54. АЛЬ-КЪАМАР

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Гергадеана сахьт /къематде/‚ бутт ахбаьллера.

2.

Шайн делил /муIжизат/ гичи а уьш /цатешарш/ бухабовлу /иманах/‚ цара олу: "Дахделла бозбуанчалла ду".

3.

Цара харцдира /пайхамар ваийтар/‚ уьш тIаьхьабаьзира шайн дезаршна. Массо гIуллакх /диканиг а‚ вониг а/ чIагIделла ду /шен тоьхна хан йолуш/.

4.

Цаьрга деънера хабарш /хьалхалера Делах цатешаш хилла болу нах хIаллакбарах лаьцна долу/‚ шайна чохь /уьш къинах/ юхаозар а долуш.

5.

КIорггара хьикмат а /деънера цаьрга/. Пайда ца бора кхерамаша /хьехамаша/.

6.

Гена вала царех‚ /бита уьш/ кхойкхучо ца дезачу хIумане шаьш кхойкху /къемат/ де кхаччалц.

7.

БIаьргаш хьетIабевла /дукха кхерабаларна/ арабовлур бу уьш кешнашкара даьржина цIоз санна

8.

/Шайга/ кхойкхуш волчунна /тIе кхача/ сихбевла. /Эццахь/ цатешачаьра эр ду: "Ма хала де ду-кх хIара!"

9.

Харцдира /дин/ царел /Къурайшал/ хьалха Нухьан къамо. Цара харцвира Тхан лай /Нухь/‚ элира: "Жинех ву иза"‚ тIаккха иза дIаэккхира.

10.

ТIаккха цо кхийкхира ша Кхиош-кхобушволчуьнга: "Баккъалла а, со эшийна. Ахьа гIо де-хьа суна!"

11.

ТIаккха Оха дIаеллира стигланан неIарш дIакхуьссуш долчу хица.

12.

Лаьттах схьадехира Оха хьосташ хи вовшах кхийтира ша язделла хилла долчу омрана тIехь.

13.

Оха дIаваьхьира иза /Нухь кема тIехь/ аннаш а‚ хьостамаш а долчу.

14.

Иза /кема/ дIаихара Тхан бIаьргийн хьалхахь ша харцвина хиллачун бекхамна.

15.

Оха дитира иза делил хилла‚ ву-й цхьа а иза тергал деш верг?

16.

Муха дара Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

17.

Оха атта дира КъурIан дагалацан. Ву-й цхьа а дагалоцушверг?

18.

Харцдира /дин/ Iадаша а. Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

19.

Оха бахийтира царна шок лоькху мох дахделлачу декъазчу дийнахь.

20.

Цо схьабохура нах тидинчу хурманан диттийн орамаш /лаьттах схьадохуш/ санна.

21.

Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

22.

Оха атта дира КъурIан дагалацан. Ву-й цхьа а дагалоцушверг?

23.

Харцбира самудаша а кхерам тосурш.

24.

Цара /самудаша/ элира: "Тхайх цхьана адамна тIаьхьадезар ду тхо? ТIаккха-м хир ма дара тхо тилар чохь а‚ сизаллин чохь а.

25.

/Цара элира/: "Вайна юккъера вехьий кхоьссина цуьнга? ХIа-хIа! Иза ву-кх /сов/ харц луьйш дозалла деш верг".

26.

Хуур ду царна кхана‚ мила ву /сов/ харц луьйш дозалла деш верг.

27.

Оха йохуьйтур эмкал царна питна хилла. Хьо хьовсал цаьрга /хIай Салихь/‚ собаре а хилла.

28.

Ала цаьрга‚ хи декъна хир ду царна юккъехь: хIоранна шен малар хир ду /шен хенахь/.

29.

Цара кхийкхира шайн накъосте‚ Цо /шен куьйга/ схьаийцира /шаьлта/‚ /эмкална/ хьекхира.

30.

Муха хилира Сан Iазап а‚ кхерамтасар а?

31.

Оха бахийтира царна тIе цхьа /чIогIа/ мохь - уьш /белла/ бисира /шен уьстагIашна уьш берзалошка ца дахьийта/ чIагIо йечун /Iийнина кIохцалин/ буц санна.

32.

Оха атта дира КъурIан дагалацан. Ву-й цхьа а дагалоцушверг?

33.

Харцдира ЛутIан къамо кхерамтасар.

34.

Оха бахийтира царна тIе тIулгаш хьош болу мох‚ ЛутIан доьзал юкъара боккхуш. Уьш кIелхьарабехира Оха сатосуш

35.

Тхайгара къинхетамца. Иштта бекхам бо Оха шукур дечунна.

36.

Цо /ЛутIас/ кхерамтесира царна Тхан ницIкъаца - цара шеко йира кхерамтасарх.

37.

Цуьнга /ЛутIе/ чIогIа бихира цара цуьнан хьеший - Оха бIаьрса схьаийцира церан‚ /элира/: "ХIинца Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а".

38.

Схьалийцира уьш Iуьйрана чIагIделлачу Iазапо.

39.

"Iовша шайна Сан Iазап а‚ Сан кхерам а".

40.

Оха атта дира КъурIан дагалацан‚ ву-й цхьа а дагалоцушверг?

41.

ФирIавнан охIлана тIе а баьхкира кхерамчаш.

42.

Цара харцдира Тхан аяташ дерриге а - Оха схьалецира уьш Веза волчун‚ ницIкъ Болчун схьалацарца.

43.

Шун цатешарш дика бу царел /хIай Къурайш/ я шу цIена хиларан бакъо ю Зубурий чохь?

44.

Я цара /Абу ДжахIла/ олу: "Вай дерриге /цхьана хилча/ тоьлур ду /Мухьаммадал/"‚

45.

Берриге /уьш/ эшор бу - бовдара бу уьш. /Иштта хилира Бадрехь тIамехь/.

46.

ХIаъ‚ сахьт /къематде/ ду царна тоьхна хан. И сахьт вуно ирча а ду‚ вуно къаьхьа а ду.

47.

Баккъалла а, къинош динарш тилар чохь а‚ хьекъал чохь боцуш а ма бу.

48.

Оцу дийнахь уьш такхор ма бу шайн яххьийн тIехь цIерга. /эр ду/: "Iовша шайна сакъарах хьакхадалар!"

49.

Оха массо хIума кхоьллина шен барамехь.

50.

Тхан омра-м цхьа /дош/ бен дац бIаьрнегIар тохар санна.

51.

Оха хIаллакьйира шух тера тобанаш - ву-й цхьа а дагалоцушверг?

52.

Массо цара дина долу хIума Зубурий чохь ду.

53.

Массо жиманиг‚ массо доккханиг дIаязделла ду.

54.

Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш бошмашна чохь а‚ хишкахь а бу.

55.

Бакъдолчун гIантан тIехь‚ НицIкъ болчу Паччахьан /Делан/ хьалхахь.