49. АЛЬ-ХЬУДЖАРАТ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

ХIай иман диллинарш! Хьалха ма гIерта Далла а‚ Цуьнан элчана а‚ Делах кхера! Баккъалла а, Дела хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.

2.

ХIай иман диллинарш! Шайн аьзнаш ай ма де пайхамаран аьзнал сов‚ чIогIа а ма ала цуьнга дош шун цхьаболчьара вовшашка чIогIа аларх тера шун Iамалш ца яйа шуна хаа ца луш.

3.

Баккъалла а, шайн аьзнаш гIелдеш берш Делан Элча волчохь - уьш бу Дала шайн дегнаш зина берш /Делах/ кхерарна. Царна гечдар а ду‚ сийлахь- йоккха ял а ю.

4.

Баккъалла а, и хьоьга кхойкхуш берш цIенойн чоьнийн дехьахьара - уьш дукхох берш ца кхеташ бу.

5.

Цара собар дахьара хьа шайна тIе араваллалц царна дика хир ма дара. Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

6.

ХIай иман диллинарш! Шуьга цхьа песакъ стаг веъча цхьа хабар дахьаш‚ аш билгалдаккхалаш /цо деънарг/ аш ца хууш цхьана нахана зен ца дан - тIаккха шу шаьш динчунна тIехь дохкодевла хир ду.

7.

Шуна хаалаш шуна юкъахь Делан элча вуйла. Дукхах долчу гIуллакхна тIехь шуна тIехьахIуттуш и валхьара - шуна шайна хала хир дара. Делахь а‚ Дала дезийтана шуна иман‚ Цо и хаздина шун дегнашкахь‚ ца дезийтина шуна керстаналла а‚ песакхалла а‚ Iесалла а. Изаш - уьш бу нис боьдурш.

8.

Делера дозаллица‚ ниIматаца а. И Дела хууш верг а ву‚ хьукаме верг а ву.

9.

Муъма нахах ши тоба летача‚ царна юккъехь маслахьт де. Цу шиннах цхьаъ вукханах летачах ца сацахь - тIом бе /аша массара/ оцу летачуьнца и Делан омрана /и ШарIана/ тIеялц. Иза тIеягIахь /Делан омрана/‚ - маслахьт де цу шиннан юккъехь нийсонца. Аша нийсо елаш. Баккъалла а, Далла беза нийсо еш берш.

10.

Баккъалла а, муъма нах - вежарий бу. Маслахьт де шайн шина /довдечу/ вешин юккъехь. Делах кхера‚ шух къинхетам бан мегара.

11.

ХIай иман диллинарш! Цхьа нах кхечу нахах ца бешаш ма хуьлийла‚ уьш царел дика хила мега‚ зударий а ма хуьлийла кхечу зударех ца бешаш‚ уьш царел дика хила мега‚ вовшийн кхачамбацарш ма леха‚ вовшашна /ца еза/ цIерш а ма техка. Вон цIе ю песакхалла иманал тIаьхьа. /Цул тIаьхьа/ тоба ца динарш - уьш зуламхой бу.

12.

ХIай иман диллинарш! Гена довла мотталучу хIуманех дукхох долчух. Цхьа долу мотталу хIуманаш къа ду. Вовшашна ма теIа /къайлах хIума хаа гIерташ/‚ шух цхьаберш вакхарех тIехьашха ма ле‚ шух цхьаннена дезий шен вешин жижиг даа и велча? - шуна иза ца дийзи. Делах кхера. Баккъалла а, Дела тоба къобалдийриг ву‚ къинхетаме а ву.

13.

ХIай нах! Баккъалла а, Оха шу кхоьллина стагах а‚ зудчух а‚ хилийтина шух халкъаш а‚ тайпанаш а шу вовшашна довзийтан. Баккъалла а, шух уггар сийлахьверг Далла гергахь - шух уггар /Делах/ кхоьрушверг ву-кх. Баккъалла а, Дела /шу/ девзаш ву‚ сов дика хууш ву.

14.

Iарбаша элира: "Иман диллина Оха". Ахьа ала: "Иман ца диллина аш‚ делахь а аш ала: "МуьтIахь хили тхо". ХIинца а иман чу ца дахна шун дегнашна. Шу Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь хилахь - шун Iамалех хIумма эшор ма яц Цо. Баккъалла а, Дела тIеттIа гечдеш верг ву, къинхетаме верг ву.

15.

Баккъалла а, муъма нах бу шаьш иман диллинарш Деле а‚ Цуьнан элчане а‚ тIаккха шеко ца еш‚ шайн бахамца а‚ шайн синошца а Делан новкъахь къахьегнарш (джихIад деш). Уьш бу бакълуьйш берш.

16.

Ахьа ала: "Аша Iамадо Далла шайн дин? Дела хууш ма ву стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Дела массо хIума хууш верг ву".

17.

Хьуна баккхибедаш бу уьш шаьш бусулба хила. Ахьа ала: "Суна даккхи ма деда шаьш бусулба дин эцаран". ХIаъ‚ Дела къинхетам беш ву шух - шу нисдина иманна тIе‚ шу бакълуьйш хиллехь.

18.

Баккъалла а, Далла хаьа стигланийн а‚ лаьттан а къайлахь дерг. Дела гуш дерг ма ву аш дийриг.