55. АР-РАХЬМАН

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Сов къинхетаме верг.

2.

Цо Iамадина /Шен пайхамарна/ КъурIан.

3.

Цо кхоьллина адам.

4.

Цо Iамадина цуна /адамна/ хаар.

5.

Малх а‚ бутт а /Цуьнан/ хьесапаца /дIасхьалелаш/ бу.

6.

Седа а‚ дитт а /Цуна/ сужд деш ду.

7.

Стигал - Цо иза аййина‚ Миза-терза дIахIоттина.

8.

Шуьга харцо ца яйта /терзанца/ озарехь.

9.

Озар-эцар хIоттаде нийсонца‚ эша ма е терза!

10.

Латта а дIадаржина Цо Шен Iаламна!

11.

Цуьнан /лаьттан/ тIехь стоьмаш болу‚ кедалгаш долу хурманан дитт а /долу/.

12.

Буьртигаш /долу/ ча-гIад долуш хаза хьожа йолу баццаш а.

13.

Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?

14.

Цо кхоьллира адам бекъачу поппарах  кхийра пхьегI санна (топпаран пхьегI санна).

15.

Цо кхоьллира жин кIура ца болучу /цIеначу/ цIерах.

16.

Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?

17.

Шинан малхбален а Дела ву Иза‚ шинан малхбузен а Дела ву.

18.

Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?

19.

Цо паргIат битира Ши хIорд /дуьра берг а‚ теза берг а/ вовшашца цхьаьнакхетан.

20.

Царна шиннан юккъехь дуьхьало ю уьш вовшийн тIе ца кхийдан.

21.

Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /адам а‚ жин а/?

22.

Схьадолу цу шина /хIордах/ луълуъ а‚ маржан а.

23.

Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?

24.

Цуьнан ду хIоьрдачухула дIалела кеманаш лекхачу лаьмнех тера.

25.

Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?

26.

Массо цу /лаьттан/ тIехь верг хIаллак хир ву.

27.

Юьсур ю хьан Кхиош-кхобучун юьхь‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу.

28.

Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?

29.

Цуьнга доьху стигланашкахь а‚ лаьттахь а болчаьра. Массо дийнахь Иза гIуллакхлахь ву.

30.

Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?

31.

ТIаьхьа мукъадер ду Тхо шуна /гIуллакхна/‚ хIай жинаш а‚ адамаш а.

32.

Шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо /хIай адам а‚ жин а/?

33.

ХIай жинийн а‚ адамийн а гулам! Шайна магахь стигланийн а‚ латтан а дозанийн дехьадовла‚ довлал! Шу дер-м дац цхьаьна бакъонца бен.

34.

/ТIаккха/ шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

35.

Шуна шиннан тIе йоуьйтур ю цIеран алу /кIура боцу/‚ кIура а‚ гIо дийр дац шуна.

36.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

37.

Стигал йедича‚ иза юьсур ю цIиелла басар санна.

38.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо?

39.

Оцу дийнахь шен къих хоттур ма дац адаме а‚ жине а.

40.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

41.

Къинош динарш бевзар бу шайн билгалонашца а‚ схьалоцур бу кIужалашца а‚ когашца а.

42.

ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

43.

ХIара ю и жоьжахати къиношдиначаьра ша харц еш хилла йолу.

44.

Цара гонаш бохур бу цуьнан а цIийдинчу хинан а юккъехула.

45.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

46.

Шен Кхиош-кхобучунна хьалха хIоттарах кхийринчуьнна ши беш хир ю.

47.

ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

48.

Гаьннаш долуш /ю и ши ялсамани/.

49.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

50.

Цу чохь оьхуш ши шовда ду.

51.

ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

52.

Цу шина /ялсамани/ чохь хIора стоьмах ши тайпа бу.

53.

ТIаккъа а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

54.

Уьш /дика Iамалш йинарш/ хир бу маьнганий тIе тевжина‚ /цу маьнганийн/ чоь езадарех йина йолуш. Цу ялсамани чохь /стоьмаш/ баха гергахь хир бу.

55.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

56.

Цу /ялсамани/ чохь бIаьрг оьзда мехкарий хир бу‚ шайх царел хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу.

57.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо‚ аш шиммо?

58.

Шаьш якъут а‚ маржан санна хир бу уьш.

59.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

60.

ТIкъа диканан бекхам диканиг бен бу-й?

61.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

62.

И шиъ йоцург кхин ши беш хир ю.

63.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

64.

ТIаьIна баьццара босахь /ю и ши беш/.

65.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана иакарло йо аш шиммо?

66.

Царна чохь хи кхуьссуш ши шовда хир бу.

67.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

68.

Царна чохь стоьмаш хир бу‚ хурма а‚ нар а хир ю.

69.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

70.

Царна чохь дика‚ хаза /мехкарий/ хир бу.

71.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

72.

Iаьржа бIаьргаш болуш‚ оьзда мехкарий хир бу шайн четаршкахь.

73.

ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

74.

Шайх царел хьалха цхьа а адам а‚ жин а хьакхаделла боцу.

75.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

76.

Шаьш тIетоьвжина болуш баьццарачу гIайбанийн‚ хазаллих буьззинчу кузашна а.

77.

ТIаккха а шайн Кхиош-кхобучун муьлхачу ниIматана инкарло йо аш шиммо?

78.

Беркате хилла хьан Кхиош-кхобучун цIе‚ Шегахь сийлахьалла а‚ коьмаьршалла а долу.