42. АШ-ШУРА

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Хьа-мим.

2.

Iайн-син-къаф.

3.

Иштта вехьий доуьйту хьоьга а‚ хьоьл хьалха хиллачаьрга а ша везза волчу‚ хьукаме волчу Дала.

4.

Цуьнан ду стигланашкахь мел дерг а‚ лаьттахь мел дерг а. Иза ву лекха верг а‚ сийлахь воккха верг а.

5.

Герга ду стигланаш атадала шайна тIехахула /Делан сийлаллица/. Маликаша тасбахь до шайн Кхиош-кхобург хасторца‚ цара гечдар доьху лаьттахь волчунна. Сема довла, хIай нах! Баккъалла а, Дела - Иза ма ву Ша гечдеш верг а‚ къинхетаме верг а.

6.

И воцург /шайна/ доладийраш лаьцнарш - Дела ву царна тIехь хехо‚ хьо вац царна векал.

7.

Иштта вехьеца даийтира хьоьга Iарбийн Дешар хьоьга кхерам тасийта яртийн нанна а‚ цуьнан гонахь болчаьрна а‚ хьоьга кхерам тасийта гулдаран денца‚ шена чохь шеко йоцчу - цхьа тоба ялсаманехь хир ю‚ важа тоба цIергахь хир ю.

8.

Далла лиънехьара Цо цхьа уммат хуьлуьйтара дара царех‚ делахь а‚ Цо шен къинхетамна чувохьуйту Шена луург‚ ткъа зуламхой - ма вац царна доладийриг‚ ма вац /цаьрна/ гIоьнча.

9.

Я цара Иза воцург доладийраш лаьцна? Ткъа Дела - Иза ву-кх доладийриг‚ Цо денбо белларш‚ Иза ву массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш верг.

10.

Шун шегахь цхьана хIуманах хилпало йоьжнехь - цуьнан хьукам Далла тIе ду. /Аша ала:/ "Иза АллахI ву‚ сан Кхиош-кхобург‚ Цунна тIе тевжина со‚ Цунна тIе дIавьрзу со /сан массо гIуллакхашкахь/".

11.

Стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг /ву Иза/. Цо хилийтина шуна шух шайх зударий‚ бежнех а - тайп-тайпа. Цо шу алсам доху цу чохь. Яц Цунах /Делах/ тера хIума а. Иза хозуш верг ву‚ гуш верг а ву.

12.

Цуьнан ду стигланийн а‚ лаьттан а догIанаш. Цо шортта хуьлуьйту рицIкъ Шена луучунна‚ /кIеззиг/ барам а бо /Шена луучунна - уьш зерхьама/. Баккъалла а, Иза массо хIума хууш верг а ву.

13.

Цо шуна шарI хилийтина динах - Ша Шеца весет дина хилларг Нухьана, хьоьга вехьеца даийтинарг а‚ Оха шеца весет динарг ИбрахIимна а‚ Мусана а‚ Iисана а‚ "дин хIоттаде - аьлла‚ - декъа ма ло цу чохь /динехь/". Доккха хили мушрикунашна ахьа шаьш шена тIе кхойкхург. Дала цуна /Дела цхьаъварна/ тIе хоржу Шена луург‚ Цо цуна /Дела цхьаъварна/ тIе нисво ша /цуна тIе/ воьрзург.

14.

Уьш бекъа ма ца белла шайга Iилма деъначул тIаьхьа а бен вовшийн юккъехь хьагI хиларца. Дош хьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучунгара "тоьхначу хан тIе кхаччалц", кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, царел тIаьхьа шайга ирсана жайна делларш цунах /Мухьаммад элча хиларх/ шеконан шеконехь ма бу.

15.

Цуьнга /Дела цхьаъваре/ кхайкха /хIай Мухьаммад/. ДIанисло хьайга омра ма ди. Церан дезаршна тIаьхьа ма хIотта‚ ахьа ала: "Аса иман дилли Дала доссинчу жайнах‚ суна омра дина шуна юккъехь нийсо ян. /Цхьа/ Дела ву тхан Кхиош-кхобург а‚ шун Кхиош-кхобург а‚ тхуна тхан Iамалш ю‚ шуна - шун IIамалш ю. Цхьа а къовсам бац тхуна а‚ шуна а юккъехь. Дала цхьаьнагулдийр ду вай‚ Цунна тIе ду дIадерзар".

16.

И Делан /динехь элчанца/ къуьйсуш берш Цуна жоп деллачул тIаьхьа церан делилш дIатеттина /харц/ ду шайн Кхиош-кхобучун гергахь‚ царна оьгIазло а ю /Делера/‚ чIогIа Iазап а ду.

17.

Дела ву Ша доссинарг жайна бакъдолчуьнца‚ терза а. Хьуна хьан хоуьйту‚ сахьт герга хилла тарло.

18.

Цуьнца сихлуш бу шаьш цунах цатешаш берш. Иман диллинарш кхоьруш бу цунах‚ царна хаьа иза хьакъ-бакъ дуйла. Сема довла! Баккъалла а, цу сахьтах шеко еш берш генарчу тиларчохь ма бу.

19.

Дела тIекаре ма ву Шен лешца‚ рицIкъ ло Цо Шена луучунна. Иза нуьцIкъала верг а ву‚ веза верг а ву.

20.

Милла хиллехь эхартан ял езаш - Оха сов воккхур ву Иза цуьнан ялехь. Милла хилахь дуьненан ял езаш - лур ю Оха цуна оцунах‚ эхартахь цхьа а дакъа дац цуна.

21.

Ткъа царна накъостий бу шайна Дала ца магийна дерг динехь шарI деш? Къасторан дош ца хиллехьара кхиэл йина хир ма яра царна юккъехь. Баккъалла а, зуламхой - царна лазош долу Iазап ду.

22.

Хьуна гур бу зуламхой чIогIа кхоьруш шаьш /дуьненахь/ гулдиначух цуьнан бекхам /къематдийнахь/ шайна тIебоьжча. Иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а ялсаманин диканашкахь хир бу. Царна хир ю шайна луург шайн Далла гергахь. Иза доккха дозалла ду.

23.

Иза бу Дала Шен иман диллина болчу‚ дика Iамалш йина болчу лешна боккхуш болу кхаъ. Ахьа ала: "Аса ца боьху шуьга цунна тIехь цхьа а мах гергарлонашкахь безам /тергал бар/ бен". Диканиг деш волчунна - Оха алсам доккхур ду цуна дикачуьнца. Баккъалла а, Дела гечдеш верг а ву‚ шукаре верг а ву.

24.

Я цара олу: "Цо /Мухьаммад пайхамаро/ кхоьллина Далла тIехь харцдерг?" Далла лууш далхьара хьан дагна тIе мухIар тухур ма дара Цо. Дойу Цо харцдерг, бакъдо бакъдерг Шен дешнашца. Баккъалла а, Иза ву дегнашкахь дерг хууш верг.

25.

Иза ву къабал деш тоба Шен лешкара‚ гечдеш вонаш /аша тоба дича/‚ хууш аша дийриг.

26.

Жоп леш ву Иза иман диллиначаьрна а‚ дика Iамал йиначаьрна а (церан доIина)‚ Цо сов боху уьш Шен дозаллих. Ткъа керстанаш - царна чIогIа Iазап ду.

27.

Дала шортта даржинехьара рицIкъ Шен лешна‚ тIехбовлур ма бара уьш /Делан дозанел/ лаьттахь‚ делахь а Цо доссадо Иза Шена луучу барамехь. Баккъалла а, Иза Шен лай сов дика бевзаш а‚ гуш а ву.

28.

Иза ву доссадеш догIа цара дог диллинчул тIаьхьа‚ Цо баржабо Шен къинхетам. Иза ву хастаме волу доладийриг.

29.

Цуьнан Iаламатех ду стигланаш а‚ латта а кхоллар а‚ цу шинна чохь Цо даржина долу дийнат а. Иза уьш гулдарна тIехь Шена ма лиънехь ницIкъ болуш ву.

30.

Шух кхиъна болу /муьлха/ бохам - шун куьйгаша гулдинчуьнца бу‚ дукхах долчун гечдо Цо.

31.

Шу ма дац лаьттахь кIелхьарадовлур долуш /Делан Iазапах/. Ма вац шуна Дела воцург цхьа а доладийриг а‚ цхьа а гIоьнча а.

32.

Цуьнан Iаламатех ю хIоьрда чохь лелаш ерш‚ лаьмнех тера.

33.

Шена лиъча мох сацабо Цо‚ уьш /кеманаш/ дуьса чIагIделла цуьнан букъа тIехь. Баккъалла а, цу чохь делилш ма ду массо собаречунна а‚ баркалла олучунна а.

34.

Я хIаллак дийр дара Цо уьш цара гулдийнарг бахьанехь‚ Цо гечдо дукхадерг.

35.

Тхан аяташкахь къуьйсачаьрна хаийла‚ шайна цхьа а кIелхьарадовлийла йоцийла.

36.

Цхьаьцца хIуманах шуна елларг - дуьненан дахаран дакъа ду. Далла гергахь дерг дика а ду, бухадуьсуш а ду иман диллинчаьрна а‚ шайн Далла тIетевжинчаьрна а.

37.

/И ял ю/ даккхичу къинойх а‚ боьха хIуманех а юьстах лаьттачаьрна а‚ шаьш огIазбевлича - гечдеш болчаьрна а.

38.

/Иза ду/ шайн Кхиош-кхобучунна жоп деллачаьрна а‚ ламаз хIоттадинчаьрна а‚ шайн гIуллакх вовшийн юкъахь кхеташо йолчаьрна а‚ Оха шайна деллачу рицIкъех сагIа лучаьрна а.

39.

Шайх цхьа хьагI кхиъча вовшашна гIо деш болчаьрна а.

40.

Вочун бекхам и санна вониг ду. Гечдина‚ маслахьат динарг‚ цуьнан ял Далла тIехь ю. Баккъалла а, Цуна ца беза зуламхой.

41.

ГIо лехнарг шена зулам /динчул/ тIаьхьа - цуна некъ боьхкур бац (бехке лорур вац и; къа дац цуна).

42.

Некъ боьхкур бу нахана зулам деш болчаьрна а‚ лаьттахь дозанех бовлушболчаьрна а цхьа а бакъо а йоцуш. Царна лазош долу Iазап ду.

43.

Собар динарг а‚ гечдийнарг а - баккъалла а, иза чIогIачу гIуллакхех ду.

44.

Дала тилавала вуьтур ма вац цуна цхьа а доладийриг Цул тIаьхьа. Хьуна гур зуламхой шайна Iазап гиначул тIаьхьа олуш: "Духадерзан цхьа а некъ буй-те?"

45.

Хьуна гур бу уьш цуна /жоьжахатина/ хьалхатеттина‚ сийсаза хиларх кхерабелла‚ къайлах хоьжуш. Иман диллинчаьра эр: "Баккъалла а, зен хилларш бу-кх шаьш а‚ шайн доьзал а байнарш къематдийнахь. ХIай-хIа! Баккъалла а, зуламхой гуттаренан Iазапа чохь бу-кх".

46.

Ма ца хили царна доладийраш‚ царна гIо деш Дела витина. Дала тилавала вуьтург милла велахь - ма бац цуна цхьа а некъ.

47.

Жоп ло шайн Кхиош-кхобучунна /Цуна Iибадат дарца/ шен Делера духтохалур доцу де дале. Яц шуна цхьа а дIадовда меттиг оцу дийнахь‚ вац шуна цхьа а /шун Iазапан/ инкарло йийр верг.

48.

Уьш дIаберзахь - Оха ца вахийтина хьо царна тIе хехо хилла. Хьан тIехь дIаккхачор бен дац. Оха адамна Iовшийтича Тхайгара къинхетам‚ ваккхиведа иза цуьнца. Ткъа цунах кхиъча вониг цуьнан куьйгаша хьалхадаьккхина долу - тIаккха адам керста хуьлий дIахIутту.

49.

Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Кхуллу Цо Шена луург. Ло Цо Шена луучунна зудабераш, ло Цо Шена луучунна божабераш.

50.

Я хуьлуьйту царна божабераш а‚ зудабераш а‚ Шена луург тIаьхье йоцуш вуьту. Баккъалла а, Иза хууш верг а ву‚ ницIкъ кхочург а ву.

51.

Ца хили адамна Дела шега вистхилар вехьеца бен‚ я кирхьана дехьахула‚ я элча ваийтарца бен - цо вехье луш Цуьнан пурбанца Цуна луург. Баккъалла а, Иза лекха верг а ву‚ хьукаме верг а ву.

52.

Иштта хьоьга а вехьеца даийтина Оха са Тхан гIуллакхах. Хьо ма вацара хууш‚ жайна хIун ду‚ иман хIун ду а‚ делахь а Оха нур хилийта цунах /КъурIанах/ шеца нисвеш Тхайна луург Тхан лех‚ баккъалла а, ахьа нисваларе ма кхойкху  /исламан/ нийсачу новкъа‚

53.

Делан новкъа‚ стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Шена долчу. ХIай-хIа! Далла тIе ма доьду гIуллакхаш.