45. АЛЬ-ДЖАСИЙА

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Хьа-мим.

2.

Жайна охьадоссор /ду хIара/ Веза волчу‚ хьукаме волчу Делера.

3.

Баккъалла а, стигланашкахь а‚ лаьттахь а делилш ма ду муъма нахана.

4.

Шу кхолларехь а‚ /массо а лаьттахула/ даьржинчу дийнатехь а делилш ду ша тешаш долчу къамана.

5.

Буьйса-де хийцадаларехь а‚ Дала стиглара охьадоссинчу рицIкъехь а (догIехь а), Ша цуьнца деллачул тIаьхьа латта дендина долчу‚ мох хьийзарехь а делилш ма ду хьекъале долчу къамана.

6.

ХIорш Делан аяташ ду‚ Оха доьшу уьш хьуна бакъдолчуьнца. Муьлхачу хабарех Делал а‚ Цуьнан аятил тIаьхьа теша уьш?

7.

/Боккха/ бала бу массо къа деш /чIогIа/ харцлуьйш волчунна.

8.

Ша ладугIуш волчу шена тIехь доьшуш долчу Делан аяташка тIаккха чIагIлуш волчу /шен къиношкахь/ кураваьлла шена уьш ца хозучух /ца хезаш санна/ - ахьа кхаъ баккха цуна лазош долчу Iазапаца.

9.

Шена Тхан аятех цхьа хIума хиъча - иза схьалоцу цо белам бой. Уьш шайна сийсаза долу Iазап хир дерш бу.

10.

Церан хьалхахь жоьжахати ю. Цара гулдинчо а‚ Дела воцу цара лаьцначу доладийраша а хIумма а кIелхьара доккхур дац царех. Царна деза-доккха Iазап ду.

11.

ХIара бу нийса некъ. Шайн Кхиош-кхобучун аяташ керста динарш - /уьш бу/ шайна лазош долчух уггар чIогIа Iазап хир дерш.

12.

Дела ву Ша хIоьрд шуна муьтIахь бинарг цу чухула кема лелийтан а Шен омраца‚ шуьга лехийта Цуьнан дозаллах /хIоьрдан ниIматаш - чIера‚ маржанаш…/‚ шу хир дацара-те баркалла олуш.

13.

Шуна муьтIахь дина Цо стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а - массо а Шегара. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду ойла еш долчу къамана.

14.

Ахьа ала иман диллинчаьрга гечдойла цара Делан деношка дог дохушбоцучаьрна Цуьнга бекхам байтархьама нахана шаьш /дуьненахь/ гулдеш хиллачуьнца.

15.

Милла велахь дика дина - цуна шена ду иза‚ милла велахь вон дина - цуна шена дуьхьал ду иза а. ТIаккха шайн Кхиош-кхобучун тIе дIадерзор ду шу.

16.

Оха делира Исраилан кIенташка  жайна а‚ хьукам а‚ пайхамаралла а‚ рицIкъ делира царна цIена долчарех‚ Оха базбийра уьш Iаламел.

17.

Оха елира царна /динан/ гIуллакхан билгалонаш. Церан хилпало ма ца хилира шайга Iилма деъначул тIаьхьа бен вовшийн юкъахь хьагI хиларна. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобучо кхиэл йийр ю царна юккъехь къемат дийнахь шайн шеца хилпало хиллачохь.

18.

ТIаккха хьо /я Мухьаммад/ хилийтина Оха /динан/ гIуллакхан бакъонехь - цуьнан тIаьхьахIотта‚ ца хууш болчаьрийн дезаршна тIаьхьа ма хIотта.

19.

Баккъалла а, цара Делера хIумма а кIелхьара доккхур дац хьуна. Баккъалла а, зуламхой церан цхьаберш вакхарийн доладийраш бу хьуна. Дела доладийриг ву /Делах/ кхоьруш болчаьрийн.

20.

ХIара - билгалонаш ю /бIаьрг беллош/ нахана‚ нийса некъ а бу‚ къинхетам а бу тешаш долчу къамана.

21.

Къинош летийначаьрна метта-те Оха шаьш иман диллнчаьрца‚ дика Iамалш йиначаьрца цхьанисса хуьлуьйтур бу - шайн денбалар а‚ балар а? Ма вон ду-кх цара деш долу хьукам.

22.

Дала кхоьллина стигланаш а‚ латта а бакъдолчуьнца‚ хIора сина ша гулдинчуьнца бекхам хилийтархьама а‚ царна /цхьанне ца динарг бахьанехь/ зулам дийр дац.

23.

Хьуна го-й и шен шена дезарг шен дела лаьцнарг? Дала тила витина иза шен хаарца‚ Цо мухIар тоьхна цуьнан хазарна а‚ дагна а тIе‚ цуьнан бIаьрсана тIе кирхьа диллина Цо. ТIаккха иза хьан нисвийр ву Делал тIаьхьа? Аш ойла ца йо?

24.

Цара элира: "ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац. Ло /вайн цхьаберш/‚ дуьнена бовла /цхьаберш/‚ вай хIаллак дийр ма дац замано бен". Церан ма дац цуьнца цхьа а Iилма. Уьш /беккъа иштта/ моьттуш бу.

25.

Царна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ церан делил ма ца хилира цара алар бен: "Схьабалабе тхан дай шу бакълуйш хиллехь".

26.

Ахьа ала: "Дала дендийр ду шу‚ тIаккха Цо долуьйтур ду шу‚ тIаккха гулдийр ду шу къематдийне‚ шена чохь шеко йоцчу"‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.

27.

Делан ду-кх стигланийн а‚ лаьттан а  паччахьалла. Сахьт хIоттинчу дийнахь - оцу дийнахь оьшур ма бу харцберш.

28.

Хьуна гур ма ду массо уммат гора дахна. ХIора уммат кхойкхур ма ду шен жайна тIе - тахана шуна бекхам бийр ма бу аша деш хиллачуьнца.

29.

ХIара ду Тхан жайна тешалла дийр долуш шуна бакъдолчуьнца. Баккъалла а, Тхо хилира дIаяздеш аша деш хилларг.

30.

Иман диллинарш а‚ дика Iамал йинарш а - уьш бухкур бу церан Кхиош-кхобучо Шен къинхетамна чу. Иза билгала болу толам бу-кх!

31.

Ткъа ца тешаш хилларш /цаьрга эр ду/: "Сан аяташ ца хилира шуна тIехь доьшуш? Аша куралла ма йира - тIаккха шу къинош ден къам хилира".

32.

/Шуьга/ элча: "Баккъалла а, Делан ваIда бакъ ю‚ сахьт /хIуттур ду/‚ шеко яц цу чохь"‚ аша элира: "Ца хаьа тхуна‚ сахьт хIуттур ду а‚ вайна хуург-м цхьа моттар бен дац‚ баккъалла а, тешаш ма дац тхо".

33.

Гучаделира царна шаьш дина хилла вонаш‚ хьакхаделира царех уьш шех ца бешаш хилларг.

34.

Элира /цаьрга/: "Тахана Тхуна шу дицделла‚ шуна хIокху денца цхьаьнакхетар дицдаларх терра. Шун чугIойла /жоьжахатин/ цIе ю‚ вац шуна цхьа а гIоьнча".

35.

Иза ду /шуна/ аша Делан аяташ беламе лаьцна хиларна а‚ дуьненан дахаро шу Iехорна а. Тахана уьш арабохур бац цу чуьра‚ цаьрга тоба дар а доьхур дац.
36. Далла бу хастам‚ стигланийн Да волчу‚ лаьттан Да волчу‚ Iаламийн Да волчу.
37. Цуьнан ду сийлахь-доккхалла стигланашкахь а‚ лаьттахь а‚ Иза ву веза верг а‚ хьукаме верг а.