48. АЛЬ-ФАТХЬ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Баккъалла а, Оха белира хьуна билгала болу толам.

2.

Гечдархьама хьуна Дала хьан хьалхадахана ледарлонашна‚ тIаьхьахилларг а‚ кхочушдархьама Шен ниIмат хьуна тIехь‚ нисвархьама хьо нийсачу новкъа‚

3.

Цо хьуна деза-доккха гIодархьама а.

4.

Иза ву муъма нехан дегнашка синпаргIато йоссинарг уьш совбалийтархьама шайн имана тIе а иманца. Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела хууш верг‚ хьукаме верг а.

5.

/ДжихIад де олий омра до Дала/ Ша чубахийтан муъма божарий а‚ муъма зударий а шайн бухахула татолаш а лелаш долчу бошмашна‚ уьш цу чохь гуттар лаьтташ‚ айдан церан вонаш. Иза хилира Далла гергахь сийлахь-боккха толам.

6.

/И джихIад тIедиллина шуна/ Iазап дан мунепакъ божаршна а‚ мунепакъ зударшна а‚ Делаца накъост лаьцна божаршна а‚ Делаца накъост лаьцна зударшна а‚ Делах боьха ойланаш еш болчу /хьуна керстаний тIехь толам хир бац‚ бохуш/. Царна боьхачун го бу. ОьгIаза вахана царна Дела‚ неIалт аьлла царна‚ Цо кечъйина царна жоьжахати. Вон хили-кх /церан/ дIадоьрзийла.

7.

Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а эскарш. Хилира Дела веза-воккха верг а‚ хьукаме верг а.

8.

Баккъалла а, Оха вахийтина хьо теш хилла‚ къаанча хилла‚ кхерамча хилла.

9.

Шу тешийта Делах а‚ Цуьнан элчах а‚ аш цуна (элчанна) гIо дан а‚ аш иза ларан а‚ аш Цуна (Далла) тасбахь дан Iуьйранца а‚ суьйренца а.

10.

Баккъалла а, шаьш хьуна тешаме хир бу аьлла дош делларш - Далла тешаме бу аьлла дош делларш бу. Делан куьйг церан куьйгийн тIехь ду. И /дош/ дохийнарг - Цо дохош ду шена‚ кхочуш йинарг Делаца шен хилла ваIда - Цо цуна лур ю сийлахь-йоккха ял.

11.

Хьоьга эр ду дIасхьалелачу Iарбийх бухабисинчаьра: "Тхо совцина тхан бахамо а‚ тхан доьзало а‚ гечдар дехахь тхуна". Цара олу маттаца шайн дегний чохь доцург. Ахьа ала: "Хьан дола дийр дара шуна Дела дуьхьал цхьанне хIуманца‚ Цуна шуна цхьа зен лиъча я шуна цхьа пайда лиъча? ХIаъ‚ хили Дела аш дийриг сов дика хууш.

12.

ХIаъ - шу моьттуш дара элча а‚ муъма нах а шайн доьзална тIе цкъа а хьевзар бац аьлла. Иза хаздина шун дегнашкахь. Шуна моьттара вон хIума. Вон къам хили-кх шу".

13.

Делах а‚ Цуьнан элчанах а цатешнарг - баккъалла а, Оха кечъйина керстанашна жоьжахати.

14.

Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Гечдо Цо Шена луучунна‚ Iазап а до Цо Шена луучунна. Хили Дела гечдийриг а‚ къинхетаме верг а.

15.

Эр ду бухабуьсучаьра шу хIонсана тIе доьрзучу хенахь и эца: "Тхо а диташ шайна тIаьхьадан". Уьш лууш бу шаьш хийцадан Делан дош. Ахьа ала: "ЦIкъа а тхуна тIаьхьахIуттур дац шу. Ишта аьлла Дала хьалха". ТIаккха цара эр ду: "ХIаъ‚ тхуна хьагI еш ду-кх шу". ХIаъ‚ уьш хилира цакхеташ кIеззигчунах бен.

16.

Цу дIасхьалелачу Iарбех бухабуьсучаьрга ахьа ала: "ТIаьхьа шу кхойкхур ду чIогIа ницIкъ болчу къаме /цуьнца тIом бан/‚ царца аша тIом бийр бу‚ я уьш мукIур хир бу. Шу муьтIахь хилахь /Делан омрана/ Дала хаза ял лур ю шуна. Шу дIадерзахь шаьш хьалха дIа ма дирзи‚ Цо лазош долчу Iазапаца Iазап дийр ду шуна".

17.

БIаьрса доцучунна къа дац‚ астагIа волчунна а къа дац‚ цомгаш волчунна а къа дац /гIазоте ца бахча/. Далла а‚ Цуьнан элчана а муьтIахь верг - Цо вохуьйтур ву иза бошмашка‚ шайн бухахула татолаш лелаш долчу‚ дIавирзинарг /Делан динах/ - Цо Iазап дийр ду цуна лазош долчу Iазапаца.

18.

Реза хили Дела муъма нахана цара шаьш хьуна тешаме хир ду‚ аьлла дош луш диттан кIел‚ Цуна хиира церан дегнашкахь дерг. ТIаккха Цо йоссира синпархато царна‚ Цо совгIат делира царна герга хир болчу толамца а,

19.

Дуккха хIонсашца а‚ цара шаьш оьцур йолу. Хилира Дела веза-воккха верг а‚ хьукаме верг а.

20.

Дала ваIда йира шуна дуккха хIонсаш - аша уьш оьцур ю. Цо сихдира шуна хIара /хIонс/‚ айдира нехан куьйгаш шуна тIера‚ муъма нахана билгало хилийтан /царна гIо хилан/‚ Цо шу нисдан нийсачу новкъа.

21.

Кхин /хIонсаш а хир ю шун/ шуна шена тIехь ницIкъ кхочу боцу, Дала го бина царна /Далла хии уьш щун хир юйла/. Хилира Дела массо хIуманан тIехь ницIкъ кхочуш.

22.

Шуьца тIом бича цатешначаьра - цара /шуна шайн/ баккъаш берзор бу. /Уьш буха баьр бу/ - тIаккха царна карор вац доладийриг а‚ гIоьнча а.

23.

Делан Iадат ду иза‚ хьалха дIадахана а долу. Хьуна каранне а карор бац Делан Iадатна хийцам.

24.

Иза ву церан куьйгаш айдинарг шуна тIера‚ шун куьйгаш /айдинарг а/ церан тIера Маккан БатIнехь Цо шуна церан тIехь толам беллачул тIаьхьа. Хилира Дела аш дийриг гуш.

25.

Уьш цатешнарш бу‚ шу духатуьйхира цара Хьараман маьждигах‚ гIурбина дойу бежна кхаьбира сацийна шен меттиге дIакхачарах. Муъма божарий а, муъма зударий а ца хиллехьара /Маккан охIлах/, шуна шаьш бевзаш боцу /шуна пурба лур дара Макка йоккхуш тIом бан/. ХIинца - аш царна зулам дийр дара‚ /тIаккха/ цаьргара къа хьерчара дар шух ца хууш. /Иза хилира/ Дала Шен къинхетама чу вахийтархьама Шена луург. Уьш /Маккахь бисна хилла бусулбанаш/ къаьсташ хиллехьара Оха Iазап дина хир дара царех /Маккан охIлах/ цатешначаьрна лазош долу Iазапца.

26.

Цатешначаьра хилийтира шайн дегнашкахь нуьцIкъалла оьгIазло‚ жехIал заманан оьгIазло - тIаккха Дала Шен синпархато йоссира Шен элчана тIе а‚ муъма нахана тIе а‚ лезам дира царна /Делах/ кхераран дош. Уьш хилира цуна /дашна/ мелхо хьакъ, цуьнан охIлах. Дела хили массо хIума хууш верг.

27.

Бакъдира Дала Шен элчан гIан бакъдолчуьнца: шу данне а дулур ма ду Хьараман Масжида чу‚ Дала мукъалахь‚ кхерам боцуш‚ шайн кортош дешна‚ /мекхаш‚ кхин чоьш/ лацдина‚ шу кхоьрур дац. Цуна хиира шуна ца хуург‚ Цо хилийтира /шуна/ иза доцург гергара толам а.

28.

Иза ву Ша вахийтинарг Шен элча нийсачу некъаца а‚ бакъонан динца иза толийтан массон динал. Кхачо хилла Делаца теш хилар.

29.

Мухьаммад - Делан элча ву‚ Цуьнца берш чIогIа бу керстанашна тIехь‚ къинхетаме бу вовшийн юккъехь. Хьуна го уьш гора уьхуш‚ сужд деш шаьш лоьхуш Делера дозалла а‚ реза хилар а. Церан билгалонаш шайн яххьашкахь ю - сужд даран асар /ду иза/. Иза ду хьуна церан масал Товрата чохь. Церан масал Инжила чохь тера ду цхьана ялтех: Цо зазадоккху‚ цара цуна /тоьдуш‚ нисдеш/ гIо до‚ тIаккха иза чIагIло‚ нисло шен бух тIехь‚ Цо цецбоху ялта дуьйш берш‚ /пайхамаран асхьабаш а‚ ислам дин а чIагIло и ялта санна/ царна керстанаш оьгIазбахийтан. Дала ваIда йина Ша царех иман диллинчаьрна а‚ дика Iамалш йиначаьрна а гечдар а‚ сийлахь-йоккха ял лур ю‚ аьлла.