийтина цара жинех‚ Цо кхоьллина ма ду уьш‚ цара цхьа а Iилма доцуш харцо кхоьллира Цунна – кIентий а‚ мехкарий /бу цуьнан, аьлла/. ЦIена ву И вонах‚ гена ву И цара дечу сибатех.

101.

Стигланийн а‚ лаьттан а юьхьанца кхоллархо волу – мичара хир ву Цуьнан доьзалхо‚ Цуьнан зуда ма ца хилла‚ Цо Ша а ма кхоьллина массо а хIума‚ массо а хIума Ша хууш верг ма ву Иза.

102.

И ву шун Дела – шу Кхиош-кхобург – кхин дела вац И воцург‚ массо хIума Ша кхоьллинарг ву И. Цунна Iибадат дейша! И ма ву массо а хIуманна тIехь векал.

103.

БIаьрса ца кхуьу Цунах‚ И кхуьу бIаьрсих. И тIех кхетаме а ву‚ дика хууш а ву.

104.

Шуьга еъна бIаьрсерлонаш шун Кхиош-кхобучуьнгара. БIаьрг биллинчунна – цунна шена ду‚ бIаьрг хьаббинчунна – цунна шена ду‚ /ахьа ала‚ Мухьаммад/: "Со ма вац шуна тIехь хехо".

105.

Иштта билгалдоху Оха аяташ‚ цара ала тарлодела: "Ахьа Iамийна"‚ Оха и билгалдаккхархьама хууш долчу къомана.

106.

Хьо хьайн Кхиош-кхобучуьнгара хьан дагчу дуьллучунна тIаьхьахIотта‚ кхин Дела вац И воцург‚ генавала Делаца накъост лоцучарех.

107.

Далла лиънехьара /Цуьнца/ накъост лоцур вацара цара‚ царна тIехь хехо ца вина Оха хьох‚ царна тIехь векал а вац хьо.

108.

Аша сийсаз ма бе Дела а витина, цара шайга кхойкхуш берш – тIаккха цара мостагIаллица‚ цхьа а Iилма доцуш Дела а сийсазвийр ву‚ иштта хазйина Оха хIора умматана шен Iамал‚ тIаккха шайн Кхиош-кхобучуьнга церан дIадерзар ду‚ Цо дуьйцур ду царна цара деш хилларг.

109.

Делаца чIогIа дуйнаш биира цара: шайга делил деъча‚ цунах тешшане тешаза Iийр дац шаьш‚ аьлла. Ахьа ала: "Делилаш Далла гергахь ду"‚ стено хоуьйту шуьга? – уьш деъча а цара иман дуьллур дац.

110.

Церан дегнаш а‚ церан бIаьрса а хьийзадо Оха‚ уьш цунах ца тешаш болуш санна дуьххьашхалгIа‚ буьту уьш шайн тиларчохь дIа-схьа уьйдуш.

111.

Оха цаьрга маликаш доссийна хиллехьара а‚ цаьрга къамел дина хиллехьара а беллачара‚ Оха царна массо а хIума шайн бIаргийн хьалха гулйина хиллехьара – тIаккха а тешна хир бацара уьш‚ Далла лиъча бен. Делахь а царех дукхахберш ца хууш бу.

112.

Иштта массо пайхамарна мостагI хилийтира Оха адамийн а‚ жинийн а шайтIанех‚ цхьаболчара вукхеран дегнашка хаздина дешнаш кхуьссуш уьш Iехорхьама. Хьан Кхиош-кхобучунна лиъна хиллехьара и дина хир дацара цара‚ бита уьш а‚ цара харц кхуллушдерг а.

113.

Цу тIе эхартах цатешачеран дегнаш дахийтархьама а‚ цунна реза уьш хилийтархьама а‚ цаьрга гулдайтархьама а шаьш деш хилла долу къинош /битина уьш Дала/.

114.

/Ахьа ала/: "Дела воцчуьнгара лоьху, ткъа, аса хьукма? И ма вуй шуьга къастош долу жайна доссийнарг". Оха шайна жайна деллачарна хаьа и хьан Кхиош-кхобучуьнгара бакъонца доссийна хилар. Хьо хиланне а ма хилалахь шеко ечарех.

115.

Кхочуш хилла хьан Кхиош-кхобучун дешнаш бакъодлчуьнца а‚ нийсонца а. Цуьнан дешнаш хийца стаг вац. И ша хезаш верг а‚ хууш верг а ву.

116.

Хьо муьтIахь хилахь лаьттахь болчарех дуккхахболчарна‚ Делан некъах тилор ву хьо цара. Уьш тIехьахIуьттуш ма бац шайна моьттуш долчунна а бен‚ уьш харцлуьйш ма бу.

117.

Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ма ву дика хууш /вевзаш/ Шен некъах тилавелларг‚ И дика хууш /бевзаш/ ма ву нийсачу новкъахь берш.

118.

Аша даа /бежнех/ шена тIехь /урс хьокхуш/ Делан цIе хьахийначух‚ шаьш Цуьнан аятех тешаш хилла делахь.

119.

Аша хIунда ца дуу шена тIехь Делан цIе хьахийначух? Цо шуна къаста ма дина Ша шуна хьарам динарг. Шу и ца диъча ца довлуш дерг доцург. Баккъалла а, дукхахберш /нах/ нийсачу новкъах бохуш ма бу шайн лаамашца‚ цхьа а Iилма доццушехь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург – И ма ву дика бевзаш дозанах бевлларш.

120.

Дита гучудаьлла къа а‚ гучу ца даьлларг а. Баккъалла а, шаьш къинош деш болчарна бекхам хир ма бу шаьш дина хиллачуьнца.

121.

Аша ма даалаш Делан цIе шена тIехь ца хьахийначух. Иза, баккъалла а, песакъалла ю. Баккъалла а, шайтIанаша дагатуьйсу шайн доттагIашна, цаьрга шуьца къийсийтархьама. Нагахь санна шу царна муьтIахь хилахь – шу хир ма ду Делаца накъост лаьцнарш.

122.

Я ша хилларг велла‚ тIаккха Оха ша денвина‚ шена Оха нур хилийтина‚ цуьнца нахалахь лелаш верг тера вуй ша боданашкахь волчух‚ цу чуьра ша аравер воцчу? Иштта хаздина цатешачарна шаьш деш хилларг.

123.

Иштта хилийтина Оха массо а юьртахь къинош леточеран тхьамданаш‚ цу чохь цаьрга мекарло яйта‚ цара-м мекарло ца йо шайна бен‚ царна хаа ца ло-кха.

124.

Шайга делил /аят/ деъча‚ цара олу: "Тхо тешар ма дац Делан элчанашка деънарг санна тхоьга ца дагIахь /Делан аят/". Далла дика хаьа‚ муха элчаналла дан деза. Къинош диначарех сийсазалла кхуьур ма ю Далла гергахь‚ чIогIа Iазап а /кхоьрур ду/ шаьш хиларна мекарло еш.

125.

Далла Шена нисван луучунна дог паргIатдоккху Исламана‚ Цо Шена тилавала вита луучунна дог чIогIа гатдо, стигла хьалаволучух терра. Иштта хилийтина Дала рижс цатешачарна тIехь.

126.

ХIара бу хьан Кхиош-кхобучун некъ‚ нийса хилла болу. Къаста ма дина Оха аяташ хьехам тIелоцучу къомана.

127.

Царна Машаран цIа ду шайн Кхиош-кхобучун гергахь. И ву церан доттагIа, уьш хиларна /дика/ Iамалш еш.

128.

Уьш берриге гулбечу дийнахь /кхойкхур ду/: "ХIай жинийн тоба! Адамех доккха дакъа схьалаьцна аша (дуккха адамаш тилийна аша)". Адамех церан доттагIаша эр ду: "Тхо Кхиош-кхобуш волу, тхан Дела‚ оха вовшашкара зовкх ийцира‚ Ахьа тхуна хIоттийна йолу тхан Iожалла тIекхечира". Цо /Дала/ элира: "(Жоьжахатин) цIе ю шун чугIойла‚ даима цу чохь лаьтташ‚ Далла ма лиъина". Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ма ву Ша хьукма деш верг а‚ хууш верг а.

129.

Иштта цхьаболчу зуламхошка вуккхеран дола дойту Оха цара гулдеш хилла долчуьнца.

130.

"ХIай жинийн а‚ адамийн а юкъаралла! Шуьга ца баьхкина элчанаш шуна юкъара‚ шуьга дуьйцуш Сан аяташ‚ шуна хьехош (кхерам тасарца) хIокху дийнан цхьаьнакхетар?" Цара эр: "Тхайна тIехь тешалла дина оха". Дуьненан дахаро Iехийра уьш‚ шайна тIехь тешалла дира цара, шаьш цатешаш хилла, аьлла.

131.

Иштта (элчанаш бохуьйтара Оха) хьан Кхиош-кхобург ца хилла дела зуламца ярташ хIаллакьеш церан охIланна а ца хууш.

132.

ХIоранна шен-шен дарж ду‚ ша динчух. Хьан Кхиош-кхобург ма вац тидаме оьцур доцуш цара деш дерг.

133.

Хьан Кхиош-кхобург ву (цхьаннех) ца воьзуш (халкъ а, цуьнан Iибадат а Шена ца хилчи а мегаш)‚ къинхетам болуш а. Шена лаахь шу дойур ду Цо‚ шул тIаьхьа Шена луург вуьтур ву‚ шу а Цо кхиийна хиларе терра кхечу къоман зуьретах.

134.

Баккъалла а, шуна хир ду аьлларг догIур долуш ду шуна‚ шуна могур ма дац и гIелдан (и духа тоха).

135.

Ахьа ала: "ХIай къам! Шайн Iамал е аша шайн меттигашкахь‚ аса а йийр ю сайн Iамал‚ тIаьхьа хуур ду шуна‚ хьенан хир ю цIийнан тIаьхье /эхарт/. Баккъалла а,‚ баккхийбуьй ма бац зуламхой".

136.

Цара дира Далла Цо кхоьллинчу ялтех а‚ бежанех а дакъа‚ элира: "ХIара Далла ду" – царна моттарехь – "хIара вайн накъосташна ду". Церан накъосташна хилларг Деле ца кхочу‚ Далла хилларг церан накъосташка кхочу – ма вон хилла цара деш долу хьукма.

137.

Иштта хаздира дукхахболчу мушрикунашна церан накъосташа шайн бераш дайар (зудбераш дийна болуш лаьттах бохкар), уьш хIаллакбархьама а‚ царна шайн (ИсмаIилера схьадогIуш хилла долу) дин дохойтархьама а. Далла лиъна хиллехьара и дийр дацара цара‚ бита уьш а‚ цара (харц) кхуллург а.

138.

(Мушрикунаша) элира: "ХIара даьхний а‚ ялта а хьарам ду‚ и дуур дац вайна луучо бен"‚ – иштта довдора цара‚ даьхний ду шайна тIехаар хьарам долуш /царна моттарехь/‚ даьхний ду цара шайна тIехь Делан цIе ца хьахош Цунна тIехь харцдерг кхоллархьама. ТIаккха бекхам бийр бу Цо царна цара /харцдерг/ тIекхуллуш хиларна.

139.

Цара элира: "ХIокху бежанийн гай чохь дерг цIена ду вайн божаршна‚ хьарам ду вайн зударшна. Нагахь санна къеелла дуьнена ялахь – уьш цу чохь /цхьанийсса/ декъахой бу". Цо /Дала/ бекхам бийр бу царна шаьш кхуллуш долчунна тIехь. Баккъалла а, И хьекъале а ву‚ хууш а ву.

140.

Эшаллехь биси Iовдаллалица а‚ хууш хIума доцуш а‚ шайн бераш хIаллакбинарш‚ Дала шайна делла рицкъа шайна хьарамдинарш, Далла тIе харцдерг кхоллархьама. Тилабелла уьш‚ нийсачу новкъахь хила а ца хилла уьш.

141.

И ву кхиийнарг бошмаш‚ кхозаелларш а‚ ца кхозаелларш а (дитташ)‚ хурманаш а‚ ораматаш а‚ шайн даар башха долуш‚ зайт-дитт а‚ нар а (граната) – тера йолуш а‚ тера йоцуш а‚ баа церан стоьмаш уьш кхиъча‚ ялта чудерзочу дийнахь цуьнан хьакъ (закат) дIало. ТIалам боцуш даржа ма де. Баккъалла а, Цунна ца беза хIуманан тIалам боцурш.

142.

Бежанех ду – шуна мохь кхоьхьурш а‚ шуна кIеда мотт хуьлурш а. Даа Дала шайна деллачу рицкъех‚ тIаьхьа ма хIитта шайтIанан гIулчашна. Баккъалла а, и шуна билггала мостагI ду.

143.

БархI /бежана ду/ боьршаниг а‚ стениг а‚ уьстагIех а шиъ‚ гезарех а шиъ. Алал /хаттал цаьрга/: "Боьршаниг шиъ хьарам дина Цо /Дала/ я стениг шиъ дина‚ я шинне стечун кийрахь дерг дина? Дийцал суна Iилманца‚ шаьш бакълуьйш хилла делахь".

144.

Эмкалех шиъ‚ аттех шиъ – алал /хIинца/: шиъ боьршаниг хьарам дина‚ я шиъ стениг дина‚ я шинне стечун кийрахь дерг дина‚ я шу дара тешаш /дакъа лоцуш/ Дала шуна цуьнца весет деш?" Мила хир ву зуламе Далла тIе харцдерг кхуллучул, нах тилорхьама цхьа а Iилма доццушехь. Баккъалла а, Дала ца нисдо   зуламе къам.

145.

Ахьа ала: "Суна ца карадо сайга даийтинчу вехьешкахь хьарам динарг дуучунна ша дууш‚ къеделларг доцург‚ Iенаш долу цIий доцург я хьакхин жижиг доцург‚ – тIаккха и рижс ю – я шена тIехь Дела воцчун цIе йоккхуш йина песакх йоцург. ТIкъа шена ницкъ бахь /мацалло/‚ къинах ларлуш‚ /Делан/ дозанах а ца волуш – (юур ю цо хьарамниг). Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург гечдеш ма ву‚ къинхетаме а ма ву.

146.

Жуьгташна хьарам ма дира Оха массо берг йолу /бежана/. Хьелийн а‚ уьстагIийн а хьарам йира Оха царна муьхь шайн букъах‚ я чокох леттарг йоцург‚ я даьIахках ийнарг йоцург. И бекхам бира Оха царна уьш тилар бахьанехь. Баккъалла а, тхо бакълуьйш ду.

147.

Хьо цара харцвахь‚ ала: "Шун Кхиош-кхобург ву шортта къинхетам болуш‚ духатохалур бац Цуьнан ницкъ къинош дечу къомах".

148.

Делаца накъост лаьцначара эр ду: "Далла лиънехьара Делаца накъост лоцур вацара оха а‚ тхан дайша а‚ хIумма а хьарам дийр дацара оха". Иштта харцдира /дин/ царел хьалха хиллачара а тхан ницкъ Iавшшалц. Алал /хаттал цаьрга/: "Шуьгахь дуй Iилма – далахь аша и тхуна арадаккха. Шу тIаьхьахIуьттуш ма дац моттаргIанашна а бен‚ шу харцлуьйш ма ду".

149.

Ала: "Делехь ду кхоччуш делил. Лиънехьара шу дерриге а нисдийр дара Цо".

150.

Ала: "Балабе шайн тешаш‚ шаьш тешалла дийр долу‚ Дала и хьарам дина"‚- аьлла. Цара тешалла дахь‚ ахьа ма делахь царца тешалла. Хьо тIаьхьа ма хIотталахь Тхан аяташ харцдиначеран лааршна‚ эхартах цатешачерийн а – уьш бу шайн Кхиош-кхобучуьнца /кхин накъостий/ нисбеш /мушрикунаш/.

151.

Ала: "Схьадуьйла‚ аса дуьйцур ду шун Кхиош-кхобучо шуна хьарам динарг – аша цуьнца цхьанне хIуманца накъост ца лацар‚ деца-ненаца дика хилар а – шайн доьзалш ма байа мацаллех /кхоьруш/. Оха кхобур ду шу а‚ уьш а. Боьхачун герга ма гIолаш – цунах гучудаьллачух а‚ къайлах долчух а. Са ма делаш ша Дала хьарам дина /стаг вер/ долу‚ бакъонца бен. И ду Цо шуьга весет динарг, шу хиллархьама хьекъале.

152.

Буоберан дохнна герга ма гIолаш дикачуьнца бен, и кхиъна валлалц. Терза нийса озалаш. Оха тIе ца дуьллу сина цуьнан ницкъ кхочург бен. Шаьш дийцахь‚ нийсо елаш (бакъдерг дийцалаш) гергара велахь а‚ Делаца йина ваIда кхочушъелаш. И ду Цо шуна шеца весет динарг, шу хилийтархьама ойла еш.

153.

ХIара Сан некъ бу нийса берг – тIаьхьахIотта цунна‚ тIаьхьа ма хIотта кхечу некъашна – цара дIакъастор ду шу Цуьнан некъах. И ду шуна Цо /Дала/ шеца весет динарг, шу хилийтархьама /Делах/ кхоьруш.

154.

ТIаккха Мусага делира Оха жайна‚ ша диканиг диначунна /Тхан ниIмат/ кхочушдеш хилла долу‚ хIора хIуманна къастор хилла долу‚ нийса некъ а‚ къинхетам а хилла болу‚ уьш шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьаьнакхетарх тешаш хила ма мегара.

155.

ХIара а жайна /КъурIан/ ду. Оха доссийна и ша беркате а долуш‚ тIаьхьахIотта цунна‚ /Делах/ кхера – шух къинхетам бан мегара.

156.

Аша ца алархьама: "Тхоьл хьалха хиллачу шина тобане доссийна жайна‚ тхо хилла уьш Iамарх гIовпал".

157.

Я аша ца алархьама: "Тхоьга доссийна хиллехьара жайна – царел а нийса хилла хир дара тхо". Еъна шуьга билгало шун Кхиош-кхобучуьнгара‚ нийса некъ а‚ къинхетам а. Мила ву, ткъа, зуламе Делан аяташ харцдечул‚ царех дIатилинчул? Бекхам бийр бу Оха тхан аятех дIатилинчарна вочу Iазапца, уьш хилла хиларна дIатилла.

158.

Хьоьжур буй-те уьш шайга маликаш даре я шайна Дела варе‚ я хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ даре? Хьан Кхиош-кхобучун цхьадолу аяташ деъначу дийнахь сина пайда бийр бац цуьнан имано‚ ша хьалха тешна хилла дацахь‚ я шен иманачохь гулдина диканиг дацахь. Ахьа ала: "Хьоьжуш Iе шу – тхо а хьоьжуш ду".

159.

Баккъалла а, шен дин декъна хилларш‚ тобанаш хилларш – хьо царех ца хилла хьуна цхьанне хIуманна тIехь‚ церан гIуллакх Деле ду. ТIаккха Цо дуьйцур ду цаьрга цара деш хилларг.

160.

Диканиг деъначунна - цунна итт цунах тераниг ду. Вониг деъначунна – бекхам хир бац цунах терачуьнца бен. Царна зулам дийр дац.

161.

Ахьа ала: "Баккъалла а, со нисвина сан Кхиош-кхобучо нийсачу новкъа‚ мехала /нийса/ дин хуьлуйтуш‚ доггах /и бакъдина/ тIевирзина хилла волчу ИбрахIиман миллатах хуьлуьйтуш. И /ИбрахIим/ ца хилла мушрикунех".

162.

Ала: "Сан ламаз а‚ сан Iибадат а‚ сан денвалар а‚ сан валар а – Далла ду‚ Iаламийн Да хилла волчу.

163.

Накъост вац цуьнан. Цуьнца омра дина суна‚ со цхьалгIа муьтIахь верг ву".

164.

Ахьа ала: "АллахI воцург /кхин/ лоху аса Кхиош-кхобург /Дела/? И ма вуй массо хIуманан Кхиош-кхобург. Карор ма дац хIора синна шена тIехь дерг бен. Хьур ма бац хьочо кхечуьнан мохь (ша динчу къинан бен бекхам хир бац цуьнан). ТIаккха шун дIадерзар шун Кхиош-кхобучуьнга ма ду – Цо дуьйцур ма ду шуна шу шена чохь хилпало еш хилларг.

165.

И ма ву шух хилийтинарг лаьттан тIаьхье‚ шун цхьаберш вукхарел даржаца айбинарг, шу зерхьама Ша шуна деллачуьнгахь. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург сиха ма ву таIзарца‚ И гечдийриг а‚ къинхетам берг а ву.