51. АЗ-ЗАРИЙАТ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Даржош долчех /дуй боу Аса/ даржорах тера.

2.

Мохь хьош долчарех /дуй боу Аса/.

3.

Лелаш долчарех /дуй боу Аса/ атта.

4.

ГIуллакх доькъуш долчарех а /дуй боу Аса/ -

5.

Шуна еш йолу ваIда бакъерг ма ю.

6.

Бекхам хIуттур болуш ма бу.

7.

Стиглах /дуй боу Аса/ шена /седарчий дIасхьалела/ некъаш долчу.

8.

Баккъалла а, шу тайп-тайпачу дашехь ма ду.

9.

Iехийна цунах ша Iехвелларг /шайтIано Iехийнарг/

10.

Байина /неIалт аьлла/ харцлуьйш берш.

11.

Шаьш жехIаллина чохь гIапал хилларш.

12.

Цара хоьтту: "Маца ду бекхаман де?"‚ бохуш.

13.

Оцу дийнахь уьш цIарна тIехь питане лоцур бу.

14.

"Iовша шайн питна - /олуш/. - ХIара ду и ша аш сихдеш хилларг".

15.

Баккъалла а, /Делах/ кхоьрурш бошмашкахь а‚ шовданашкахь а /хир/ бу

16.

Оьцуш шаьш Кхиош-кхобуш волчо шайна делларг. Баккъалла а, уьш хилира цул хьалха диканиг деш.

17.

Уьш хилира кIеззиг бен доцуш буьйсана шаьш наб яр.

18.

ТIаьххьа буьйсана шайна /Деле/ гечдар доьхуш.

19.

Шайн дохнана /хьола чохь/ хьакъ долуш доьхучунна а‚ ша /рицIкъах/ хадийна волчунна а.

20.

Лаьттахь делилш ду тешна болчаьрна.

21.

Шу шаьшкахь а /делилш ду/‚ шуна ца го?

22.

Стиглахь ду шун рицIкъ а‚ шуна хир ду аьлларг а.

23.

Стигла а‚ латта а Кхиош-кхобучух /дуй боу Аса/ иза бакъ ма ду шу хабар дуьйцуш хилар санна.

24.

Хьоьга хабар деъний /я Мухьаммад/ ИбрахIиман сийлахь хьешех лаьцна?

25.

Уьш чу боьлира цуна‚ цара элира: "Салам!" Цо элира: "Салам", /шега элира цо/: "Ца бевза нах /бу-кх/".

26.

Иза /ИбрахIим/ вахара шен нах болчу‚ веара дерстана эса далош /хьешашна дайа/.

27.

Цо иза /эса дина‚ цуьнан жижиг/ царна герга хилира‚ элира: "Аша ца доу?"

28.

Иза царех кхеравелира. Цара элира: "Ма кхера!" Цара цуна кхаъ баьккхира‚ хьекъале волу кIант /Исхьакъ/ хир ву аьлла.

29.

Дуьхьала еара цуьнан зуда чIогIа мохь бетташ‚ цо шен юьхьах тIара деттара‚ элира: "Бер ца хуьлу къена зуда ю-й ша-м!"

30.

Цара элира: "Иштта аьлла хьо Кхиош-кхобуш волчо. Баккъалла а, Иза хьукаме верг а ву‚ хууш верг а ву".

31.

Цо /ИбрахIима/ элира: "Шун хIун гIуллакх ду‚ хIай даийтинарш?"

32.

Цара элира: "Тхо даийтина къинош дечу халкъана тIе.

33.

Царна даийта поппаран тIулгаш -.

34.

Хьо Кхиош-кхобуш волчун гергахь тIаламза болучаьрна билгалдина хилла долу".

35.

Оха арабаьхира цу чохь хилла болу муъма нах.

36.

Тхуна ца карийра цу чохь /Далла/ муьтIахь болчарех цхьа цIа бен.

37.

Оха дитира цу чохь делил лазош долчу Iазапах кхоьруш болчаьрна.

38.

Мусагахь а /делил дитира Оха/. Оха вахийтира иза ФирIавна тIе билгалчу бакъонца.

39.

Иза /ФирIавн/ вухарвелира шен бIоца‚ элира: "Бозбуанча ву‚ я жинех ву".

40.

Оха схьалецира иза а‚ цуьнан эскар а‚ кхоьссира уьш хIоьрда чу‚ иза /ФирIавн/ шен бехкбаккха хьакъ долуш ву /ша элчане иман ца дилларна‚ ша Дела ву бахарна/.

41.

Iадашкахь а /делил ду шуна/ Оха бахийтира царна шайн тIаьхье хадош болу мох.

42.

Ца юьтуш ша тIе кхаьчна йолу хIума яхка елла хIума йой бен.

43.

Самудашкахь а /ду делилш/. Цаьрга элира: "Пайда эца цхьа хан тIекхаччалц".

44.

Шаьш Кхиош-кхобуш волчун гIуллакхах дIабирзира уьш‚ уьш схьалецира мохьо шаьш хьоьжуш лаьтташ.

45.

Царна ца мегира гIовта а‚ гIоьнчий ца карийра царна.

46.

Нухьан къамах а хьалха /хилира делил/. Уьш хилира песакъ къам.

47.

Стигал Оха юьгIира куьйгашца /ницIкъаца/ баккъалла а, Тхо ницIкъ кхочуш ду.

48.

Латта даржира Оха‚ Тхо дика даржош дерш ду.

49.

Массо хIуманах Оха кхоьллира шиш‚ аша ойла ер яцара-те.

50.

/Элира Нухьас/: "Довда Деле. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву.

51.

Ма ве Делаца кхин дела. Со шуна Цуьнгара билгала кхерамча ву".

52.

Иштта ца веъна царел хьалхачаьрга цхьа а элча‚ цара олуш бен: "Бозбуанча ву я жинех ву".

53.

Цара вовшашна цуьнца весет дора-те? ХIаъ. Уьш дозанех даьлла къам ду-кх.

54.

Вуха вала царех‚ хьуна бехк буьллур бац.

55.

Хьехам бе‚ хьехамо пайда бо муъма нахана.

56.

Аса ца кхоьллина жинаш а‚ адамаш а Сайна Iибадат дан бен.

57.

Суна ца деза цаьргара цхьа а рицIкъ‚ Суна ца деза цара суна даар далар.

58.

Баккъалла а, Дела ву рицIкъ луш верг а‚ ницIкъ берг‚ чIогIа верг а.

59.

Баккъалла а, зулам диначаьрна /Iазапах/ дакъа ду шайн /хьалха хиллачу/ накъостийн дакъих терра‚ Со сих ма войла цара /Iазап доссон/.

60.

Бала бу цатешначаьрна шайна ваIда йина йолчу шайн дийнера.