40. ГIАФИР

 

Ша сов къинхетаме а‚ къинхетаме а волчу Делан цIарца!

 

1.

Хьа-мим.

2.

Жайна охьадоссор /ду хIара/ Ша везза волчу‚ хууш волчу Делера.

3.

Ша къа гечдийриг волчу‚ ша тоба къабалдийриг волчу‚ бекхамехь чIогIа волчу‚ комаьршалла шегахь йолуш волу. Вац /кхин/ дела Иза воцург‚ Цуьнга ду дIадерзар.

4.

Къуьйсур ма дац Делан аяташкахь шаьш /Делах/ ца тешна болчаьра бен‚ хьо Iеха ма войла церан махкахь кура дIасхьаийдаро.

5.

Харцдира /Делан цIен дин/ царел хьалха Нухьан къамо а‚ тобанаша царел тIаьхьа. Ойла еш дара хIора уммат шен элчанех иза схьалацан. Цара къийсира харцдолчуьнца цуьнца бакъдерг дайа гIерташ - Аса схьалецира уьш. Муха хили Сан таIзар!

6.

Ишта бакъхилира хьан Кхиош-кхобучун дош цатешначаьрна тIехь‚ уьш /жоьжахатин/ цIеран дай бу‚ аьлла долу.

7.

Шаьш Iарш лелош берш а /маликаш/‚ цуьнан гонахь берш а тасбахь деш бу хастамбарца шайн Кхиош-кхобучунна‚ тешаш бу Цуьнах‚ гечдар доьхуш бу иман диллинчаьрна: "Тхан Кхиош-кхобушверг‚ массо хIуманна шорто йина Ахь къинхетамца а‚ Iилманца а‚ Ахь гечделахь тоба диначаьрна а‚ Хьан некъан тIаьхьахIоьттинчаьрна а‚ уьш ларбелахь жоьжахатин Iазапах.

8.

Тхан Кхиош-кхобушверг‚ Iаднан бошмаш чу бохкалахь уьш‚ Ахьа царна ваIда йина йолчу‚ церан дайх а‚ зударех а‚ зуьрретах а дика Iамал йинарг. Баккъалла а, Хьо ву-кх везза верг а‚ хьукаме верг а.

9.

Ахьа ларбелахь уьш боьхачу хIуманех. Ахьа ша боьхачу хIуманех ларвийнарг оцу дийнахь - Ахьа къинхетам бина цунах. Ишта иза бу-кх сийлахь-боккха толам".

10.

Баккъалла а, ца тешна хиллачаьрга кхойкхур ма ду: "Делан цабезам мелхо а боккха бу шун цабезамал шайга‚ шу кхойкхура имане - аша керста дора".

11.

Цара элира: "Тхан Кхиош-кхбушверг‚ Ахьа далийтира тхо шозза‚ Ахьа ден а дира тхо шозза‚ тхо къера хилла тхан къиношна. Арадовла цхьа а некъ бу-й?

12.

Иза /Iазап ду шуна/ веккъа цхьана Деле кхайкххича аша и керста дарна‚ Цуьнца накъост лоцуш шу тешарна. Хьукам /хIинца/ лекха-воккха волчу Деле ду.

13.

Иза ву гойтуш шуьга Шен аяташ‚ Цо охьадоссадо шуна стиглара рицIкъ. Ойла ца йо-кх ша /Деле/ дIавоьрзуш волчо а бен.

14.

Кхайкха Деле шаьш Цуна дин цIандеш долуш и керстанашна ца дезахь а.

15.

Даржаш хьалайохург /ву Иза/‚ /шегахь/ Iарш йолуш‚ Са дохуьйту Цо Шен лех Шена луучуьнга кхерам таса вовшашца цхьаьнакхетар денца.

16.

Оцу дийнахь уьш арабовлур бу /шайн кешнашкара/. Хьуллур дац Далла царех хIумма а. Хьенан ду паччахьалла тахана? Ша цхьаъ волчу‚ тIех нуьцIкъала волчу Делан ду-кх!

17.

Тахана бекхам бийр бу хIора синна ша гулдинчуьнца. Зулам хир дац тахана. Баккъалла а, Дела сиха ву хьесапца.

18.

Кхерам таса царна гергадогIур долчу /къемат/ денца‚ /нехан/ дегнаш къамкъаргашна тIе кхаьчна /хирдолу‚ кхераделла детталуш/‚ шаьш дохкобевла /хир болу/. Ма вац зуламхошна гергарниг а‚ гIодоккхург а‚ шена /уьш/ муьтIахь а болуш.

19.

Хаьа Цуна бIаьргийн тешнабехк /хьарам хIумане хьоьжу/‚ дегнаша хьулдийриг а.

20.

Дала кхиэл йо бакдолчуьнца. Иза витина цара шайга кхойкхушболчаьра кхиэл ца йо цхьанне хIуманца. Баккъалла а, Дела - Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а.

21.

Уьш ца лела лаьттахула‚ хьовсийла уьш, муха хилла царел хьалха хиллачаьрийн тIаьхье. Уьш бара мелхо чIогIа царел нуьцIкъаца‚ лаьттахь асар дитарца‚ Дала схьалецира уьш шайн къиношца‚ ма ца хилира царна Делан дуьхьал цхьа а лардархо.

22.

Иза /хилла/ цаьрга богIуш хиларна шайн элчанаш билгалонашца - цара уьш харцбарна. Дала схьалецира уьш. Баккъалла а, Иза нуьцIкъала верг а ву‚ бекхамца чIогIаниг а ву.

23.

Оха вахийтира Муса Тхан аяташца а‚ билгалчу бакъонца а.

24.

ФирIавне а‚ ХIамане а‚ Къаруне а‚ цара элира: "/Иза тIех харцлуьйш волу/ бозбуанча а ву".

25.

Иза цаьрга веъча бакъдолчуьнца Тхан гергара‚ цара элира: "Байа цуьнца цхьана иман диллинчаьрийн кIентий‚ дийна бита церан зударий". Керстанийн мекарло тиларчахь бен ма яц.

26.

ФирIавно элира: "Вита со Муса вен. Шен Кхиош-кхобучуьнга кхойкхур цо. Баккъалла а, со кхоьру цо шун дин хийцадан‚ я лаьттахь боьханиг гучадаккхийтан".

27.

Мусас элира: "Баккъалла а, со ларвелла сан Кхиош-кхобучуьнца а‚ шун Кхиош-кхобучуьнца а массо кураваьллачух‚ хьесапан /къемат/ дийнах ца тешачух".

28.

ФирIавнан доьзалах цхьана иман диллинчу и шегахь хьулдеш волчу стага элира: "Аша воь ткъа стаг цо аларна "сан дела АллахI ву"?. Ткъа иза шуьга шун Кхиош-кхобучуьнгара билгалонашца ма веъна. Иза харцлуьйш велахь - цуна шена ю-кх и харцо. И бакълуьйш велахь - цо шуна хир ду бохучех цхьадерг хьакхалур ма ду шух. Баккъалла а, Дала нис ца во ша тIаламза верг а‚ тIех харцверг а.

29.

ХIай сан къам‚ шуна ду паччахьалла тахана‚ шу толаме долуш лаьттахь‚ хьан гIо дийр ду вайна Делан ницIкъах /кIелхьарадовла/ и вайга беъча?" ФирIавно элира: "Аса шуьга ца гойту сайна гушдерг а бен‚ аса шу нис ца до нийсонан новкъа бен".

30.

Иман диллинчо элира: "Сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна тобанийн де санначу дийнах.

31.

Нухьан къаман а‚ Iадийн а‚ Самудийн а‚ царел тIаьхьа хиллачаьрийн Iадатах тера /ду-кх хIара аша лелориг/. Дела ма вац зулам лууш Шен лешна.

32.

ХIай сан къам‚ баккъалла а, со кхоьру шуна вовшашка кхайкхаран дийнах.

33.

Шу духадовду долчу дийнах - ма вац шуна Делера цхьа а гIоьнча. Дала тилавала витинарг - ма вац цуна цхьа а нисвийриг.

34.

Шуьга веара хьалха Юсуф билгалонашца шу лаьтташ ду шеконехь иза шуьга шеца веанчух. Иза хIаллак хилча аша элира: "Ваийтанне а воуьйтур ма вац Дала цул тIаьхьа элча". Ишта тилавала вуьту Дала ша тIаламза верг а‚ шеконехь верг а.

35.

Шаьш Делан аяташкахь къуьйсуш болу  шайга еъна бакъо а йоцуш. Боккха хили /цаьрга болу/ цабезам Далла гергахь а‚ иман диллинчаьрийн гергахь а. Ишта муьхIар туху Дала курадаьллачу‚ /нахана/ ницIкъбечу дагна тIе.

36.

ФирIавно элира: "ХIай ХIаман! ЮгIа суна гIала‚ со кхиа тарло некъашка.

37.

Стигланийн некъашка. Мусан делан тIекхочур ву со. Баккъалла а, суна хета и /Муса/ харц ву аьлла". Иштта хаздина ФирIавнана цуьнан балхан вониг‚ дIахьовзина иза /нисчу/ новкъах. ФирIавнан мекарло ма яц хIаллак хилар чохь бен.

38.

/ТIаккха/ элира иман диллинчо: "ХIай сан къам‚ суна тIаьхьахIотта‚ аса нисдийр ду шу нийсонан новкъа.

39.

ХIай сан къам! Баккъалла а, хIара дуьненан дахар /кIеззиг/ зовкх хьегар ду‚ ткъа эхарт - иза ду чIагIонан цIа.

40.

Вониг динарг - цуна бекхам хир бац и санначуьнца а бен. Диканиг динарг‚ стаг велахь а‚ зуда елахь а‚ ша муъма а волуш - уьш ялсамани чу гIур бу‚ царна рицIкъ лур ду цу чохь хьесап а доцуш.

41.

ХIай сан къам! Аса хIунда кхойкху шу кIелхьарадовларе‚ аша со кхойкху цIарга?

42.

Аша со кхойкху аса Далла керстаналла даре‚ аса Цуьнца накъост лацаре суна шеца цхьа а Iилма доцург‚ ткъа аса шу кхойкху Ша везза а‚ тIех гечдийриг волчуьнга.

43.

Дера аша-м кхойкху со шена дуьненахь а‚ эхартахь а цхьа а кхайкхар доцучуьнга‚ ткъа вайн дIадерзар Деле ма ду‚ ткъа тIаламза берш - уьш ма бу /жоьжахатин/ цIеран дай.

44.

Шуна тIаьхьа дагадогIур ду аса шуьга дуьйцург. Аса сан гIуллакх Деле дIало. Баккъалла а, Дела ву-кх /Шен/ леш гуш".

45.

Дала хьалхаваьккхира иза цара йинчу мекарлонан вонах. Хьакхаделира ФирIавнан доьзалах Iазапан вониг.

46.

ЦIе - цуна тIе уьш кхуьссур бу Iуьйрана а‚ суьйрана а‚ сахьт хIуттучу дийнахь /кхайкхар хир ду цаьрга/: "Чу бохка ФирIавнан доьзал уггар чIогIачу Iазапна".

47.

Вовшашца къийсаме баьр бу уьш цIаргахь‚ гIийлачаьра эр ду курабаьлла хиллачаьрга: "Баккъалла а, тхо дара шуна тIехьахIиттина /дуьненахь аша бохург деш‚ хIинца/ аша дIадоккхий тхоьх цIеран /Iазапах/ цхьа дакъа?"

48.

Шаьш курабелла хиллачаьра элира: "Баккъалла а, вай дерриге цу чохь /цIаргахь/ ду-кх. Баккъалла а, Дала хьукам дина лешна юкъахь".

49.

Эр ду цIаргахь болчаьра жоьжахатин гIаролашка: "Кхайкха шайн Кхиош-кхобучуьнга‚ дайде ала тхуна тIера Iазап цхьана ден мукъане а".

50.

Цара /жоьжахатин гIаролаша/ эр ду: "Шуьга бохкуш ца хилира шун элчанаш билгалонашца?" Цара элира: "ХIаъ". Элира /гIаролаша/: "Кхайкха шаьш!" Керстанийн кхайкхар ма дац тилар чохь бен.

51.

Баккъалла а, Оха гIо дийр ду Тхан элчанашна а‚ иман диллинчаьрна дуьненан дахарехь а‚ тешаш хIуттучу /къемат/ дийнахь а.

52.

Оцу дийнахь зуламхошна пайда бийр бац церан бехказлонаша. Царна неIалт ду‚ царна /эхартан/ цIийнан боьханиг ду.

53.

Оха белира Мусага нийса некъ‚ ирсана дитира Исраилан кIенташна жайна.

54.

Нийса некъ а‚ хьехам а /хилла долу/ хьекъал долчаьрна.

55.

Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда - хьакъ-бакъ ю‚ гечдар деха хьан къина‚ тасбахь де хьан Кхиош-кхобучунна хастам барца сарахь а‚ Iуьйранна а.

56.

Баккъалла а, Делан аяташкахь шайга еъна цхьа а бакъо йоцуш къуьйсуш берш - баккъалла а, церан кийрахь ма яц куралла бен‚ уьш шена тIе кхуьур йоцу. Ларвалар лаха Делаца. Баккъалла а, Иза ву хозуш верг а‚ гуш верг а.

57.

Ткъа стигланаш а‚ латта а кхоллар мелхо а доккха ду нах кхолларал‚ делахь а дукхох болчу нахана ца хаьа-кх.

58.

Нис ца ло бIаьрсаза верг а‚ гуш верг а‚ иман диллинарш а дика Iамалш йинарш а‚ вониг деш верг а. КIеззиг ду-кх аша ойла йийриг.

59.

Баккъалла а, сахьт догIур долуш ду шеко яц цу чохь‚ делахь а дукхох болу нах тешаш бац-кх.

60.

Шу Кхетош-кхиичо аьлла: "Соьга кхайкха - Аса жоп лур ду шуна".Баккъалла а, шаьш Суна Iибадат дарх кураболуш берш - чугIур ма бу жоьжахатина кIелбисина.

61.

Дела ву хилийтинарг шуна буьйса шуьга садаIийта шена чохь‚ де а /шуна/ серло луш. Баккъалла а, Дела ниIмат долуш ву-кх нахана /дала/‚ делахь а дукхох болчу наха баркалла ца олу-кх.

62.

И ву-кх АллахI‚ шун Кхиош-Кхобург‚ массо хIуманан кхоллархо. /Кхин/ дела вац Иза воцург. Ма Iехийна шу /генадаьхна бакъдолчух/.

63.

Ишта а Iехийна /генабаьхна бакъдолчух/ Делан аятех ца тешаш хилларш а.

64.

Дела ву динарг шуна латта чIагIо хилла‚ стигал гIишло хилла‚ шуна куцаш динарг‚ хаздина Цо шун куцаш, цIеначу хIуманех рицIкъа делла шуна. И ву АллахI - шун Кхиош-кхобург. Беркате хили Дела - Iаламийн Да.

65.

Иза дийнаверг ву‚ /кхин/ дела вац Иза воцург‚ кхайкха Цуьнга‚ цIандеш Цуна дин. Хастам бу Далла - Iаламийн Дена.

66.

Ахьа ала: "Баккъалла а, суна дихкина Iибадат дан аша Дела витина /шайга/ кхойкхучаьрга сан Кхиош-кхобучуьнгар соьга билгалонаш еъначул тIаьхьа‚ суна омра дина Iаламийн Дена муьтIахь хилар".

67.

Иза ву шу кхоьллинарг поппарах‚ тIаккха тIадамах‚ тIаккха детанчу цIих‚ тIаккха бераш хуьлий ара доху шу‚ тIаккха шайн ницIкъане кхачийта‚ тIаккха шух къена нах хилийта. Шух ву хьалха леш верг а. /И кхиэл йина Дала/ шу тоьхначу ханна тIекхачархьама а - шу хир дацара-те хьекъале.

68.

Иза ву денволуьйтург а‚ волуьйтург а. Шен /цхьана/ гIуллакх тIехь сацам хилча‚ Цо олу цуьнга: "Хила!" - иза хуьлу.

69.

Хьуна ца го и Делан аяташкахь къуьйсуш берш. Ма йистах баьхна уьш /бакъдолчух/!

70.

/Уьш бу/ шаьш харцдинарш жайна а‚ Оха шеца Тхан элчанаш баийтинарг а. ТIаьхьа хуур ду-кх царна!

71.

Шайна лагех буржолаш а тоьхча‚ зIайнаш а /ехкича/ такхор бу уьш

72.

Кхахкина хи чу‚ тIаккха цIаргахь багор бу.

73.

ТIаккха олура /ду/ цаьрга: "Мичахь ду аша /Делаца/ накъост лоцуш хилларг

74.

АллахI воцург?" Цара элира: "ДIатили уьш тхоьх. ХIаъ‚ тхо дацара кхойкхуш хьалха хIуманне а".  Ишта тилабала буьту Дала керстанаш.

75.

И /Iазап ду шуна/ лаьттахь цхьа а бакъо а йоцуш даккхидераш хиларна а‚ шу тIех хазахеташ хиларна а.

76.

Чу гIо жоьжахатин неIаршкахула гуттарена цу чохь лаьтташ. Ма вон чохь Iен меттиг ю-кх курабевлачаьрийн!

77.

Собар де‚ баккъалла а, Делан ваIда хьакъ-бакъ ю. Оха гайтанне а гойтур ма ду аьллачех цхьадолу хIуманаш я Оха волуьйтур ву хьо - тIаккха Тхуна тIе дIаберзор бу уьш.

78.

Оха баийтинера элчанаш хьоьл хьалха а‚ царех Оха хьуна бицинарш а бу‚ царех Оха хьуна бийцаза берш а бу. Бакъхьа ца хилла цхьанне элчана цхьа а аят дан Делан пурба доцуш. Делан омра деъча - сацам хилира бакъдолчуьнца - кхузахь ийшира /дин/ харцдеш хилларш.

79.

Дела ву шуна бежнаш динарг: царех /цхьадерш/ шуна тIеховжа‚ царех /цхьадерш/ - шуна даа.

80.

Шуна цаьргахь /кхин/ пайданаш а бу‚ аша церан тIехь кхочушдархьама шайн дагахь долу хьашт‚ церан тIехь а‚ кемана тIехь а шу дIасхьалеладо.

81.

Цо гойту шуна Шен аяташ‚ муьлхачу Делан аятана аша инкарло йо?

82.

Уьш ца лела лаьттахула‚ ца хьожу-те‚ муха хилла царел хьалха хиллачаьрийн тIаьхье? Уьш ма бара мелхо царел дукха‚ ницIкъаца а‚ лаьттахь /дуьтучу/ асарца а мелхо чIогIа а - кIелхьара ма ца бехира уьш цара гулдешхиллачо.

83.

Цаьрга баьхкича церан элчанаш билгалонашца‚ баккхибийдира уьш шайгахь долчу Iилманца‚ царех хьакхаделира цара ша сийсазадеш хилларг.

84.

Шайна Тхан ницIкъ гича‚ цара элира: "Оха иман дилли веккъа цхьана Деле‚ Оха керста дина тхаш Цуьнца накъост лоцуш хилларг".

85.

Ца хилира царна пайдехь церан иман Тхан ницIкъ беъначул тIаьхьа. Делан Iадат /ду иза/‚ Цуьнан лешкахь ша чекхделла долу. Ийшира кхузахь керстанаш.