44. АД-ДУХАН

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Хьа-мим.

2.

/ХIумнаш билгалдохучу/ билгалчу жайнаца дуй боу Аса.

3.

Баккъалла а, Оха доссина иза беркате йолчу буьйсана баккъалла а, Тхо хилира кхерам тосуш /цуьнца/.

4.

Цу /КъурIанан/ чохь къастадо массо хьекъале долу гIуллакх.

5.

Къастадарца Тхан агIорхьара. Баккъалла а, Тхо хилира боуьйтурш

6.

Къинхетам а хилла хьан Кхиош-кхобучуьнгара. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.

7.

Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шиннан юккъехь мел долчун а Да /ву Иза/‚ шу тешаш хиллехь.

8.

Вац цхьа а дела Иза воцург‚ Цо денбо‚ Цо болуьйту‚ шун Кхиош-кхобург ву Иза‚ шун хьалхалера дайн а Кхиош-кхобург ву Иза.

9.

ХIаъ‚ уьш шекона чохь ловзаш бу.

10.

Хьо хьежа‚ стигло билгала кIур бахьар болчу дийне.

11.

Нехан тIе кхуллур ю иза. /Цара эр ду/: "ХIара лазош долу Iазап ду".

12.

"Везан Дела‚ айдехь тхуна тIера хIара Iазап. Баккъалла а, тхо иман диллина ду-кх".

13.

Мичара бу царна хьехам? Цаьрга веара билгала волу элча.

14.

ТIаккха уьш дIабирзира цунах‚ цара элира: "Жинийх волуш шена /наха КъурIан/ Iамийнарг ву /хIара‚ Мухьаммад пайхамар/".

15.

Баккъалла а, Оха айдо Iазап кIеззиг - шу юха а тIедоьрзу /шайн керстаналлина/.

16.

Оха боккхачу ницIкъаца /Iазапе/ лоцур дончу дийнахь - баккъалла а, Оха чIир оьцур ю.

17.

Царел хьалха а питане лецира Оха ФирIавнан къам - цаьрга веара /Делан/ сийлахь элча /Муса/.

18.

"ДIало соьга Делан леш /олуш/‚ баккъалла а, со шуьга тешаме элча ву.

19.

Хьала довла ма гIерта Далла тIехь‚ баккъалла а, аса шуна деъна билгала долу делил.

20.

Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца‚ шун Кхиош-кхобучуьнца аша суна тIулгаш деттарх.

21.

Шу соьх ца тешахь‚ со суо вита".

22.

/ТIаккха/ цо /Мусас/ шен Кхиош-кхобучуьнга кхийкхира: "ХIара къам къинош деш ма ду"‚ /аьлла/.

23.

/ТIаккха элира Дала/: "ДIагIо сан лешца /Исраилан кIенташца/ буьйсана‚ баккъалла а, уьш /шуна/ тIаьхьабер бу хьуна.

24.

ХIоьрд тийна бита‚ баккъалла а, уьш /хIорда/ буха гIур долу эскар ма ду".

25.

Мел /дукха/ буха дити цара бошмаш а‚ шовданаш а‚

26.

Ялташ а‚ /хийла/ сийлахь меттиг а‚

27.

Шаьш шеца зовкх хьоьгуш хилла долу /мел дукха/ ниIматаш а.

28.

Иштта /хилира церан чакхе/. Оха уьш ирсана дIеделира кхечу къамана.

29.

Стигал а, латта а  ца дилхира царна тIехь‚ тIаьхьа ца таьттира уьш /Iазапах/.

30.

Оха кIелхьара бехира Исраилан кIентий сийсазачу Iазапах‚

31.

ФирIавнах. Баккъалла а, иза хьалаваьлларг хилира тIаламазачарех.

32.

Оха уьш /Исраилан кIентий/ хаьржира Iилмаца /массо/ Iаламел.

33.

Оха цаьрга делира аятех шайна чохь билгала бала берш а.

34.

Баккъалла а, хIорш /Къурайшаш/ олуш ма бу:

35.

"Вайн цхьа дуьххьашхалгIа далар бен дац‚ вай гIовтор дац /деллачул тIаьхьа/.

36.

Схьабалабе тхан дай шу бакълуьйш хиллехь".

37.

Уьш дика бу я ТуббаIан къам а‚ царел хьалха хилларш а дика бу? Оха уьш хIаллак бира. Баккъалла а, уьш къинош деш хилира.

38.

Оха ловзаш ца кхоьллина стигланаш а‚ латта а‚ цу шиннан юккъехь мел дерг а.

39.

Оха ца кхоьллина уьш бакъдолчуьнца бен‚ делахь а царех дукхох болчаьрна ца хаьа-кх.

40.

Баккъалла а, къасторан де - царна массарна хан тоьхна ду.

41.

Оцу дийнахь гергарчо духа тухур дац гергарчух хIумма а‚ царна гIо дийр дац.

42.

Дала шех къинхетам биначунна бен. Баккъалла а, Иза веза верг а ву‚ къинхетаме верг а ву.

43.

Баккъалла а, и Заккъум олу дитт -

44.

Къинош дечаьрийн кхача бу.

45.

Лалийначу аьчгах тера кхехкар бу иза геш чохь‚

46.

Кхехкина хи кхахкарх терра.

47.

/Мохь хир бу/: "Схьалаца иза‚ дIакхосса иза жоьжахатин юккъе.

48.

ДIадотта цуьнан коьрта тIехула лалийначу хин Iазап".

49.

Iовша хьайна! Баккъалла а, хьо /хIай керста/ веза верг ву‚ сийлахь верг а ву /хьуна маттарца‚ хьан дашца а/.

50.

Баккъалла а, хIара ду аша шеца шеко йинарг".

51.

Баккъалла а, /Делах/ кхоьруш берш - тешамечу меттигехь хир бу.

52.

Бошмашкахь а‚ шовданашкахь а.

53.

ТIедухур ду цара дуьткъачу дарих а‚ стоммачу дарих а вовшийн дуьхь-дуьхьал хIуттуш.

54.

Иштта Оха балор бу царна хаза бIаьргаш берш.

55.

Кхойкхур ду цара хIора стоьме /уьш кхачалур ца хиларх, массо халонех/ тешаме болуш.

56.

Цу чохь валар Iовшар дац цара - дуьххьашхьалгIа балар доцург - Цо ларбира уьш жоьжахатин Iазапах

57.

Хьан Кхиош-кхобучуьнгара дозаллица. Иза бу-кх сийлахь-боккха толам.

58.

Баккъалла а, Оха атта дина иза /КъурIан/ - хьан маттахь а долуш - уьш кхетар бацаре-те.

59.

Хьо собар деш Iе - уьш а собар деш ма бу.