41.  ФУССИЛАТ

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Хьа-мим /Далла дика хаьа цуьнца Шена луург/.

2.

/Жайна/ охьадоссар /ду хIара/ Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчуьнгара.

3.

Жайна /ду хIара/‚ Шен аяташ къастийна долу‚ Iарбийн /маттахь/ дешар а хилла хууш долчу къамана.

4.

Кхаъ бахьарг а‚ кхерамча а /хилла ду и КъурIан/‚ царех дукхох берш дIабирзи - шайна ца хозуш /и къабал цадеш/.

5.

Цара элира: "Тхан дегнаш хьуламехь ду ахьа тхо шега кхойкхучух‚ тхан лергий чохь къоралла ю‚ тхуна юкъахь а‚ хьуна юкъахь а кирхьа ду‚ хьан Iамал е‚ оха тхан Iамал йийр ю".

6.

Ахьа ала: "Баккъалла а, со-м адам ду шу санна‚ соьга вехьеца хаийтина шун Дела цхьа Дела вуйла‚ дIанисло Цуьнга, Цуьнга гечдар деха. Бала бу-кх /Делаца/ накъост лоцучаьрна.

7.

Шаьш закат ца луш болчу‚ эхартана уьш керста бу.

8.

Баккъалла а, иман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а - царна хедар йоцу ял ю.

9.

Ахьа ала: "Аша керста до Ша латта кхоьллинчунна шина дийнахь‚ аша Цуна нийсархой а хуьлуьйту? Иза ву Iаламийн Да".

10.

Хилийтина Цо цигахь /лаьттахь/ чIогIа боьгIнарш /лаьмнаш/ цуьнан тIехула‚ беркатедира Цо иза‚ дийкъира цу чохь кхачанаш деъа дийнахь - цхьанисса /диъ де хилла/ хоьттучарна.

11.

ТIаккха Иза тIевирзира стиглана а - и кIур бара (айелла хин Iаь). Цо элира цуьнга а, лаьтте а: "Схьадуьйла шайн лаамца‚ я лаамза". Цу шиммо элира: "Тхо деъна тхан лаамца".

12.

Цо уьш кхочушхилийтира ворхI стигал хилла шина дийнахь‚ дIахаийтира /вехьеца/ хIора стигална шен гIуллакх. Оха хазъйира гергара стигал чиркхашца а‚ гIаролашца а /лардархьама а шайтIанах/. Иза ду везза волчун‚ хууш волчун дIахIоттор.

13.

Уьш дIаберзахь‚ ахьа ала: "Аса кхерам теси шуна ткъесаца‚ Iадийн а‚ Самудийн а ткъесах тера".

14.

Цаьрга баьхкира элчанаш‚ церан хьалхахула а‚ тIехьахула а: "Аша Далла бен Iибадат ма де", /олуш/. Цара элира: "Тхан Кхиош-кхобучун лиънехьара‚ Цо маликаш доссор дара. Баккъалла а, тхо шу шеца даийтинчун керста ду-кх".

15.

Ткъа Iадаш курабевлира лаьттахь цхьа а бакъо йоцуш‚ цара элира: "Мила ву тхоьл чIогIа верг ницIкъаца?" Царна ца гина-те уьш кхоьллина волу Дела царел чIогIа вуйла ницIкъаца. Уьш хилира Тхан аятех цатешаш.

16.

Оха бахийтира царна шок лоькху мох халачу деношкахь цаьрга Iовшийтархьама сийсазаллин Iазап дуьненан дахарехь. Эхартан Iазап мелхо а сийсаза ду. Царна гIо хир дац.

17.

Ткъа Самудаш - Оха уьш нийсачу новкъа бихкира - ткъа царна бIаьрсазалла дукхайийзира нийсачу некъал. ТIаккха уьш схьалецира ткъес тухучу сийсазаллин Iазапо цара гулдеш хилларг бахьанехь.

18.

Оха кIелхьарабехира иман диллинарш‚ шаьш /Делах/ кхоьруш хилларш.

19.

Делан мостагIий цIарна хьалха гулбечу дийнахь - уьш могIаршкахь /вовшийн тIе/ лохкур бу.

20.

Уьш цига /цIарга/ баьхкича тешалла дийр ду царна тIехь церан хазаро‚ бIаьрсано‚ чIораша уьш хIун деш хилла‚ аьлла.

21.

Цара эр шайн чIорашка: "Аша хIунда тешалла дира тхуна дуьхьал?" Цара эр: "Дистхилийтина тхо Дала‚ Ша массо хIума дистхуьлуьйтуш волчу‚ Цо шу кхоьллина дуьххьашхалгIа‚ Цунна тIе шу дIадерзор долуш а ду".

22.

Шу ца хилира хьулдан гIерташ шайна тIехь тешалла дан шун хазаро а‚ шун бIаьрсино а‚ шун чIораша а‚ делахь а шуна меттара Далла ца хаьа аша дечух дукхадерг.

23.

Иза ду шун моттар‚ шайн Кхиош-кхобучун шуна меттина долу‚ цо /шун моттаро/ хIаллакдира шу‚ тIаккха шу хилира эшначарех.

24.

Цара нагахь сатохахь - цIе ю царна чохь Iан меттиг‚ цара нагахь /Дела/ реза хилар дехахь - уьш хир бац /Иза/ шайна реза хиллачарех.

25.

Оха хIоттира царна доттагIий /шайтIанех а‚ жинийх а/‚ цара хаздира царна шайн хьалхахь дерг а‚ тIаьхьахь дерг а‚ царех хьакхаделира царел хьалхадаханчу жинийн а‚ адамийн а умматашкахь аьлла долу дош. Баккъалла а, уьш хилира эшначарех.

26.

Цатешначаьра элира: "Ла ма догIа хIокху КъурIане‚ даьсса хабар дийца цуьнгахь‚ шу тола мега".

27.

Iавшанне а Iовшуьйтур ма ду Оха цатешначаьрга чIогIа Iазап‚ банне а бекхам бийр ма бу Оха царна цара деш хиллачух уггар вочуьнца.

28.

И бу Делан мостагIийн бекхам - цIе. Царна цигахь гуттаренан хIусам ю - бекхам а хилла царна уьш Тхан аяташ харцдеш хиларна.

29.

Цатешначаьра элира /жоьжахатехь/: "ХIай тхан Кхиош-кхобушверг‚ гайтахь тхуна жинех а‚ адамех а тхо тилина и шиъ - тхан когийн кIел буьтур бара оха уьш хилийтаархьама уггар бухахь болчарех".

30.

Баккъалла а, аьлларш /шайн са долуш/: "Тхан Дела АллахI ву"‚ тIаккха нисбелларш - царна тIе дуссур ду маликаш уьш ца кхерийтархьама а‚ уьш сингаттаме ца хилийтархьама а‚ кхаъ хили шуна ялсаманица‚ шуна ваIда йина хилла йолчу‚ олуш:

31.

"Тхо ду шун доттагIий дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а‚ шуна цигахь шун синошна дезарг ду‚ шуна цигахь аша дехнарг а ду"‚

32.

Охьадоьссина долуш Ша гечдеш волчуьнгара‚ Ша къинхетаме волчуьнгара.

33.

Мила ву мелхо хаза дашца Деле кхийкхинчул а‚ дика Iамал йиначул а‚ ша аьлла волчул: "Баккъалла а, со ву-кх /Далла/ муьтIахь болчарех".

34.

Цхьанисса ца хуьлу диканиг а‚ вониг а‚ ахьа духатоха уггар хаза долчуьнца - тIаккха хьуна а‚ шена а юкъахь мостагIалла ерг хьоме доттагIа сан хир ву хьуна.

35.

И далур дац шаьш собар диначаьрна а бен‚ и далур дац шегахь доккха дакъа долчунна а бен.

36.

Хьуна /оцунна тIехь/ шайтIано вас-васалла дагчу кхоссахь - Делаца ларвалар лаха. Баккъалла а, Иза хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву.

37.

Цуьнан Iаламатех ю буьйса а‚ де а‚ малх а‚ бутт а. Сужд ма де малхана а‚ баттана а‚ аша сужд де Далла‚ Ша уьш кхоьллина волчу‚ шаьш Цуна Iибадат деш делахь.

38.

Цара куралла яхь‚ Далла гергахь берш Цуна тасбахь деш бу буьйсана а‚ дийнахь а‚ царна кIор ца до.

39.

Цуьнан Iаламатех ду хьуна латта гар декъа. Оха цунна тIе хи доссича иза деттало‚ кхуьу. Баккъалла а, Иза дендийнарг - денбийр болуш ма ву белларш. Баккъалла а, Иза массо хIуманна тIехь ницIкъ кхочуш ма ву.

40.

Тхан аяташкахь керстаналла деш берш Тхуна къайла бер бац. ЦIарга кхуссур верг дика ву я къемат дийнахь кхерамза вогIур верг /дика/ ву? Iамал е шайна ма луъу. Баккъалла а, Иза аша дийриг гуш ма ву.

41.

Баккъалла а, хьехамна /КъурIанна/ керстаналла динарш и шайга беъча /бекхам бийр бу Оха царна/. Баккъалла а, иза деза долу жайна ду-кх.

42.

Харцдерг догIур дац цуьнан хьалхахула а‚ тIаьхьахула а‚ /иза/ охьадоссар ду Ша хьукаме а‚ хастаме а волчуьнгара.

43.

Хьоьга ца олу хьоьл хьалха элчанашка аьлларг а бен. Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург гечдар долуш а ву‚ лазаме таIзар долуш а ву.

44.

Оха иза хилийтинехьара Iарбех доцу КъурIан‚ /тIаккха а/ эр ма дара цара: "Цуьнан аяташ къастинехьара /тхуна‚ тхо царех кхетархьама/. Ткъа /КъурIан/ Iарбех доцуш хила дезара‚ /пайхамар ша/ Iарби а волуш? Ахьа ала: "Иза /КъурIан/ иман диллинчаьрна ду‚ нийса некъ а‚ дарба а хилла". Цатешнарш а - церан лергийн чохь къоралла ю‚ иза /КъурIан/ царна бIаьрсаза ду /уьш ца кхета цунах/. Уьш бу шайга кхойкхучарех /тера/ генарчу меттигера.

45.

Оха делира Мусага жайна‚ цу чохь а хилпало хилира. Дош хьалха ца деллехьара хьан Кхиош-кхобучуьнгара - хьукам дина хир дара царна юкъахь. Баккъалла а, уьш шеконан шеконехь бу-кх.

46.

Дика Iамал йинарг - /иза/ цуна шена ю. Вониг динарг - /иза а/ цуна дуьхьал ду. Хьан Кхиош-кхобург ма вац /кIеззиг/ зулам дийр долуш лешна.

47.

Цуьнан тIе духадерзо сахьтан Iилма. Ара ца болу зезагийн юккъера стоьмаш а‚ цхьа а стена кийра бера ца лета‚ и ца ехка Цуна хууш бен. Оцу дийнахь цаьрга кхойкхур ду: "Мичахь бу Сан накъостий?" Цара эр: "Хьоьга хаийтина оха‚ вац тхоьх цхьа а теш".

48.

ДIатилира царех уьш хьалха шайга кхойкхуш хилларш. Царна хиира шайна цхьа а кIелхьарадовлийла доцийла.

49.

КIор ца до адамашна диканаш дехар‚ нагахь шех вониг кхетахь догдуьлле вуьса.

50.

Оха цуьнга Тхайгара къинхетам Iовшабайтахь цунах зен кхетначул тIаьхьа‚ цо аланне а ма олу: "ХIара сан /хьуьнарца/ ду. Суна ца моьтту сахьт хIуттур ду. Со сан Кхиош-кхобучунна тIе вухаверзавахь а - суна Цуьнгахь мелхо диканиг хир ду". Оха дийцанне а дуьйцур ма ду керстанашка цара динарг‚ Оха Iовшийтанне а Iовшуьйтур ма ду цаьрга чIогIачу Iазапах.

51.

Оха адамна ниIмат делча‚ дIавоьрзу иза /баркалла аларх/‚ агIорхьавзий. Вониг шех кхетахь - шортта доIанаш деш хуьлу.

52.

Ахьа ала: "Гой шуна‚ иза /КъурIан/ дара Делера‚ тIаккха аша керстаналла дина цуна. Мила ву ша генарчу хилпалонехь волчул а тилавеллрг?"

53.

ТIаьхьа Оха цаьрга гойтур ду Тхан Iаламаташ /стигланийн а‚ лаьттан а/ агIонашкахь а‚ цаьргахь шайгахь а царна билгалдаллалц иза бакъдерг дуйла. Кхачо ца хуьлу хьан Кхиош-кхобучуьнца Иза массо хIуманна тIехь теш хилар?

54.

Баккъалла а, уьш бац шайн Кхиош-кхобучуьнца цхьанакхетарах шеконна чохь? Баккъалла а, Иза вац массо хIуманна го буьллуш верг /Iилманца‚ Шена хаарца/?