53. АН-НАДЖМ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Седах /дуй боу Аса/ иза /лакхара/ охьабужуш:

2.

Некъах ца тили шун накъост /Мухьаммад пайхамар/‚ гала ца вели.

3.

Цо ца дуьйцу шегара /шена дезарг/.

4.

Иза деккъа вехьий ду цуьнга дIахоуьйтуш долу /Дала/.

5.

Иза /Мухьаммад пайхамар/ Iамийна ша ницIкъаца чIогIа долчо.

6.

Шегахь ницIкъ болчо. Иза /Джабраил малик/ нисса дIахIоьттира.

7.

Иза /Джабраил малик/ анан лекхачу меттигехь долуш.

8.

ТIаккха иза /Джабраил малик/ герга хилира‚ кхин тIех гергадера. /элчане вехьий дахьаш/.

9.

Иза хилира /гергахь/ шина Iадан барамехь‚ я кхин герга.

10.

Ишта вехьи дахьийтира Цо Шен лега‚ Ша дахьийтинарг.

11.

Харц ца дира /пайхамаран/ даго шена гинарг.

12.

Ткъа аш къуйсу цуьнца /пайхамарца/ цуна гиначуьнца?

13.

Цуна /Мухьаммад пайхамарна/ иза гира кхин а охьадоссарехь (кхин цIа дуссуш).

14.

Чакхенан /дозанан/ лотос диттан гергахь.

15.

Цуьнан гергахь ю  /ялсаманин/ чугIойлан беш.

16.

Иза лотос - дитт хьулдо ша хьулдечо.

17.

ДIа ца тилина /пайхамаран/ бIаьрса‚ дозанах ца даьлла.

18.

Цуна гира шен Кхиош-кхобучун даккхичу аятех /аят/.

19.

Шун гирий-те Лата а‚ Iузза а?

20.

Кхин кхозлагIа Манат а?

21.

Ткъа шуна божабераш ду‚ Цуна зудабераш ду?

22.

Иза декъаза дакъа ма ду.

23.

Уьш еккъа цIераш ю аш а‚ шун дайша а тихкина йолу. Дала цхьа а бакъо ца йоссина /царех лаьцна/. Уьш тIаьхьахIуттуш ма бу деккъа шайн мотталуш долчуьнна а‚ /шайн/ дегнашна дезачуьнна а‚ Цаьрга ма беъна шайн Кхиош-кхобучуьнгара нийса некъ.

24.

Я адамна шена дезарг ду?

25.

Делан ю тIаьхьарниг а /эхарт/‚ хьалхарниг а /дуьне/.

26.

Маса малик ду стигланашкахь шайн шапаIаташа хIумма кIелхьарадоккхур доцуш Дала Шена луучунна пурба  делча а бен‚ И реза хилча а бен?!

27.

Баккъалла а, эхартах цатешачара йоккху маликех зударийн цIе.

28.

Цуьнца цхьа а Iилма ма дац церан. Уьш тIаьхьахIуттуш ма бу деккъа моттарна. Ткъа моттаро хIумма хьалхадоккхур ма дац бакъдолчух.

29.

Хьо дIаверза Тхан хьехамах вухавеллачух‚ дуьненан дахар бен шена ца дезаш волчух.

30.

Иза ю церан Iилманах кхиаран дарж. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобуш верг /хьан Дела/ - Иза ву дика хууш Шен некъах тилавелларг а, Иза ву дика хууш ша нисвелларг а.

31.

Делан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг Цо бекхам бархьама вон хиллачаьрна цара диначуьнца‚ Цо бекхам бан дикахиллачаьрна уггар дикачуьнца.

32.

Ишттанаш бу уьш шаьш генабовлуш къинойх даккхичарех а‚ боьхучух а кегийнаш бен /ца долуьйтуш шайгара/. Баккъалла а, хьо Кхиош-кхобушверг Шегахь шортта гечдар долуш ву-кх. Иза дика хууш ву шух дерг шу Ша лаьттах кхуллучу хенахь а‚ шу шайн нанойн кийрахь хIу долчу хенахь а. Шаьш цIан ма де - Иза дика хууш ву /Делах/ кхоьруш верг!

33.

Хьуна гирий и вухаваьлларг?

34.

КIеззиг /сагIа/ делларг‚ тIаккха дIакъевлинарг /сагIа ца луш/?

35.

Ткъа цуьнгахь ду-те къайленан Iилма цуна ган гуш?

36.

Я цуьнга ца дийцина-те Мусан жайнашкахь дерг?

37.

ИбрахIиман а /жайнашкахь дерг/‚ ша кхочуш дина хилла волчу /шена Дала тIедиллинарш/

38.

/Цуьнга ца дийцина-те/: хьур бац хьочо кхечун мохь‚ аьлла‚

39.

Дац адамна ша къахьегнарг бен‚ аьлла‚

40.

Цуьнан къахьегар тIаьхьа гур ду‚ аьлла‚

41.

ТIаьхьа хир бу цуна сов нийса болу бекхам‚ аьлла‚

42.

Хьо Кхиош-кхобушволчунга ю /хьан/ чакхе‚ аьлла‚

43.

Баккъалла а, Иза ву воьлуьйтург а‚ /Иза ву/ воьлхуьйтург‚ аьлла.

44.

Баккъалла а, Иза ву волуьйтург а‚ /Иза ву/ денвийриг‚ аьлла‚

45.

Баккъалла а, Цо кхоьллина шишша - боьрша а‚ сте а‚ аьлла.

46.

/Цхьана/ тIадамах иза кхоссабелча /ненан кийрахь долчу беран цIа чу/‚ аьлла.

47.

Цунна тIехь кхин цхьа кхоллар /белларш денбар/ ду‚ аьлла.

48.

Баккъалла а, Иза ву‚ аьлла‚ хьал делларг а‚ кхачо яйтинарг а /рицIкъ делла/.

49.

Баккъалла а, Иза ву Сириус цIе йолу седа Кхобушверг /цуьнан Дела а/‚ аьлла.

50.

Баккъалла а, Иза ву аьлла Ша хIаллакбинарг хьалхалера Iадаш.

51.

Самудаш а‚ /цхьа а/ буха ца витира /царех/‚

52.

Нухьан къам а‚ хьалха. Баккъалла а, уьш хилира вуно зуламе а‚ вуно дозанах баьлла а.

53.

Муътафикат а хьалаяьккхина охьатуьйхира Цо.

54.

ДIахьулйира Цо уьш‚ Ша дIахьулйинарг.

55.

Хьан Кхиош-кхобуш волчун муьлхачу ниIматаца къуьйсу ахь‚ /хIай‚ адам/?

56.

ХIара /Мухьаммад пайхамар/ кхерамча ву хьалхалерчу кхерамчех волуш.

57.

ТIекхечи цIеххьана тIекхочушдерг /къематде/.

58.

Ма вац цуна Дела воцург дIадоьллуш верг.

59.

Ткъа цу хабарах а цецдовлу шу?

60.

Доьлу шу? Ца доьлху шу?

61.

Ма тIаламза ду шу (шайн хан эрна йойуш)!

62.

Аш Далла сужд де‚ /Цуна/ Iибадат а де!